Кхетош-кхиорна юкъа – хьакъ йоллу хазна

Леррина оцу Iалашонна билгалйинчу планаца нийса а догIуш, дIахьо къинхьегаман а, социальни кхиоран а ТIехьа-Мартан кIоштарчу отдело ийманехь кхетош-кхиоран болх. Къастамалла йолуш ца хилира дIадахана шо а.

Отделан куьйгалхочо С.Катаевас дийцарехь, коллектив кест-кеста цхьаьнакхетара меттигерчу Iеламнахаца, леррина ладугIура цара беш болчу хьехамашка, царах шайн балха тIехь пайдаэцархьама. Ишттачарах цхьана цхьаьнакхетарехь цара дийцира тIекхуьуш йолу тIаьхье доьзалехь кхетош-кхиорах, шайн доьзалшна тIера дIа а оьхуш, терроризман, экстремизман тобанех уьш дIакхетарх лаьцна.

Iеламнаха отделан белхахошна ма-ярра йовзийтира оцу боламийн амалш, цара юьхьарлаьцна Iалашо, адамашна деш долу Iаламат доккха зулам. Церан къамелашкахь хьахадалаза ца дуьсура Ислам-динан историх лаьцна гIуллакхаш, вайн дайша бусалба стеган декхарш муха кхочушдора, оцу заманахь баккхийчаьрга хиллачу боккхачу ларамах дерг. Коьрта лорура бераш, кегийрхой, уггаре а хьалха, доьзалехь кхетош-кхиор.

Ма-дарра аьлча, йоккха жигаралла гойту Iеламнаха къона чкъор ий- манехь кхетош-кхиоран гIуллакхашкахь. Хуьлда иза Россин денна я мархийн баттана лерина цхьаьнакхетарш. Даима а хьалхарчу рогIехь дийцаре дан юкъадоккхург кегийрхой хьакъ ма-дду кхетош-кхио безаш хиларан хьокъехь долу гIуллакх ду. Цуьнца цхьаьнадузу оьздангаллин ламасташ лардарна уьш жигара юкъаозо безаш хилар а. Мехала ду и болх дукха хьолахь кIоштахь гIуллакх долчу бахархойн хьашташ кхочушдаран учрежденешца цхьаьна вовшахтухуш хилар.

Иштта хилира, масала, дIадаханчу шарахь мархийн баттахь а: бахархой балха нисбаран туьшан а, бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексан туьшан а коллективашца цхьаьна дIадаьхьира Iеламнахаца цхьаьнакхетарш.

– Къона чкъор кхетош-кхиор дийцаре дарца цхьаьна оха ца дицдо бераша садаIаран а, церан могашалла тояран а гIуллакхаш, – дуьйцу С.Катаевас. – Кхузахь коьрта тидам тIебохуьйту дахаран чолхе хьелаш тIехIиттина а, могашалла тоян езаш а дерш. Йолчу таронашка хьаьжжина, хIора а шарахь берийн оцу тобанна санаторешка маьхза путевкаш хилийта гIурту тхо. И болх дIабахьарна дуккха а дай-наноша баркалла аьлла тхан коллективана. Кхиамца гIуллакх деш ю коллективехь бакъонаш талхорна дуьхьало яран кхеташо. Цунна тIехь ду бакъонаш талхоран хьелаш гучудахар, белхахой вовшех кхетаран хьал кхоллар, къинхьегаман низам лардарна тIехь таллам латтор, шена тIехь долчу жоьпаллех хIора белхахо кхетор. И дерриге а декхарш кхиамца кхочушдеш хиларо дика хьал кхуллу коллективехь, гIо до шена тIехь долчу декхаршца иза кхиамца лараяйта.

Материал кечйинарг – Л.АБУБАКАРОВ

№24, шинара, бекарг (март) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: