Хьехархочун болх кханенна лерина бу

Шелан кIоштарчу ширачу школех цхьаъ ю Жимачу АтагIара №1 йолу юкъардешаран школа. Йоккхачу Россехь а, Нохчийчохь а, дозанал арахьа а бехаш, къахьоьгуш бу кху школехь дешна дешархой. Шайн юьртан а, кху школин а сий айъина, мехкан а, халкъан а дуьхьа хьанал къахьегарца билгалбевлла царах дукхахберш: Россин Федерацин хьакъволу гIишлошъярхо Музаев Куьйра, Нохчийн Республикин хьакъволу лор Гацаев Шаму, цуьнан ваша лор Гацаев Тапа, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Исмаилов Iимран, Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо, дуккха а шерашкахь кху школин директор лаьттина волу Исаев Амжет, дуккха а кхиберш. Царах дозалла до школин хьехархойн коллективо а, дешархоша а, юьртахоша а.

P1020024

Хьалхе дуьйна хилла долу школин ламасташ лардеш, схьабогIу кхузара хьехархой. Шайн белхан коьртачу декхарех цхьаъ лору цара дешархошкахь патриотизман дог-ойла кхиор, уьш юьртана а, махкана а пайдехь хила Iамор.

Кху школехь дуккха а шерашкахь хьанал къахьоьгуш ю нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Абубакарова Сацита. Шен соьца хиллачу къамелехь Сацитас дийцира:

– ХIокху школера 1968-чу шарахь дешна елира со. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча, Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училище заочно деша а яхана, юьхьанцарчу классашна хьеха кху школе еара. Иза хаза хан яра. Со хьехархочун болх даима а безна ю. Сайн баккхийчу накъосташа, хьехархоша, дечуьнга хьоьжуш, царах масал оьцуш, схьаеара со юьхьанца.

Дукха хан ялале сан халонаш дIаевлира, дика кхиамаш хилира. Иштта, царах самукъадолуш, сайн болх кхин а тобеш, йоккхаерца къахьийгира ас. Юьхьанцарчу классашкахь 7 шарахь берашна хьийхира. Болх а беш, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт заочни кепара 1989-чу шарахь чекхъяьккхира. Сан керла говзалла «Оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо» яра.

Сацитас дуккха а шерашкахь берашна хьехарца цхьаьна школин директоран заместителан болх а бина. Дешархошца беш болу кхетош- кхиоран берриге а болх бара цунах тешийнарг. Школехь еш йолу массо а мероприяти кхуо вовшахтухуш яра. Уьш кечъян а, дIаяхьа а хьуьнар а, говзалла а оьшура. Къахьега Iемина йолчу Сацитас дика кхочушдора шен декхарш. Белхан накъостий а, дешархой а бара кхунна гIо деш, школо вовшахтухучу мероприятешкахь жигара дакъалоцуш. Школехь кест-кеста дIахьора хьехархойн а, кхиорхойн а семинараш. Шен ницкъ кхочучу кепара уьш кечъеш а, дIахьош а доккха дакъалоцура Сацитас.

ТIаьхьарчу 12–13 шарахь нохчийн мотт хьоьхуш ю Сацита. Шена даима а лиънера нохчийн мотт хьехар школехь лаккхарчу тIегIанехь хила, боху хьехархочо. Вайн дахар, гIиллакх-оьздангалла, болх, некъ – дерриге а ненан маттаца доьзна ду. Иза вайн сица а, дегIаца а уллера уьйр йолуш, царах дIаийна хила беза, аьлла хета цунна. Цундела, и ойланаш берашна йовзийтар, цаьргахь нохчийн матте безам кхиор, шен коьрта декхар лору цо ша бечу балхахь.

ХIора урокана ша кечам бечу хенахь дешархойн ойла йо хьехархочо: «ХIара дош царна девзаш дуй-те? ХIокху ойланах кхетар буй-те?» Цунна хаьа, халахеташ делахь а, дешархоша исбаьхьаллин литература кIезиг йоьший, цара тидаме ца оьцу культурехь, литературехь болу бIаьрла хиламаш. Оцу дерригено а цатам латтабора хьехархочуьнгахь. ТIаккха цо шен болх жигарбоккхура, дерриге а шен урокашкахь дан кхиа хьожура. Лакхарчу классашкахь нохчийн яздархойн произведенешкахь хIиттийна проблемаш дешархошца йийцаре йо Сацитас. Говза хIотточу хаттаро берашка ойла йойту, шайна хетарг дийца хьовсу уьш. Ткъа къамел дIадахийта текст хаа еза, цундела йоьшу цара шаьш Iамош йолу произведени.

Муьлххачу а урокехь дешархойн кхетам самабаккхар, цаьргара бендацар дIадаккхар коьртаниг лору хьехархочо шен балхахь.

Стохка кIоштахь хиллачу хьехархойн семинарехь дакъа а лоцуш, «Дайн гIиллакхаш» цIе йолчу темина лерина кхетош-кхиоран мероприяти дIаяьхьира Сацитас. Иза чIогIа дика тIеийцира цуьнга хьовса баьхкинчу хьехархоша. Берашна а цунах боккха пайда белира, хIунда аьлча, дайн гIиллакхийн хазалла евзина ца Iаш, уьш лело а, лардан а лаам кхоллабелира цаьргахь.

Берашна ша довзийтинчу цхьана гIиллакхах мел пайда белира а дийцира хьехархочо. Юьртан юкъарчу гIуллакхе хьажар, белхех дакъа- лацар кIентан а, йоьIан а декхар хилар, цига бахарца а, къахьегарца а цара шайн хьуьнар, оьздангалла гайтар, шайга нехан хаза ойла а, ларам а кхоллабалар гайтира Сацитас ша кечйинчу мероприятехь. Цул тIаьхьа бераш хазахетарца доьлху юьртара гIуллакхаш дан. Масала, кест-кеста рузбанан маьждига чохь нехаш дIайохуш, горгамаш хьокхуш гIуллакх до цара.

Нохчийн маттана лерина дезде тIекхачале дуккха а мероприятеш кечйо Сацитас. Уьш урокашкахь а, классал арахьа бечу балхахь а дIахьо. Дуккха а дешархошка дакъалацийта хьожу хьехархо Нохчийн маттана леринчу дезачу дийнахь.

Нохчийн маттана леринчу кIоштан олимпиадашкахь а, конкурсашкахь а дакъалоцу Сацитин дешархоша. Дукха хьолахь, лаккхара меттигаш а йоху цара. Иштта, 2016-чу шарахь дIаяьхьначу, «Ненан мотт» цIе йолчу кIоштан конкурсехь 9-чу классерчу Ямсуева Хедас 1-ра меттиг яьккхира. Оццу шарахь нохчин маттехула йолчу кIоштан олимпиадехь 10-чу классерчу Элимбаева Хьавас 2-гIа меттиг яьккхира. Телевидинехь кест-кест хуьлуш йолчу «Хаарийн бIов» передачехь а, 2014-чу шарахь дакъалецира кху школерчу командо. Иза Сацитас гIо дарца кечйина яра. Кхеран команда финале елира, амма 1-чу метте, хала хеташ делахь а, ца кхечира.

Берийн марзо ю нохчийн матте, де дийне мел долу иза алсамъяккха а, кхио а гIерта Сацита шен урокашкахь а, классал арахьа бечу балхахь а.

Дукха хан йоцуш, «Со веха юрт» цIе йолу сочинени язъяйтира ша дешархошка, бохуш, дуьйцу хьехархочо. Шена чIогIа хазахийтира, берашна оццул шайн юрт езаш а, цуьнан дахаран бала кхочуш а уьш хилар гучудаьлча. Дешархойн белхашна юкъахь 10-чу классерчу Утаев Ильясан сочинени къастийра ша, боху Сацитас. КIанта иза даггара язйина яра, шен дог-ойла кIорггера йовзуьйтуш.

Жимачу АтагIара №1 йолчу школехь шовзткъе ворхI шарахь болх бина Сацитас. Цуьнан дуккха а совгIаташ ду дика болх барна Нохчийн Республикин дешаран министран а, кIоштан администрацин а, кIоштан дешаран декъан а, школин директоран а цIарах делла. Иза хьакъ а ю иштта совгIаташ дала. Амма уггаре а деза а, цо лоруш а долу совгIат дешархойн а, церан дай-нанойн а «баркалла» ду хьехархочунна. Пена тIетоха я стоьлан гIутакха чу дилла йиш яцахь а, довр дац иза, хIунда аьлча хьехархочо шен даг чохь леладо и «баркалла», цкъа а диц а ца деш.

Абубакарова Сацита хьанал къахьоьгуш ю хьехархочун атта боцчу новкъахь, цуьнан кханене хьовсийна дуккха а гIуллакхаш ду, Iамо, дахаран новкъа баха безаш дешархой бу. Дала могашалла а, ницкъ а лойла цунна оцу новкъахь!

АРСАНУКАЕВ Муса

№24, шинара, бекарг (март) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: