Парламентан юбилей
МАЙКОП. 25 шо хьалха бекарг (март) баттахь хьалхарчу гуламан депутаташ шайн хьалхарчу сессе гулбелира. ХIетахь иза Адыгей Республикин Лакхара Совет яра, шена юкъавогIуш халкъо хаьржина цхьа бIе векал а волуш. Цара, кеч а дина, тIеийцира регионан дахарна оьшуш долу законаш, шайна юкъахь оцу хенахь мехкан субъекташна юкъахь уггаре а тоьлла лерина йолу Адыгей Республикин Конституци а йолуш.
ДIадаханчу оцу шерашкахь масийттазза хийцаелла парламентан структура. КхоалгIачу гуламехь иза шина палатех лаьтташ яра территорешна тIера хоржуш болчу векалийн Советах а, республикин Советах а. Цул тIаьхьа юха а цхьана палатин хилира. Дуккха а шерашкахь регионан законодательша бинчу белхан жамI ду Адыгейн экономика а, социальни дакъа а кхиарна, цигарчу бахархойн бакъонаш а, паргIатонаш а ларъярна кхачоеш йолу законодательствон кхузаманахьлера система.
Тахана гIуллакх деш бу Адыгей Республикин Пачхьалкхан Советан-Хасэ йолхалгIа гулам. Официальни даздарш дIадахьа билгалдина оханан (апрель) баттахь.
Берийн кхача – туркойн махка
МАГАС. Шена коьртехь директор Акбаши Гюрхан волуш хиллачу туркойн «Акбаш» компанин векалшца цхьаьнакхеттачу хенахь ГIалгIайчоьнан Куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дийцаре дира шайн «Берийн кхачанан комбинатан» берийн кхача туркойн махкана латторан хьокъехь долу гIуллакх. Оцу гIуллакхна реза бу хьеший а. Церан Куьйгалхочо Акбашис чIагIдарехь, ГОСТ-н берриге а лехамашна жоп луш бу берийн кхача, иза кечбечу хенахь зуламечу хIуманех пайда ца оьцу.
Цул сов, туркоша тидам тIебахийтира бедарш тоьгучу фабрикехь арахоьцучу продукцина. Бизнесмен тешна ву цигахь лаьтташ болчу гIирсашна тIехь лаккхара дикалла йолу бедарш арахеца таро хиларх, и гIуллакх шаьш тидаме оьцург хилар дIа а хьедира.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь барт хилира гIалгIайн делегаци туркойн махка яханчу хенахь оцу гIуллакхан ерриге а агIонаш йийцаре ян а, хьокъала боллу сацамаш тIеэца а.
Билгалдаккха деза и ши производство гIуллакх дан йолаелла дукха хан цахилар: берийн кхачанан комбинато продукци арахеца йолийна 2015-гIа шо чекхдолуш, ткъа фабрико – 2016-гIа шо чекхдолуш. Амма оцу йоццачу хенахь шайн продукцин дикалла лакхара хиларца билгалъяла кхиъна коллективаш.
Хи чохь карор ду цинк, даш, мышьяк…
БУРУ-ГIАЛА. Шахьаран хин сетийн лабораторехь чекхбаьхна кхузаманахьлера спектрометр дIахIотторца боьзна хилла белхаш. Башхачу анализатора мониторан экрана тIехь 1,5 минотехь схьагойтур ду хин биргIанашкара хи цIена-боьха хиларца долу хьал: оцу приборан аьтто бу цу чохь алсам нислуш долу деза металлаш – кадмий, мышьяк, эчиг, ез, цинк, молибден, марганец, даш ду-дац билгалдаккха.
Оцу гIирсан гIоьнца лабораторин говзанчаша хIора дийнахь хьесап до хи схьаоьцучохь, резервуарашкахь, сеташкахь долчу хин, хаддаза тергонехь латтайо цуьнан дикалла.
ГIалин хин бахамехь билгалдоккхуш ма-хиллара, шира гIирсаш хийца а, кхузаманахьлера спектрометр эца а таро хилира дебиторски декхарш схьадахар а, абонентийн такхарш даран низам лакхадаккхар а бахьанехь. ХIара шо доладелчхьана гIалахоша дIаделлачу декхарийн барам 45 миллион сом гергга бу.
ТIехйоккха ферма
СТАВРОПОЛЬ. Герггарчу хенахь «агропромышленный холдинг «СРВ» юкъаралло крайхь юьллур ю 4,5 эзар бежанна лерина йолу шурин комплекс. Царна юкъахь 1,8 эзар етт хилийта билгалдина. Лаккхарчу сурсатийн бежанаш дало дагахь бу Голландера. Кху сохьта оцу гIуллакхна лерина Изобильненски а, Новоалександровски а кIошташкара ши майда ю толлуш.
Билгалваьккхина генподрядчик а. Иза Европин юьртабахаман гIишлошъяран рынкехь евзаш йолу компани ю. ДIадолийна проекташ кечъяр. Комплексехь шен лаборатори а, шура шелъеш болу гIирсаш а, шурин завод а хилийта билгалдина. Аьлча а, агропромышленни уггаре а керлачу технологешца кечйина кхузаманахьлера предприяти хир ю иза, чаккхенан продукци ара а хоьцуш.
«ГIуллакхаллин Дагестан – 2017»
ХIИНЖА-ГIАЛА. Гамзатов Расулан цIарахчу Къоман библиотекехь схьабиллина «ГIуллакхаллин Дагестан» аьлла болу гайтам. Регионашна юкъарчу XIV-чу оцу гайтамехь дакъалоцуш ю Россин тайп-тайпанчу регионашкара 40 гергга предприяти а, организаци а, шайна юкъахь Москварнаш а, Санкт- Петербургернаш а йолуш.
Гайтаман коьрта Iалашо ю Дагестанан а, Къилбаседа Кавказан субъектийн а рынкашкахь шайн продукци дIайохка Россин тайп-тайпанчу регионийн фирмашна а, компанешна а гIо дар, ткъа иштта импортан меттана меттигера сурсаташ кхиорехь лаккхара технологеш йолу товараш кхечу мехкашкара чуозарехь гIолацар.
Дагестанан транспортан, энергетикин, зIенан министерствос верасалла лелорца дIахьош бу гайтам.
Мехаш лакхадовлуш ду
ЭЛИСТА. Россин Федерацин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствос лерина кху шеран шолгIачу кварталехь хIусамийн хинболу мехаш. Кхечу регионашца дуьстича, квадратни метран мах мелла а лахара белахь а, ГIалмакхойчохь иза тIекхетта 151 соьмана, 25,5 эзар соьмал лакха а баьлла.
Дийнна схьаэцча Къилба федеральни округехь а, Къилбаседа Кавказан федеральни округехь а хIусамашна долу мехаш лахара ларалуш ду. ХIетте а, чекхъяьллачу хенахь (хьалхара квартал) уьш 154 соьмана тIекхетта, масала, Адыгейхь, ткъа ГIалгIайчохь – 153 соьмана. Россин кхечу регионашкахь, Минстройхь бечу хаамашца, и мехаш кхин а лакхара бу. Ткъа уггаре еза хIусамаш Москвахь ю – пачхьенехь квадратни метрах 90400 сом ахча охьадилла дезар ду.
Шарахь – 400 зулам
ЧЕРКЕССК. Кхарачойн-Чергазийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос бечу хаамашца, дIадаханчу шарахь регионехь экономикина эшам барна тIехьажийна 404 зулам дина. Царах дукхах дерш – 254 зулам – экономикин кхерамазаллин а, коррупцина дуьхьало яран а урхаллин белхахоша гучудаьхна.
Тидам тIебохуьйтуш ду царна юкъахь 82 зулам коррупцин Iалашонна тIехьажийна хилла хилар, шайна юкъахь 15 къаьсттина баккхийчу барамашкахь динчу зенах а ларалуш. Экономикина эшам баран а, коррупцин а Iалашонан зуламаша 400 миллион соьмана гергга зенаш дина. Цунах пач- хьалкхана юхадерзо ницкъ кхаьчна 158 миллион сом гергга ахча я динчу зенах 39,9 процент.
Иштта гучуяьккхина 2015-чу шеран чиллин (февраль) баттахь дуьйна 2016-чу шеран хIутосург (май) бутт кхаччалц болчу муьрехь бакъо йоцуш банкан гIуллакхаш лелийна зуламхойн тоба. Иза вовшахтоьхначо а, цуьнан жигарчу веа декъашхочо а харц кхоьллина хиллачу организацийн счеташна тIера дола дерзийра цхьа миллиард сом сов ахча. Тобанна пайда хилира 22 миллион соьман барамехь.
ХIинца ерриге а нехаш – лаьтта бухахь
НАЛЬЧИК. Ков-керташ, дукха гIаьтнаш долчу цIеношна хьалхара майданаш куьце ялош хазъеш-тоярехула йолу федеральни программа кхочушъяран гурашкахь гIалин Iедалша дан билгалдинарг чIогIа дика гIуллакх ду. Коьртачу шахьаран мэрин ЖКХ-н урхаллехь бечу хаамца, герггарчу хенахь даххаш гулдарна лерина лаьтта бухахь дIахIоттор ю 30 контейнер.
Коьртаниг доллу цунна леррина йолу майданаш оьшуш цахиларехь, контейнер хIотто ор даьккхичхьана гIуллакх чекхдолу. Оцу кепара нехаш ханна Iалашъяр бахьанехь кхоччуш дIайолу ала мегар ду боьха хьожа, иза санитарин лехамашца догIуш а ду.
Хаамаш кечбинарг –Л.МАГОМАЕВ
№24, шинара, бекарг (март) беттан 28-гIа де, 2017 шо