ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан театран-концертийн залехь Культурин белхахочун денна лерина даздарш дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Даздарш дIадолош вистхилира Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди:
– Хууш ма-хиллара, 2007-чу шарахь Россин Федерацин Президентан Указаца бекарг (март) беттан 25-гIа де Культурин белхахочун де ду аьлла дIакхайкхийна ду. Уггаре а хьалха стага ларъян езашъерг культура ю. Вайн республикехь культурин декъехь къахьоьгуш дуккха а кхоллараллин адамаш ду. Культурин гIишлош тоеш, керланаш еш дIахьош белхаш бу. Кхечу республикашкахь дIахьочу концерташкахь а, фестивалашкахь а дакъалаца дIахьовсийначу вайн республикерчу векалша тIедуьйхина оьзда нохчийн духар хиларца а, шайн хьуьнаршца а юьхькIоме дIагойту Нохчийчоь а, вайн къоман культура а. Культурин белхахошна болх бан хьелаш кхоьллина а ца Iаш, царна чубаха хIусамашца а гIодеш схьайогIуш ю Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Федерацин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу юкъараллин региональни фонд. Баркалла ала луур дара цунна куьйгалла дечу Кадырова Айманина», – элира цо.
Иштта, шен къамелехь Культурин министра хаийтира, Культурин белхахочун денна лерина «Заманхо» ансамбло концерт лург хилар.
Культурин белхахой корматаллин денца декъал а беш вистхилира Кадыров Рамзан:
– Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олуш дара: «Культура йоцург къам дац». Вайн махкана уггаре а хала еанчу хенахь хаддаза къахьийгира цо культура меттахIотторехь. Культурин белхахоша хьоьгург доккха къа ду. Цхьаболчарна моьтту хелха ваьлча, йиш лекхча цунах культурин белхахо хуьлу. Иза иштта дац. Хаза духар а дуьйхина, уьш сцени тIе бевлча, хета, церан болх атта бу, олий. Амма сцени тIе бовлале цара хьоьгуш долу къа ца го. Бакъду, цунах кхетар ву, масала, хелхаран ансамблан цхьана репетицехь хилларг. Культурин министерствон белхахой вайна чIогIа оьшуш бу. Культурин декъехь къахьоьгучеран дай-наношна а къаьсттина баркалла ала луур дара суна.
«Нохчийн Республикин хьакъволу артист», «Нохчийн Республикин халкъан артист» цIершца а, Сийлаллин знакашца а билгалбехира культурин тоьлла белхахой. «Заманхо» ансамблан коллективана ахчанца совгIаташ дира юкъараллин региональни фондо. Цул тIаьхьа «Заманхо» ансамбло концерт елира.
З.ЛОРСАНОВА
№24, шинара, бекарг (март) беттан 28-гIа де, 2017 шо