«Къона хьехархо – 2017»

Соьлжа-ГIаларчу Хь.Ибрагимовн цIарахчу математикин школехь жамIаш дина республикин «Къона хьехархо – 2017» конкурсан хьалхарчу туран. Конкурс вовшахтухуш а, дIахьош а ю Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерство.

konkurs_1_3

 

Конкурсан хьалхарчу турах 15 хьехархо чекхваьлла. Цара шайн хьуьнарш, хаарш зуьйр ду шолгIачу турехь.

Конкурсехь дакъалоцуш бу дешаран хьаьрмахь лаххара а пхеа шарахь къахьегна болу хьехархой. Церан шайн хан 35 шарал лакхара хила йиш яц конкурсан бехкамашца.

Конкурс дIаяхьаран Iалашо ю хьехархойн кхоллараллин агIонаш гучуяхар а, царна шайн говзаллин хьуьнарш, похIма гайта майда кхоллар а. Бекарг (март) беттан 13-чу дийнахь йолаелла конкурсан хьалхара тур 20-гIа де тIекхаччалц хилира.

З.ХИЗИРОВА

№24, шинара, бекарг (март) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: