Бекарг (март) беттан 20-чу дийнахь А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь хилира Экологин шарахь Нохчийн Республикехь дан леринчу гIуллакхех лаьцна дуьйцуш пресс- конференци.
Пресс-конференци веанера Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министран заместительш Мусиханов Руслан, Мизаев Итон, Нохчийн Республикин хьаннийн бахамийн профсоюзийн председатель Дадаев Iабдул, Нохчийн Республикин Роспотребнадзоран куьйгалхочун заместитель Арсгир Асвад.
Экологин шо кхайкхорца доьзна лакхахь хьахийначу министерствос кхочушдан леринарг довзуьйтуш вистхилира министран заместитель Мусиханов Руслан.
Цо дийцарехь, министерствехь тIечIагIйина 33 проект ю. Царна юкъадогIу хIора министерствон, пачхьалкхан учрежденийн белхахоша гIаланийн, яртийн урамаш, паркаш, хин бердийн йистош нехех цIанъеш белхешкахь дакъалацар, цул тIаьхьа эзарнашкахь синтарш дIадийгIар а. Бекарг (март) беттан 21-чу дийнахь Шелковски кIоштахь йолалур ю оцу гIуллакхан эстафета. Цигахь акказин синтарш дIадийгIа сацам хилла.
Синтарш бIаьста дийгIина ца Iаш, гурахь а дугIур ду. Оцу гIуллакха тIехь дIадаханчу шерашкахь а къаьсттина а жигара дакъалоцура Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос а, кIоштийн администрацеша а, юкъараллин организацеша а. Р.Мусихановс хаийтира Россин Федерацехь Экологин шарна дика гIуллакхаш дарехь рейтинг лакхара йолу республика шеран чаккхенехь дIакхайкхориг хилар. Нохчийн Республика хьалхара меттиг яккха лаам болуш ю.
Экологи Iалашъярна юкъадогIу гIаланийн, яртийн урамашкахь Iуналла доцу жIаьлеш цахилийтар а, нехаш чукхуьссу чермаш (бакаш) 2017-гIа шо чекхдалале хIора хIума ша къастийна чукхуссуш хилийта Iалашо ю Соьлжа-ГIалин мэрин. Масала, Европехь ма-хиллара, эчиган, аьнгалин, кехатан, пластикин шен-шен дакъа хир ду оцу черми чохь. Кхоам бу вайн наха дIакхуьссучу лимонад я минеральни хиш чохь лаьттинчу шишанийн, тоннашкахь дагош долчу кехатан, цкъа а дахкалур доцучу, яртийн йистошкахь Iохкучу пластикин шишанийн а, пакетийн а. Оцу гIирсех керла продукци еш заводаш яхка Iалашо ю Нохчийн Республикин Правительствон. Цхьана шарахь далур дац иштта гIуллакх, амма цу тIе гIерта деза.
Къен деллачу дийнаташна (бежанна, уьстагIна, жIаьлина) лерина саьнгарш оьшуш хилар а дийцира. Цхьайолчу ярташкахь нисло наха шайна дагадеъанчу меттехь нехийн оьланаш еш. Иза могуьйтур дац, кхул тIаьхьа доккха гIуда тоха бакъо а ю уьш ечарна. Министран заместитела Мизаев Итона дийцира шайн министерствон сайта тIехь а, социальни сеташкахь а «Экология.95» агIо ю аьлла, иштта Iалам бехдина меттиг тосаелча шайга хаам бар доьхуш. КIоштийн администрацийн куьйгаллин гIоьнца бехйинчаьрга шайга цIанйойтур ю и меттиг.
ХIора кIоштахь ю дешархошна лерина болх беш йолу Экологин туьшаш. Цигахь жигарбаккха беза берашца Iалам Iалашдаран хаарш совдоху белхаш. Нохчийчоь кхин а цIена а, хаза а хир ю хIора нанас, дас шен доьзалхо цIеналла ларъян Iамавахь. Юкъараллин меттигаш, транспорт нахана аьтто беш хила еза. Соьлжа-ГIалин хIаваъ, яртийн йистош цIена хила еза. Нохчийчоь шен исбаьхьачу Iаламца: лаьмнашца, хьаннашца, шовданашца евзаш ю. Дала вайна совгIатана делла долу дерриге а хIума кхоор, Iалашдар вайн декхар ду.
Экологин цIеналла адамийн цIеналлах йоьзна ю. Культура ю вайна Iалам эшаран мах хадон оьшург. ДIадийнарг а, дIадиллинарг а карош дуьне ду хIара. Вай лардахь цIена лаьттар ду Iалам.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№24, шинара, бекарг (март) беттан 28-гIа де, 2017 шо