Шеран жамIаш дира

 

 

Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнан актови залехь «Нохчийн Республикин лерса ледара долчеран, къорачеран юкъаралла» заьIапхойн регионан юкъараллин организацис дIадаханчу шарахь бинчу белхан жамIаш дира. Цигахь дакъалоцуш бара Соьлжа-ГIалин Мэрин а, Нохчийн Республикин транспортан, зIенан министерствон а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Социальни страхованин фондан а векалш.

IMG_9530

Доклад еш вара оцу организацин председатель Исмаилов Бахо. Цуьнца цхьаьна, лерса ледара долчарна, къорачарна куьйгаэшаршца докладана талмаж деш вара оццу организацин председателан заместитель Исмаилов Iела. Шен докладехь Бахос билгалдаьккхира вайн республикехь лерса ледара долуш 1 500 стаг хилар а, ткъа «Нохчийн Республикин лерса ледара долчеран, къорачеран юкъаралла» (РООИ «ОГЧР») заьIапхойн регионан юкъараллин организацин декъашхо 246 хилар а.

– Лерса ледара долу нах догцIена а, хьаннах тешаш а бу. Делахь а, дуьйцучух кхеташ цахиларна а, ВУЗ-хь куьйгаэшарийн талмажхо-хьехархо цахиларна а, церан таро ца хуьлу лаккхара дешар Iамо а, корматалла караерзо а. Могаш болчу нехан хьелашкахь деша хала ду царна. И бахьанехь дукхах берш интернетах пайда а оьцуш Iа. Вайна хууш ду цу чохь дуьйцучух доккхах долу дакъа бакъ цахилар. Куьйгаэшарехь талмаждархой кIезиг бу вайн регионехь. Пачхьалкхан ерриге а учрежденешкахь хила безаш бара уьш. Телевиденехь а оьшуш ву иштта говзанча, махкара керланаш довзийта а, кхоллараллин, культурин программийн чулацамех кхетийта а. Шайн лерса ледара я къора хиларх дуьненах, дахарх кхеташ баха луучара шаьш лоху некъ. Цахазар бен кхин башхо а йоцуш, вайна юкъахь Iаш бу уьш, – бохура Исмаилов Бахос.

Цуьнан докладехь билгалделира оцу организацин декъашхоша 2016-чу шарахь пачхьалкхан а, динан а, спортан а, дешаран а къийсадаларшкахь, даздаршкахь дакъалаьцна хилар.

РООИ «ОГЧР» декъашхоша шайн лазаме хаттарш а луш, юкъараллехь шайна оьшуш долу хьелаш а довзуьйтуш дIадаьхьира цхьаьнакхетар.

М.ВЕГИЕВА

№24, шинара, бекарг (март) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: