Пхийттара ваьлла Воккха-Дадин кIентан воI. Мукъа волчу хенахь дедас даима а шеца цхьаьна вуьгура иза дикане а, вуоне а. Цундела кIантана цунах доккха беркат даьллера, юьхьанца ишттачу меттигашка лелар кIантана аьрхо хеташ хиллехь а, къанойх самукъадалар кIезиг хиллехь а. Цаьрга ладегIа, цара лелочун тидам бан воьлча цунна марзделлера шен дедеца дIасавахар. «Воккха-Дада, со волий хьоьца, со оьшур вуй хьуна?», – олий хоттура цо воккха стаг цхьанхьа ваха кечлуш хааделча. Дедас цкъа а «хIан-хIа» ца олура. Хьикмате вара иза. Хаьара кIентан дагахь дерг. Цо, тезета ваха араволуш, кIант шена тIаьхьа хIоттавора: «Хьо суна аьрру агIор а, цхьа гIулч тIаьхьа а сацалахь» олий. Юха, некъаца дIавоьдуш тайп-тайпана хьехамаш бора. «Мохьмад, тезетан гIиллакхаш жимачохь Iамо деза, воккха хилча Iемаш дац уьш. Жима волуш баккхийчара дечун, дуьйцучун тидам бича, иза иэсехь латтийча Iемаш ду…».
Тахана а тезета ваха араваьллера и шиъ. Воккха-Дада, паргIатчу боларехь, Iаса а луьйзуш воьдура, лаьтта бIаьра а хьоьжуш. Цунна аьрру агIор а хIоьттина, цхьа гIулч тIаьхьа вогIура Мохьмад, кест-кеста дадин тидам а беш. КIантана хIинцале а хаьара вуон деанчеран керта кхаьчча ша дан дезарг, хаьара шен меттиг мичахь ю. Иза къийлалуш а вацара. Делахь а векхавелла а вацара. Кхоьлина вара. Цунна дагахь дара Воккха-Дадас дийцинарг: «Нехан вуоне воьдуш хиларе терра хила деза тIехь долу духар. Хаза дац дукха къегина вахар. Коьртахь куй я пес хила еза. Баккхийчарна ца дезало цхьаъ тезета шляпа я хурашка тиллина веача, къаьсттина Кунта-Хьаьжин вирдехь болчарна. КоьртаIуьйра нехан вуоне ваха мегаш дац. Цхьалхачу кучаца вахар а къобал ца до къаноша, пхьуьйшаш доцу коч юьйхина вахар-м муххале а. Кога пошмакхаш туьйдина тезета ваха-м къонахчунна шена а эхь хета дезара.
Бусалба дино а, вайн дайн Iадаташа а тIедожош дац тезета Iаьржа бедарш юьйхина вахар. Вайн гIиллакх дац иза. Керста динера я кхечу къаьмнийн гIиллакхашкара схьаэца хьийзош хIума ду.
Тезет долчу керта вахале, жимма соцунгIа а хилла, дIаса а, тIехьа а хьажа веза. Нагахь санна герга кхаь- чна, тIевогIуш верг велахь, иза тIекхаччалц собар дан деза, иза вевзаш вацахь а. ТIекхаьчначаьрца цхьаьна ханна хьайл воккханиг я Iилма алсамдерг велахь, иза хьалха а ваьккхина кадам схьаоьцучарна тIеваха веза. Царна тIекхача пхи-ялх гIулч йисинчу хенахь, саца а сецна, хьалхаваьллачо салам дала деза. ДоIа де баха ца оьшу. Кадам схьаоьцучо, тIевеанарг воккха стаг я Iеламстаг велахь, доIадар цуьнга дIакховдадо: «Хьенех, ахь дехьа доIа», – олий. Цо «амин» аьлла, иза юхадерзийча, бухахь волчуьнгахь дуьсу доIадар. ДоIа дина бевлча, тIевеанчо кадам бо. Кхелхинарг пхийттара ваьлла велахь: «Дала гечдойла, Дала къинхетам бойла, Дала ялсаманин хьаша войла (йойла)…», – аьлла, кадам бан беза. Нагахь санна кхелхинарг ворхIара далаза бер делахь: «Дала эхартана пайде войла (йойла) иза», – аьлла, кадам бича кхачаме хир ду. Цул тIаьхьа тIевеанарг тезетан дайн куьйг а лоцуш, кхета везачунна мара а кхеташ, чекхвер ву. Цул тIаьхьа шега хаа аьллачу метте охьахуур ву, дукха дехарш ца дойтуш.
Нагахь с анна куьглацар а, маракхетар а вайн гIиллакхашца догIуш доцу нах тезетахь охьахевшина болчарна юкъахь белахь (гергарлонца, захалонца, воккхаллица), кадам а бина, юьстах а ваьлла дIахIотта веза я хьайна билгалйинчу метте охьахаа веза.
Тезетахь нах охьаховшаран а ду шен гIиллакх. Iеламстаг, кадам схьаэца, коьрте хааво. Цунна юххе ховшу къаной, Iеламнах, воккха-воккханиг аьтту агIор, лакхахьа а хууш, ткъа кхелхинчун верасаш – тезетан дай – аьрру агIор а ховшуш. И кеп ларъеш хилча тезета веанчунна хаьа верасаш муьлхарнаш бу, ур-атталла юьртара, кIоштара воцучунна а …».
Цундела, тахана Воккха-Дадина тIаьхьа а хIоьттина воьдуш волчу жимачу Мохьмадна хийра дацара тезетан гIиллакхаш. Цунна дика хаьара тезета воьдуш а, цига дIакхаьчча а ша дан дезарг. Дадас ма хьехнера цунна: «Къонаниг, кадам биначул тIаьхьа, баккхийчарна юккъе охьа хаа ца гIерташ, цара дуьйцург хезар долччу а ваьлла, дIахIотта веза. Вист а ца хуьлуш. Iеламнаха, къаноша беш болчу хьехамашка ладогIа деза. Цунах тIаьхьа, жовхIарех санна, пайда хир бу.
Куьйгаш хаьнтIе а дехкина, аркъал а теIаш, ког дIа а тесна я кисанашка куьйгаш а доьхкина тезетахь латтар гIиллакхе а, оьзда а, товш а дац…». Дагара ца довлура кIантана дадас аьлла и хьекъале дешнаш ша нехан вуоне кхаьчча. Даиманна а цуьнан иэсехь дисинера уьш, хIара гIиллакхийн зила тIехь сецош.
Тезет долчу керта кхачале кхин а масех стаг кхийтира кху шиннах. Царалахь уггаре а жиманиг Мохьмад вара. Цуьнга хьаьжжина, хIинца оцу тобанехь тIаьххьара а, аьрру агIор а вара иза. Ткъа Воккха-Дада – хьалха. «Ассаламу Iалайкум», – аьлла, салам делира цо хIорш тIебогIуш кхарах бIаьрг кхетча хьалагIевттинчу тезетан охIланашка. Салам схьа а эцна, юьртан маьждиган имама: «Абубакар-Хьаьжа, ахь дехьа доIа», – аьлла, дехар дира, гIиллакх хIоттош. ХIокхо кховдо ма езза цуьнга юхакховдийра доIадаран бакъо. Делахь а, шолгIа а шега дехар дича, Воккха-Дадас «АлхьамдулиллахI» аьлла, доIина куьйгаш лецира, ца девзачарна тезетан кхин цхьа гIиллакх а довзуьйтуш.
ДоIа а, кадам а биначул тIаьхьа, тезетахь доIа деш хиллачо: «Абубакар-Хьаьжа, схьаволахь, суна юххе охьахаахьа», – аьлла, иза шена юххе охьахаийра. ТIаккха бен охьа ца хевшира хIорш тIебогIуш гIевттинарш.
Мохьмад, кегийрхошна тIевахана, цаьрга кадам бина, ши куьг букъа тIехьа дахийтина, дIахIоьттира. Кхузахь а дагадеара цунна дадас масех шо хьалха шега аьлларг: «Тезета ваханарг шега дIагIо аллалц латта (Iан) веза цигахь. Дага ма деъанехь, кех ваьлла дIаваха мегар дац. Шега «дIагIо, Дела реза хуьлда, хьан зерат къобалдойла, хьан декхар чекхдаьлла, вайн кхузахь кхин беш болх бац», – аьлча, юха а кадам беш: «Дала декъалвойла (йойла), Дала ийманца собар лойла», – аьлла, дIаваха веза, корта таIIийна. Цкъа а, шозза а дIагIо аьлча а дIа ца воьдуш, «со жимма соцур ву», – бахар вайн Iадатехь дац.
Кхин цхьаъ а ду. Хийра нах, кхечу ярташкара нах тезетахь дукха латтор а дац вайн халкъан гIиллакхашца догIуш. Уьш шен хенна дIабахийта беза. Ткъа уьш дIабахийт ар иштт а лелла вайн дайшна юкъахь. Хьалхарчу дийнахь веана хийраниг кхузза доIа диначул тIаьхьа (кхо тоба тIееана доIа диначул тIаьхьа) дIавохуьйтуш хилла, кхин ца латтош. ШолгIачу дийнахь – «КъулхIа» а дешна. Ма-дарра аьлча, тезетан хьалхара де юьртахойн ду. Оцу дийнахь кхелхинчун верасийн дан дезарш дукха хуьлу: маха байтар, каппарат даккхар, искъад дар, и.дI. кх. Цундела церан хьешан, хийрачун ларам бан, тидам бан хан кIезиг хуьлу. Делахь-хIета, оцу хьалхарчу дийнахь Iад а Iийна, кхечу юьртара, кIоштара, шахьарара нах тезета шолгIачу дийнахь бахар нийса лерина. ШолгIий, кхоалгIий денош хьешийн лерина ду…».
И дерриге а дика хууш волчу къоначу Мохьмадна дика гора цхьаберш, шаьш нехан вуоне даьхкина хилар дицдина, юьстахбевлла, тобанаш йина лаьтташ а, вовшашна тIе а теIаш хабарш дуьйцуш а, шаьш хевшинчуьра гIовттий, кех буьйлуш дIабоьлхуш а. Ханна кхул дикка баккхий бара уьш. Тезетан гIиллакхаш ца девзаш хуьлийла дацара уьш кхунна хетарехь.
Воккха-Дадас, кхечаьрга олуш а дукха хезнера цунна: «Юьртахь тезет даьллехь, сихха цига дIаваха веза. Орца оьшуш, вуон деана меттиг ю иза. Дан дезарш дукха хуьлу хьалхарчу дийнахь. Цигахь дакъалаца деза. Дан хIума дацахь а, дIагIо бохуш вуон деанарш а бацахь, хьо-хьуо могашалла галъяьлла а вацахь, маха бина баллалц а, докъа ламаз дина бовллалц а, кхелхинарг кешнашка дIаваххьалц а, цига дIаваьхьча, дIаволлалц а Iар мелехь, гIиллакхе ду. Оцу берриге а белхашкахь шен ницкъ кхочучу барамехь дакъалаца деза. Хьайна белхи беш ма ву хьо. Даима нехан керта догIуш а хир дац вуон. Мулкул-Мовт массеран а керта хIуттур долуш ду…
Кхелхинарг дIаволла вахча, юьстахваьлла, дуьненан къамелаш деш Iан мегар дац. Цигахь бан безачу балхахь дакъалоцур дацахь, кешнашка ваха оьшуш а дац. Цхьана шайна ял хир яц цунна».
Баккъал а, нохчийн халкъан гIиллакхийн хазна яра Воккха-Дада. Иза Мохьмадна хиъна ца Iаш ерриге а юьртана а хаьара. Цунах дагабовла кхечу ярташкара нах а оьхура. Тахана, лаьттах яйн Iаса а Iуьттуш, лаьтта бIаьра а хьоьжуш Iачу шен деден тидам беш Iаш волчу Мохьмада дозалла дора ша цуьнан кIентан воI хиларх. «АлхьамдулиллахI!» аьлла, Далла хастам бира цо. Юха доIа дира: «Веза а, Сийлахь а волу Дела, тхуна дуккха а латтавехьа Воккха-Дада», – аьлла.
С.ДАДАЕВ
№23, еара, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2017 шо