Берийн бешахь берашна еттар гучудаьлла
Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски районан прокуратуро таллам бича гучуделира берийн «Орленок» бешахь кегий бераш кхетош-кхиорехь хьакъ доллу гIуллакхаш деш цахилар. Талламо гайтира кхетош-кхиорхочо Батырова Лайсас кегийчу берашна хаддаза етташ хилар. Иза чIагIдора талламан камерша дIаяздинчо.
РФ-н УК-н 37-чу статьяца нийса а догIуш, районан прокуроран заместитела бинчу талламан материалаш талламан органе дIаяхьийтира бехке еш ерг уголовни жоьпе озоран хьокъехь долу гIуллакх къастийна цхьалхадаккхийтархьама. Царна тIе а доьгIна, Батырована дуьхьал уголовни гIуллакх долийна РФ-н УК-н 156-чу статьяца нийса а догIуш (кхиазхошца йолчу юкъаметтигашкахь педагогин белхахочо шен декхарш хьакъ ма-дду кхочуш ца дар, берашца къизалла гайтар тIе а тухуш).
Уголовни гIуллакх къастор республикин Прокуратурин къаьсттина болчу талламехь лаьтташ ду.
Полицин белхахочунна кхерам тийсарна…
Республикин прокуроран заместитела Мельник Павела РФ-н СК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллин куьйгаллера лехам бина уголовни гIуллакх толлучу хенахь дийлийтина долу федеральни законан талхораш дIадаха, бехке лоруш волу Витиев Сайд-Iали хьем ца беш лаца а лоцуш, цул тIаьхьа иза чуволлийта суьде бакъо а йоьхуш.
Талламхоша чIагIдарехь, 2014-чу шеран I8-чу августехь Невран районерчу Чернокозово поселкехь малар мелла волу Витиев шена евзаш йоцчу шина йоIаца эвхьазваьллера. Юххехула машенахь тIехволуш волчу полицин белхахочо цуьнгара лехира бакъонца догIуш доцу гIуллакхаш сацор. Маьттаза бага а етташ, урс даьккхина, юкъараллин къепе ларъеш волчунна кхерам а туьйсуш, Витиевс цунна юьхьа тIе буй туьйхира.
Оцу бакъдолчунна тIе а тийжаш, Невран МСО-н талламхочо уголовни гIуллакх долийна Витиевна дуьхьал (РФ-н УК-н 213-гIа статья, 2-гIа дакъа).
Прокурора бинчу лехамна жоп делла. Суьдо бакъо елла Витиев чуволла. Ткъа прокуратуро и гIуллакх шен талламе эцна.
Суд резахилира прокуратурин лехамца
Республикин прокуратурин отделан прокурора Чинчаев Абус дакъа а лоцуш, кху шеран 26-чу августехь Соьлжа-ГIаларчу Ленински районан суьдо, Интернетехь зорба тоьхначу экстремизман амал йолчу материалашна тIекхачар дехкар, ткъа иштта лелхаш йолу хIуманаш а, гIирсаш а цIахь кечбаран кепех а, технологех а лаьцна дуьйцуш болчу хаамашна тIекхачарна доза тохар лоьхуш долчу лехам баран кхаа заявленига хьажа а хьаьжна, хьокъала боллу сацамаш тIеийцира.
«Экстремистски гIуллакхашна дуьхьало яран хьокъехь» долчу Федеральни законан 11-чу статьяца нийса а догIуш, доьхкуш ду шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь и тайпа материалаш яржор, экстремизман Iалашо йолуш долу гIуллакхаш гайтар. Цул совнаха, шен цIахь лелхаш йолу хIуманаш яран хьокъехь болу хаамаш Интернетехь баржоро гIо до бахархошна юкъахь терроризмана пропаганда ярна, экстремизман, терроризман Iалашо йолу акцеш дIаяхьарна кхерам кхуллу.
Юха дIадолийна зуда еран хьокъехь долу гIуллакх
Республикин прокуроран заместитела Мельник Павела хийцина Россин СК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллин къаьсттина мехала гIуллакхаш талларан отделан талламхочунАмирова Айзан еран хьокъехь уголовни гIуллакхехула юьхьанцара таллам бар сацоран хьокъехь болу сацам.
Талламхошна хетарехь, 2000-чу шеран 7-чу майхь Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски районерчу цхьана цIийнан ларми чохь Амирован дакъа карийра. И гIуллакх таллар дIахьочу хенахь законан талхораш дийлийтина хилар гучуделира. Ша аьлча, хиллачун тешаш леэ ца бира, билгалдевлла доцчу адамийн гIуллакхийн юридически мах ца хадийна, бакъдолчунна духе кхиа гIортаран Iалашонца кхочуш ца дина цхьамогIа талламан гIуллакхаш.
И дерриге а тидаме а эцна, прокуратуро шен тергаме эцна и гIуллакх.
Куьйгалхо жоьпе озийна
Финансийн мониторинган Федеральни службин Къилбаседа Кавказан федеральни округехь йолчу регионашна юкъарчу урхалло къастийра РФ-н КоАП-н 15.27 статьян I-чу декъана тIедоьгIна (зуламан некъаца тIебеана пайданаш ца гайтарна дуьхьало яран а, терроризмана ахчанца кхачояран а хьокъехь долчу законодательствон лехамаш кхочушцабар а) прокуроро «Росреалнедвижимость» ООО-н директорна дуьхьал долийна административни бакъонаш талхоран хьокъехь долу гIуллакх.
Чоьхьара таллам латторан бакъенаш лар ца ярца доьзна прокуроро гучудаьхна талхораш бакъхилар карийна. Кху шеран 25-чу августехь гIуллакх къасточу хенахь юкъараллин директор бехке а лерина, 10 эзар соьман барамехь гIуда тохарца цунна таIзар а дина.
ЗаьIапхойн бакъонаш талхорна гIуда тоьхна
Академикан М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетехь заьIапхой социальни ларбаран хьокъехь законодательство кхочушдар муха ду хьожуш, республикин прокуратуро бинчу талламо цхьамогIа талхораш гучудехира. Ша аьлча, гучуделира ВУЗ-н автостоянкехь заьIапхошна шайн машенаш дIахIитто леррина йолу меттигаш билгалйина цахилар.
Цуьнца доьзна республикин прокуроран заместитела Степанов Вадима университетан бахамаллин урхаллин хьаькамна Дукруев Русланна дуьхьал гIуллакх долийра РФ-н КоАП-н 5.43 статьяна тIе а доьгIна ( машенаш хIиттош йолчу меттигашкахь заьIапхойн лерринчу автотранспортана леррина меттигаш къастор билгалдеш болу законан лехамаш талхор). Соьлжа-ГIаларчу Ленински районерчу суьдан №3 йолчу участкан маслаIатан суьдхочо и бакъонаш талхорна Дукруев бехке лерина, гIуда а тухуш, административни жоьпе а озийна.
Цуьнца цхьаьна университетан куьйгалхочунна хьалха хIоттийна законан талхораш дIадахар.
Могашалла Iалашъярехь талхораш хилийтина
Нажи-Юьртан районан центральни больницин куьйгаллин даржашкахь болчара адамийн (цу юкъахь больнице кхочуш болчу ницкъаш баран кепехь чевнаш йинчеран а тIехь) могашалла Iалашъяран баххийн хьокъехь долу законодательство кхочушдар муха дIахьо теллира Нажин-Юьртан районан прокуратуро. Гучудаьлла кху шеран хьалхарчу эхехь ницкъаш баран кепехь чевнаш йина кхо кхиазхо кхаьчна хиларан хьокъехь даржехь болчара полицин районан отделе хаам бина цахилар.
Цунна тIе а доьгIна, районан прокуратуро больницин коьртачу лоьрана тIедиллина законан билгалдаьхна талхораш а, уьш кхолладаларан бахьанаш а дIадахар.
Газаца кхачояр лартIе далор лоьху
Теркан районан прокуратуро теллира «Чеченгаз» юкъараллин «Надтеречный» филиалехь бахархойн коммунальни хьашташ кхочушдаран хьокъехь долу законодательство муха кхочушдо.
Талламо гайтира хIусамашкарчу газан гIирсаш тобаран а, церан технически хьашташ кхочушдаран а хьокъехь 970 абонентаца бина барташ цахилар. Цуьнца доьзна, 433 абонентана луш йолу газ сацийна. Барташ бар тIедожор доьхуш, филиало суьде дина дехар а дац. Оццу хенахь вукху 537 абонентана луш йолу газ сацорна я хьокъала боллу барташ бар тIедожорна тIехьажийна гIуллакхаш а ца дина.
Гучудаьхначу талхорашна тIе а доьгIна, районан прокуратуро филиалан куьйгалхочунна тIедиллина уьш а, талхораш хиларна гIо деш долу бахьанаш а дIадахар.
Экстремизман материалаш яржорна…
Россин ФСБ-н дозанан урхаллица цхьаьна республикин Прокуратуро теллина Итум-Кхаьллан районерчу динан организацешкахь экстремизман гучудийларшна дуьхьало яран хьокъехь долу законодательство муха кхочушдо.
Гучудаьлла Тусхарой юьртан имама Муртазов Хьаьжис, эца а эцна, маьждига чохь суьдо экстремистски лерина а, экстремизман материалийн Федеральни спискана юкъаяхийтина йолу а динан литература маьждиге баьхкинчеран парггIат тIекхача йиш йолуш латтийна хилар.
Талламан жамIашкахула Муртазовна дуьхьал административни бакъенаш талхоран хьокъехь гIуллакх а долийна, иза къастадайта Соьлжа-ГIаларчу Заводской районан суьде дахьийтина Прокуратуро.
Газ лечкъорна условни хан тоьхна
Пачхьалкхан бехкевархочо Сугаипов Мохьмада дакъа а лоцуш, Шелан гIалин суьдо къастийна РФ-н УК-н 158-чу статьян 3-чу декъана, «б» пункт (къайлах нехан хIума лачкъор) юкъадогIуш долу зулам дарна бехке веш волчу Бадаев Олхазаран уголовни гIуллакх.
Суьдехь билгалделира теплица йохъяран Iалашонца хьокъала йоллу бакъо а, Газпроман структурашца газ латторна бина барт а боцуш, 2014-чу шеран мартехь Бадаевс бакъо йоцуш шен биргIа тIетесира юьртан юкъарчу биргIанна. Кху шеран 15-чу мартера 15-гIа апрель кхаччалц болчу муьрехь къайлахь 100 кубометр газ а лачкъийра цо.
Юьхьанцара таллам бечу хенахь Бадаевс меттахIоттийна дина зен. Пачхьалкхан бехкевархочунна хеташ дерг хьесапе а оьцуш, цо динчу гIуллакхашна бехке а лерина, суьдо Бадаевна таIзар дина арахь яккха цхьа шо хан тохарца.
Нохчийн Республикин прокуратурин
сайта тIера хаамаш кечбинарг
– Л.БАКАРОВ