СадоIучарна – чомехь кхача

IMG_8405

Соьлжан районерчу Серноводск юьртана гена йоццуш, лаьмнийн исбаьхьа хазачу басешкахь, хьуьна юккъехь, лаьтташ ю республикехь т1емаш болчу хенахь йохийна, саьлнашкахь лаьттина, х1инца юхаметтах1оттийна йолу «Серноводск-Кавказский» курорт-санаторий. Иза шен башха истори йолуш, шен дарбанан хишца, 1аламца, сада1арна а, дарбанаш лелорна а оьшучу кхечу хьелашца берриге а махкахь оцу кепарчу курортех тоьллачарех цхьаъ ю.

Кхузахь дарбанаш леладо даь1ахкийн-дилхан, нервни системин, чуьйрийн-зорхан, сада1аран органийн, дег1ан чкъуран, лергийн, къамкъарган, меран, дуккха а кхечу а цамгаршна.

Санаторе баьхкинчарна кхачам боллуш дарбанаш лелорехь а, цара сада1арехь а мехала маь1на долуш бу дарбанан кхача. Садо1учарна, иза дийнахь доьазза ло. Кхача 15 диета йолуш бу.  Цуьнца алссам ю тайп-тайпана салаташ, керла стоьмаш, хасстоьмаш. Кхузахь иштта боккха тидам т1ебохуьйту дарбанаш лелош болчаьрга шен-шен хенахь дарбанан минеральни хи малийтарна.

Санаторин столовехь кхача буучеран стоьлашна кест-кеста т1ейог1у т1еюьйхина юьйхина к1айн халат йолу тидаме белхахо.

– Таханлерчу кхачанан чомана реза дуй шу, иза дуззалц хиллий шуна? – к1еда-мерза хаьттира тхан стоьлана а т1ееанчу цо. – Кхача шайна тоъал ца хиллехь, эхь ца хеташ, алалаш.

Тхан дехарца зудчо ша йовзийтира тхуна. Ша санаторин столовехь шеф-повар ю, элира цо, Попова Елена Александровна.

Т1аьхьа мелла а герггара евзира тхуна йистхиларца а, леларца а, нахаца йолчу юкъаметтигца а ч1ог1а оьзда йолу и зуда. Нохчичуьнгахь марехь а йолуш, Серноводск юьртахь ехаш ю Е.Попова. Ши шо ду иза курортан столовехь болх беш йолу. Шен балхах, дахарх дийцар дехча, шех дош ала эхь хета цунна, дерриге а къамел ша куьйгалла дечу столовин белхахойн коллективана т1едерзадо цо.

– Белхахойн бертахь коллектив вовшахкхетта тхан столовехь, – дуьйцу цо. Цигахь коьртачу декъана болх беш хьалхаллера белхахой бу. Массеран а белхан доккха зеделларг ду. Цундела цара кечбина кхача, садо1уш берш гуттар а резахуьлуш, чомехь хуьлу. Цкъа а хилла яц столове бог1урш реза боцуш, арз деш меттиг, – дуьйцу Елена Александровнас. – Дерригенна а т1ехь тхуна г1о-накъосталла а до, тхан терго а йо курортан директора Абдулаев Шамхана. Цо дика вовшахтоьхна дарбалелоран учрежденин дерриге а дакъойн болх.

Шен къамел дерзош, Е.Поповас ц1ерш йоху шайн декхарш  хьанал кхочушдеш болчу столовин поварийн Н.Шабалинан, Я.Чилаеван, М.Малышеван, З.Исмаилован, къоначу официантийн Д.Малышеван, С.Накаеван, Т.Закаеван, кхечеран а. Хан-зама ца лоруш, халонашна б1о ца къажош, шайна т1едиллина муьлхха а г1уллакх кхочушдан хьуьнаре бу и оьзда зударий. Столове кхача баа баьхкинчаьрца гуттар а г1иллакхехь, оьзда, к1еда-мерза бу уьш.

– Оха тхешан коьрта декхар лору дарбанаш лело, сада1а курорте баьхкинчарна чомехь, дарбане кхача кечбар, церан хьашташ дуьззина кхочушдар, дерригенна а т1ехь уьш резабар, – элира Е.Поповас.

С.ЛАЛАЕВ     

Суьрта т1ехь: Е.Попова шен белхан накъосташца.

А.Магомаевн сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: