Истамбулера Соьлжа-ГIала кема лела доладелла

Туркойн Onur Air авиакомпанин пассажирийн кемано бекарг (март) беттан 29-чу дийнахь Истамбул – Соьлжа-ГIала – Истамбул мартшрутехула дуьххьара рейс йира. Шеко йоццуш, вайн махкахошна боккха кхаъ хилира цунах, къаьсттина йохк-эцар лелош болчарна. «Грозный» аэропортехь кема охьахиира буьйсанна 3 сахьт 10 минот яьлча. Оцу рейсаца Нохчийн Республикин пачхьене веара Хонкарара 35 пассажир. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министран заместитела Шахгириев Iаьлвис.

maxresdefault

«Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь оцу маршрутаца схьабаьхкина пассажираш даздаран хьолехь тIеийцира. Уьш тIеоьцуш дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Черхигов Адама, республикин транспортан а, зIенан а министерствон белхахоша, юкъараллин векалша. Onur Air авиакомпанерчу кеманан экипажана а, Истамбулера схьабаьхкинчу пассажирашна а зезагийн курсаш а, дагалецамна совгIаташ а делира», – бохура I.Шахгириевс.

Iуьйранна, нийсса 5 сахьт даьлча, шена тIехь Нохчийчуьра, Дагестанера, ГIебартойн-Балкхарера, Къилбаседа ХIирийчуьра 135 пассажир а волуш, Истамбуле даха новкъаделира кема. 7 сахьт 15 минот яьлча Истамбулерчу Атаюрк Кемалан цIарахчу дуьненаюкъарчу аэропортехь охьахиира лайнер, цхьа а некъахьовзам ца хуьлуш. Дала тIаьхье беркате йойла оцу мехалчу гIуллакхан.

Министран заместитела I.Шахгириевс дийцарехь, Истамбул – Соьлжа-ГIала – Истамбул маршрутаца авиарейсаш хIинца дуьйна кIиранах кхузза хир ю: кхаарин, пIераскан, кIиранан деношкахь. Истамбулера кема Соьлжа-ГIала схьакхочур ду 3 сахьт 45 минот яьлча. Соьлжа-ГIалара Истамбуле даха кема новкъадер ду нийсса 5 сахьт даьлча. Кемано 2 сахьтехь 15 минотехь некъ бийр бу. Оцу маршрутаца дIасалелачу кеманна билеташ эца аьтто хир бу Onur Air авиакомпанин Соьлжа-ГIалин аэропортехь йолчу авиакассехь.

«Туркойн Onur Air авиакомпанис дакъа а лоцуш, герггарчу хенахь билгалдеш ду кхин а шина метте кеманаш дIасалелийтар. Царах цхьаъ ю россихошна дика евзаш йолу Анталья. Цигахь садаIар чIогIа дезаш бу вайн махкахой. ШолгIа маршрут Соьлжа-ГIалара немцойн Боварин пачхьене Мюнхене хир ю», – элира Шахгириев Iаьлвис.

Дагадаийта лаьа Туркойн Onur Air авиакомпаница цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь болу барт Нохчийчоьнан транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана дакъа а лоцуш бина хилар. Герггарчу хенахь республикин бахархойн а, хьешийн а аьтто хир бу туркойн Адана, Анталья, Бодрум, Измир, Трабзон, кхечу гIаланашка дуьххьалдIа а, транзитни а рейсаш ян. Иштта билгалдеш ду Соьлжа-ГIалара Берлине, Мюнхене, Дюссельдорфе, Париже, Амстердаме, Актау, Одессе, Никосе авиарейсаш яр.

Onur Air авиакомпани 1992-чу шарахь дуьйна ю пассажираш дIасабуьгуш. Компанис шен кеманашца дIасавигна 90 миллион пассажир. Дерриге а дуьненарчу 120 метте дIасалелаш ду цуьнан кеманаш.

С.АНАДЕВ

№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: