Стомара, бекарг (март) беттан 29-чу дийнахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна хIоллам схьабиллира ХIинжа-ГIалин Ленински кIоштарчу Керла Хушет юьртахь.
Цигахь дакъалецира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Сайтиев Бувайсара, Дагестанан къоман политикехула йолчу министра Гамалей Татьянас, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, цуьнан хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима, Нохчийн Республикин Парламентан депутата Гарнаев Джабраила, Керла Хушет юьртан куьйгалхочо Мамедов ИсмаьIала, иштта, юьртарчу бахархоша, юкъараллин векалша, кхиболчу хьешаша.
Умаров Джамбулата Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах баркалла элира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сий деш хIоллам хIоттийначарна.
«Ахьмад-Хьаьжин Рамзана со кхуза воуьйтучу хенахь, хIокху гIуллакхо ламанхошна юкъахь хилла йолу халкъан дипломати денъеш ю элира соьга. Иза вайна юкъахь хилла а ю я цхьаьнгга а дIаяккхалур йолуш а яц. Берриге а ламанхошна, хуьлийла уьш Дагестанехь, Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, хаьа Ахьмад-Хьаьжас машар хилийта хIун дина, вайн доттагIалла хилийта, вайн дахар зазадоккхуш кхиийта цуьнгара мел хьуьнар даьлла. Цундела, аш динарг сийлахь гIуллакх ду, Дела реза хуьлда шуна», – элира Д.Умаровс.
Дагестанан къоман политикехула йолчу министра билгалдаьккхира Ахьмад-Хьаьжин сийнна хIоллам хIоттор вайн вежараллин республикашна юкъахь дикачу лулаллин юкъаметтигаш чIагIъярехь мехала гIулч хилар.
«Таханлерниг чIогIа мехала хилам бу. Керлачу Хушетан вахархочо, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сий-ларам беш, мемориалан комплекс йина. Оцу балхана иза ир-карахIоттийнарг Ахьмад-Хьаьжа бусалба динна а, нохчийн халкъана а муьтIахь хилар бахьанехь, ша цунах воккхавер дара. Вайн доттагIашна баркалла боху ас кхуза бахкарна. Тхо чIогIа реза ду вайн регионашна юкъара уьйраш чIагIъярна тIехьажийначу муьлххачу а гIулчашна. ХIара дIадолор доккхачу хазахетарца тIелаьцна дагестанхоша а, Нохчийчоьнан бахархоша а, хIунда аьлча, хIокху кепара гIуллакх ду доттагIалла, зIенаш чIагIйийриг. Вайн дайша весет дина вайга бертахь даха а, вовшашна гIо дан а», – элира Т.Гамалейс.
Сайтиев Бувайсара билгалдаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин меттиг къаьмнийн а, республикийн а дозанел лакхара хилар.
«Иза бакъволу бусалба стаг вара. Дерриге а халкъаш бертахь дахийта, наной ца белхийта, бераш шаьш сатуьйсучу лакхенашка кхачийта шен дахар дIаделла цо. ХIара хIоллам гуттаренна буьсур бу, дуккха а адамаш цхьаьнатуху юкъарло а хилла. ХIокху гIуллакхехь дакъа мел лаьцначунна Делера ял хуьлда», – элира Б.Сайтиевс.
ХIоллам схьабелларна леринчу цхьаьнакхетарехь и гIуллакх дIадолийначу Асхабов Рамазанна Кадыров Рамзанан цIе тIехь йолу сахьт а делира, Дагестанан а, Нохчийчоьнан а къаьмнийн юкъаметтигаш чIагIъярехь дакъалацарна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамотица совгIат а дира. Иштта, Нохчийн Республикин Парламентан Сийлаллин грамотица а, мидалца а совгIат дира, хIоллам барехь дакъалаьцначу, Асхабов Сагидана. Нохчийчоьнан Парламентан Баркаллин кехатца совгIат дира Керла Хушет юьртан куьйгалхочунна Мамедов ИсмаьIална, меттигерчу маьждиган имамана Пахрудинов Ахьмадана, иштта меттигерчу вахархочунна Батирбеков СаьIидана.
ХIоллам бар дIадолийнера Керлачу Хушетерчу Асхабов Сагида а, цуьнан дас Асхабов Рамазана а. ХIоллам барехь царна накъосталла деш бара вежарий Мухьаммад а, Iалихан а. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сурт а, Сийлахьчу Къуръана тIера йоза а ду шагатIулган экъанах биначу хIолламна тIехь.
А.ХАСБУЛАТОВА
№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо