2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь дерриге а халкъан референдумехь Нохчийн Республикин Коьрта закон тIеэцна 14 шо кхаьчна.
И де билгалдаьккхира 2017-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу театран-концертийн залехь.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Тагаев Султана, республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Жамалдаев Шаида, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, кхечу министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхоша, Къилбаседа Кавказан регионашкарчу делегацеша, иштта, динан урхаллин а, юкъараллин а, интеллигенцин а, кегийрхойн боламийн а векалша.
Официальни дакъа дIадоладале гулбеллачу хьешашна Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанис кечйина референдуман хьокъехь документальни фильм гайтира.
Цул тIаьхьа, официальни дакъа схьа а диллира, дIа а даьхьира Даудов Мохьмада. Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнаш хазийтинчул тIаьхьа, цо нохчийн халкъ декъалдира Конституци тIеэцначу денца.
– Конституци вайн бакъонийн коьрта кехат, вайн мехкан паспорт ду. 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-гIа де вайн къоман а, мехкан а керлачу историн хьалхара де ду. Цу дийнахь вайн халкъо тIеэцна керла Конституци. Делан къинхетам хьалха а баьлла, вайн республикин хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжех бахьана а хIоьттина, нохчийн халкъо Конституци тIеэцна де ду вай тахана даздийриг.
Юкъараллехь цхьаалла а, барт а хиларна бух хилла дIахIоьттира республикехь Конституци тIеэцар. Референдум бахьана долуш билгалбаьккхира республикин политика а, социальни дакъа а, экономика а кхиоран некъ. Цул тIаьхьа вовшахтуьйхира Iедалан органаш, МВД, бакъонаш ларъяран кхийолу структураш, дIадолийра вовшашна юкъахь йолчу галморзахаллаша декъна халкъ цхьаьнатохар, иштта йохийна гIаланаш, ярташ меттахIиттор а, республикин хьалха хилла сий-ларам меттахIоттор а, – бохура Даудов Мохьмада.
Цул тIаьхьа, дош Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна делира.
– Бакъо тоьлла де ду вай тахана даздийриг. Цул хьалхарчу шерашкахь вайгахь латтийна Iазап дагадогIу хир ду шуна. Вайна ма-хаъара, референдум дIаяхьаран гIуллакх юкъадаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Иза тешна вара Россин Федерацин бакъонийн хорша республика юха ца ерзийча терроризм сацо ницкъ кхочург цахиларх.
Россерчу дукхах болчу политикашна референдум дIаяхьа хьалхе ду аьлла хетара. Конституци тIеэцале дан дезарш дуккха а ду бохура, тIамана юккъехула референдум дIаяхьалур яц бохура. Делахь а, Ахьмад-Хьаьжа тешна вара референдум дIаяьхьчий бен Нохчийн Республикин бахархой маршоне кхочург цахиларх. Цо даима а олура: «Халкъах дагадовла вай! Халкъана хIун лаьа хьовса вай!».
Иза чIогIа тешара шен халкъах. Цу тIехь и гал а ца велира. Республикин дукхах болчу бахархоша (96 процент) кхаж тесира Россина юкъахь дахарехьа. Иза цIеначу даггара бина харжам бара. Вайн нохчийн исторехь доккха маьIна долуш ду бекарг (март) беттан 23-гIа де. ХIокху 14 шарахь вай дан кхиънарш дуккха а ду. Ахьмад-Хьаьжас болийна некъ беркате хиларна билгало ю вайн тахане. Вайнехан тахане а, кхане а ирсе хилийта болийна некъ бу хIара. Дала декъалдойла шу дезачу денца! ХIокху некъа тIехь кхелхинчеран Дала гIазот къобалдойла! – элира Кадыров Рамзана.
Цул тIаьхьа вистхиллачу республикин Парламентан Председателан заместитела Жамалдаев Шаида дийцира референдум ечу дийнахь тIеIиттаеллачу халонех лаьцна: «2003-чу шеран 23-гIа март – иза вайн къоман а, мехкан а керлачу историн хьалхара де ду. Цу дийнахь вайн халкъо тIеэцна шен мехкан керла Конституци. Тахана и Конституци вайн мехкан паспорт хилла дIахIоьттина.
Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжа цкъа хьалха ерриге а республикин кIошташкахула чекхвелира, халкъан лаамаш, хьежамаш бовза йолчу Iалашонца, цул тIаьхьа тIамах бевдда луларчу регионашка баханчу нахаца къамелаш деш чекхвелира иза. Шен халкъан лаамаш, церан сатийсамаш бевзинчул тIаьхьа, юьхьарлецира цо и хала некъ. Делан къинхетамца, цуьнан аьтто а хилира цу тIехь. Шен халкъана луъург лууш вара иза, цундела везаш тIеийцира иза дерриге а халкъо», – элира цо.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ хьакъ доллучу кепара дIакхоьхьуш цуьнан кIант Нохчийчоьнан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан хиларх лаьцна дийцира Нох- чийчоьнан Прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис: «Нохчийчоьнан Куьйгалхочун урхаллица де-дийне мел дели кхуьуш ю Нохчийн Республика. Нохчийн Республикин Коьрта закон тIеэцначул тIаьхьа дIадаьллачу 14 шарахь регионехь Iаламат баккхий хийцамаш хилла. Россин Федерацин тоьллачу субъектийн могIаре дIахIоьттина вайн республика. Инвесторшна шайн харжаш юкъаяхкарна уггаре а бегIийла а, тешаме а хета вайн мохк. Кхиарехьа боьдучу некъана, шеко йоццуш, кхачо йо Коьртачу законо. Цуьнца ехаш ю Нохчийчоь».
Иштта, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата а довзийтира халкъан дуьхьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дина мехала гIуллакхаш.
– Вайна ма-хаъара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа лууш вара хиндолчун харжам халкъо ша бойла. Иза кийча вара оцу референдуман муьлхха а жамIаш тIеэца. ХIунда аьлча, цунна массо хIуманал а деза дара халкъан хьашташ. Цул сов, иза машар безаш стаг вара, цкъа а тIом баре ца кхайкхина цо. Сийлахьчу Къуръанца а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), суннатца а догIуш доцург цхьа а хIума дийр долуш вацара Ахьмад-Хьаьжа. Цундела бара цо хаьржинарг нийса некъ, – элира Д.Умаровс.
Официальни дакъа дерзийначул тIаьхьа Нохчийчоьнан эстрадин артисташа зевнечу эшаршца, хелхаран ансамблаша башхачу хелхаршца самукъадаьккхира гулбеллачеран.
Хь.ДАУДОВА
№24, шинара, бекарг (март) беттан 28-гIа де, 2017 шо