«Ведучи» курорт – Нохчийчоьнан уггаре а ладамечух цхьа проект

ХIокху деношкахь, Нохчийчохь ян лерина йолу «Ведучи» курортан проект йийцаре йира Байсултанов Одеса вовшахтоьхначу кхеташонехь.

image

Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран Хьалхарчу заместитела, акционерни «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци» («КРСК») юкъараллин (АО) Советан директорийн председатела Байсултанов Одеса Нохчийн Республикехь дIахьош йолчу уггаре а мехалчу «Ведучи» проектах лаьцна дийцира леррина вовшахтоьхначу кхеташонехь.

Итон-Кхаьллан кIоштахь кхоьллинчу туристско-рекреационни лерринчу экономикин зонехь йолчу «Ведучи» курортан берриге а муьрийн лаьмнийн-лыжийн курортехь дIаяьхьира кхеташо. Цигахь билгалдаьккхира «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци» АО-с и проект кхочушъеш дакъалоцург хилар.

Кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитела, автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара, республикин Правительствон вице-премьера, экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдуллас, транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана, «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци» АО-н Коьртачу директора Харитонов Сергейс, «Къилбаседа Кавказан курорташ» АО-н коьртачу директоран заместительша Вагапов Сулеймана, Губа Максима, кхечара.

Кхеташо дIайолош Байсултанов Одеса билгалдаьккхира лаьмнийн «Ведучи» мегапроект вайн Къилбаседа Кавказ кхиорехь уггаре а ладамечарах хила езаш хилар.

– Къилбаседа Кавказан туристийн кластерна юкъахь уггаре а коьрта проект ю «Ведучи». Иза иштта хилийта дIахьош а, дIабахьа лерина а дуккха а белхаш бу. И проект кхочушъеш дуккха а халонаш тIеIиттало, цундела «кхиоран институташца» цхьаьна, кхачамбацарш дийцаре а деш, дIахьур бу белхаш, – элира О.Байсултановс.

Цо билгалдаьккхира мобильни зIе юкъахъйийларан проблема дIаяккха езаш хиларх: «Туристашна муьлххачу а меттехь кхоьллина бегIийла хьелаш хила деза, ткъа таханлерчу дийнахь мобильни а, интернетан а зIе хилар, уггаре а коьртачех ду ала мегар ду, цундела леррина тидам тIебахийта беза оцу декъана», – элира О.Байсултановс.

Проектан куьйгалхоша бовзийтира курорт кхиоран некъаш, шайна тIеIиттало халонаш, иштта болх жигара дIабахийта мел оьшург а.

Циггахь дийцаре дира «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци» АО-с хьешацIенойн гIишлошъярна тIехь гIо-накъосталла даран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Оцу акционерни юкъараллин Коьртачу директора Харитонов Сергейс хаийтира «Ведучи» проектана лерина кечйина бюджет хилар а, герггарчу хенахь оьшуш долу кехаташ вовшах а тоьхна, болх шаьш дIаболориг хилар а.

2021-чу шарахь курортана лерина билгалйинчу меттигехь 15,4 км деха а долуш лаьмнийн-лыжийн некъаш хир ду, 6 подъемник а, 1 000 меттиг йолуш хьешацIенойн комплекс а хир ю, проект, дага ма-лаццара, кхочушъяр хилахь. Курортан туркластер йиначул тIаьхьа, 2025-гIа шо кхачале, хIора шарахь 180 эзар стаг тIелаца таро хир ю цигахь. Цул сов, 719 белхан меттиг а хир ю и проект бахьана долуш.

Хь.БАХТАЕВА

№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: