Дархойн баркалла – уггаре а боккха кхиам

Бераллехь марзъеллачу, хазъеллачу говзалло дахаран новкъа воккху цхьаверг. Ткъа Асетана лоьран говзалла марзйинарг цуьнан хьехархо ю.

IMG-20170327-WA0017

– Ша хьоьхуш йолу предмет дешархошна марзъян а, кхоччуш царна иза Iамон а ницкъ кхаьчна волу хьехархо еххачу хенахь иэсехь вуьсуш хиллера. Иштта сан дахарехь а йоккха меттиг дIалецира тхуна биологи а, хими а хьоьхуш хиллачу Исраилова Сацитас. Тахана, майрра ала йиш ю: сох лор йинарг а, суна и говзалла марзйинарг а, дахаран къилба гайтинарг а Сацита ю. Химин, биологин предметаш чолхе ю олуш хеза цхьаболчара. Атта-м цхьа а хIума а дац. Тхо атта кхетар долчу маттахь тхуна хьеха а, ша дуьйцучунна тхо тIаьхьакхио а хаьара хьехархочунна. ХIетахь жима хиллехь а, цо олучу дешнийн ойла ян йолаелира со. Даима олура цо лоьран говзалла оьшуш а, пайдехь а ю. Ткъа тхан да-нана сан лааме хьаьжжина дара, сох лор хуьлийла лууш. Царна иштта хаьара, адамех дог лозуш, и говзалла доггах езаш ца хилча лоьрах цкъа а бакъволу лор хир воцийла, – бохура Асета.

Хьалха-Мартан кIоштарчу Iалхан-Юьртахь кхиъна а, цигарчу школехь дешна а ю Асет. Вайна ма-хаъара, деша а, къахьега а лууш долу бер жимачохь дуьйна къаьсташ хуьлу. Иштта яра Асет а. Школехь дика доьшура цо. Дика дешарал сов, шайн классехь староста а, школин дешархойн комитетан председатель а яра. Цо жигара дакъалоцура школин юкъараллин дахарехь. Школехь доьшучу хенахь цо езаш къастийнарш яра химин, биологин предметаш.

Школехь дешна яьллачул тIаьхьа, 2007-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин факультете деша яхара иза. Университет кхиамца чекх а яьккхина, Омскерчу пачхьалкхан медицинин академин ординатуре неврологин декъехула деша яхара иза, цул тIаьхьа – Къилбаседа ХIирийчоьнан Беслан гIалин медицинин туьше. Цигахь цуьнан таро хилира неврологин декъехула шена хуург тIечIагIдан а, цахуург довза а, Iамон а. 2015-чу шарахь ординатура кхиамца чекхъяьккхира йоIа.

Оццу шарахь Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштан №6 йолчу больнице неврологин отделене балха яхара Асет. КIезиг хан ю цо цигахь болх бен, амма, цуьнан хьокъехь белхан накъосташа олучу дешнашка ладогIа воьлча, хетало, цо цаьрца болх бен дуккха а хан йолуш санна. Цхьаболчарна мел дукха хан а ца тоьа шайн дика цIе яккхийта а, адамийн шайга ларам кхолла а. Ткъа Асетан дикачу амало а, адамашца йолчу уьйр-марзоно а, шен говзалла дика евзаш хиларо а йовзийтина цуьнан цIе.

Уггаре а коьртаниг ду цо дарбанаш лелийначу лазархоша цуьнан цIе баркаллица йоккхуш хилар а, царна и дукха езаш хилар а. Цкъа цо дарбанаш лелийна дархо, юха а ша лазаро хьовзийча Асетана тIекхача лууш, цуьнга шена дарбалеладайта лууш хуьлу. И бу-кх уггаре а боккха кхиам. ХIинцале а цуьнга кхаьчна Асет. Иза чIагIдо цуьнан дархой хиллачу иттаннаш адамаша.

З.КУНТАЕВА

№24, шинара, бекарг (март) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: