Бекарг беттан 23-гIа де – вайн керлачу дахаран юьхь

Оцу денна лерина Соьлжа-ГIаларчу Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон актови залехь цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикехь Конституци тIеэцарна, референдум дIаяхьарна кечамбаран ДIадолоран тобанан а, Координационни Советан а декъашхой.

миннац2

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела, референдум дIаяхьарна кечамбаран Координационни Советан председатела Жамалдаев Шаида, иштта, референдум дIаяхьаран ДIадолоран тобанан декъашхоша: Таймасханов Хьусайна, Вагапов Мусас, Умхаев Хьамзата, Газиева Азас.

Цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира Умаров Джамбулат. Цо элира:

– «ХIокху дийнахь дерриге а Нохчийн халкъо дагалоьцу Нохчийн Республикин Конституцина бух биллина волу Нохчийчоьнан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Дуккха а баланаш лайначу нохчийн лаьтта тIехь машар хилийтархьама шен дахар дIаделла цо. Вай гуттар а баркаллица йоккху цуьнан цIе».

Цул тIаьхьа бистхиллачара дуккха а дийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжех а, цуьнца цхьаьна оцу некъа тIехь хиллачарех а лаьцна.

Нохчийн Республикехь референдум дIаяхьаран ДIадолоран тобанан декъашхочо Таймасханов Хьусайна дагадаийтира оцу кхерамечу дийнахь халкъ кхаж таса арадаларх лаьцна.

«Нохчийн халкъана хаьара Кадыров Ахьмад-Хьаьжех теша мегар дуй. Вайнехан бакъволу къонах вара иза. (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Цунна коьрта дара Нохчийчохь машар хилар, халкъан лаам кхочушбар. Цундела хаьржира иза халкъо», – бохура Хь.Таймасхановс.

Жамалдаев Шаида а дийцира Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарна лерина хилла йолу референдум цу халачу муьрехь дIаяхьарх лаьцна.

«Республикин бахархой тIамо кIад а бинера, гIел а бинера. Сацо безаш бара тIом. Республикехь нах идор а, уьш тIепаза бар а дара дIадаккха дезаш. И дерриге а дан дагахь вара оцу муьрехь Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хилла волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Вайна ма-хаъара, Россин Федерацин Президента Путин Владимира хIоттийна вара иза оцу дарже. Ткъа Ахьмад-Хьаьжина ша халкъо харжа лаьара. ТIеэцна Конституци яцара, Президент а, Парламент а харжаран хьокъехь законаш дацара, уьш ца хилча республикин Iедалан цхьа а орган хила йиш а яцара. Вайн республикин Конституци цахиларо, вайн махкахь нохчийн Iедал дIахIоттон а, машар бан дуккха а дуьхьалонаш йина. Вайна дагадогIу Конституци тIеэцарна лерина йолу референдум халачу а, чолхечу а муьрехь дIаяьхьна хилар. И хала зама, Делан къинхетамца, дIадахначу шерашкахь йисина. Ткъа тахана Нохчийн Республика денна кхуьуш йогIуш ю. Вайн республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан бахьанехь дуккха а кхиамаш хилла вайн махкахь. Дан дезаш а, дан дагалаьцна а дуккха а ду цуьнан. Ас гуттар а олуш ду кегийрхошка, царна хаа деза вайн халкъо таханлера маршо хIун мах белла яьккхина», – элира цо.

Хь.БАХТАЕВА

№24, шинара, бекарг (март) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: