Нохчийн Республикехь берийн бакъонашларъярехула волчу векала Хирахматов Хьамзата а, Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Тутаев ИсмаьIала а видеоконференцзIенехула дакъалецира Ерригроссин кхеташонехь. Цигахь йийцаре йинарг кхиазхоша шаьш шайн дайаран (суицид) проблема яра.
Россин Федерацин Президент волчохь берийн бакъонашларъярехула йолу векал Кузнецова Анна коьртехь а йолуш дIаяьхьира и кхеташо. Цигахь билгалдаьккхира пачхьалкхан ерриге а субъекташкахь хIора а шарахь бераш лардарехь дуккха а цхьаьнакхетарш а, гIуллакхаш а дIахьош хилар. Ишттачу цхьаьнакхетаршкахь берашна а, кхиазхошна а Iамайо тIехIиттинчу тайп-тайпанчу хьелашкахь лела хааран бакъенаш. Цул сов, оьшуш меттиг нисъелча, медицинин я психологин гIо дар а хьоьху царна.
Кузнецова Аннас шен къамелехь билгалдаьккхира, кхераме интернет-ловзарш юкъадахар бахьана долуш, бераша а, кхиазхоша а шаьш шайн дайаран барам лакхаболуш хилар. Иштта цо дийцира, оцу хьолаца къийсам латторехь дуккха а новкъарлонаш нислуш хиларх, масала, школашкахь психологаш цатоаран проблема.
Кхеташонехь хьахийра берийн а, кхиазхойн а дахарна кхерам кхуллур болу ловзарш интернета чу дохуш берш уголовни жоьпе озош хиларо дика тIеIаткъам бийриг хилар.
З.ХАСИЕВА
№24, шинара, бекарг (март) беттан 28-гIа де, 2017 шо