Муха кхочушдо шун хьашташ?

Белхазалла лахъелла йогIу

Шелковски кIоштахь бахархой балха нисбаран туьшан (ЦЗН) коллективо шен балхахь коьрта тидам тIебохуьйту бахархой балха нисбаран, белхазхойн социальни хьашташ лардаран, къинхьегаман рынкерчу хьолан мах хадоран, болх боцуш бисинчу гражданашна керла говзаллаш Iаморан, уьш юхакечбаран гIуллакхашна. Туьшехь иштта пачхьалкхан хьашташ кхочушдаран гурашкахь хьесапе оьцу болх лохуш болу гражданаш, белхазаллина хIоттийна ахча а, стипендеш а дIало. Гражданашка а, организацешка а хаамаш бо къинхьегаман рынкехь долчу хьолах, балха дIанисбан, корматаллин кечбан йолчу таронех лаьцна.

КIоштан туьшан директора З.Уматгириевас дийцарехь, хIокху шеран бекарг (март) бутт болалуш хьесапе эцнарг 2 720 белхазхо ву. Шеран хьалхарчу шина баттахь балха нисвар доьхуш туьшехь хилла 426 стаг. Царна юкъахь белхазхо лерина волу 61 стаг – штаташ лахъеш балхара дIабаьхнарш а, шайн лаамехь балхара дIабевлларш а. Ткъа дийнна схьаэцча, чиллин (февраль) бутт чекхболуш кIоштахь белхазаллин барам 9,6 процент бара.

Оццу хенахь болх луш болчара довзийтина белхан меттигех долу хьал. Билгалъяьлла 91 меттиг. ХIара корматаллаш йолу белхахой оьшу болх луш болчарна: 16 лор, 32 хьехархо, 4 тракторист, 7 ветеринарни лор, 9 ветеринарни фельдшер, 3 ветеринарни санитар, 4 ветеринарни куьпан куьйгалхо, 3 хехо, 5 техничка, цхьацца секретарь а, социальни балхехула волу говзанча а, материально-технически кхачояран хьаькам, лаборант, бухгалтер, дворник, белхало, ВДГО-н слесарь.

Социальни гIо

Бахархойн социальни хьашташ кхочушдарехь, социальни ахчанаш хIитторехь, дахаран чолхечу хьелашкахь долчу адамашна социальни гIо дарехь билггал болх бина 2016-чу шарахь Нажи-Юьртан кIоштарчу къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделан коллективо. Цуьнан куьйгалхочо И.Кадаевс чIагIдарехь, стохка социальни ахчанаш хIиттийра льготникийн 17 тайпанчу адамашна. Юкъах ца дуьтуш, дIадаьхьира берийн хIора баттана догIу ахча, къинхьегаман ветеранашна, реабилитаци йинчу адамашна, тылан къинхьегамхошна, 100 шо а, цул сов а хан йолчу гражданашна ЕДВ, ткъа иштта кхелхинчу тIемагIуллакххойн хIусамнаношна, Кадыровн орден еллачарна, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна ЖКУ дIадалар.

Карлаехира дукха бераш долчу доьзалийн, ледара кхачойинчу доьзалийн, буоберийн, «Нана турпалхо» мидалца совгIат диначеран спискаш. ХIусамийн хьелаш тодарна лерина тIеман гIуллакхийн заьIапхошна а, дакъалацархошна а дIаделира 9 180 эзар сом ахча. Социальни контрактаца материальни гIо дина 20 доьзална. Отделан белхахоша теллина, чохь 18 шо кхачаза бераш а долуш, къен Iаш болчу доьзалшна тIебогIу пайданаш: цхьа а тайпа пайда тIе ца богIу 159 доьзална, 500 соьме кхаччалц – 840 доьзална, 1 000 соьме кхаччалц – 325 доьзална, 3 000 соьме кхаччалц – 804 доьзална.

Тидамза ца дуьту отделехь белхахой ийманехь кхиоран гIуллакхаш а. Шаьш долчу кест-кеста кхойкхура кIоштара Iеламнах. Цуьнца цхьаьна дийцаре дора къона тIаьхье динан ойланехь кхиоран, доьзалехь берашна а, дай-наношна а юккъерчу юкъаметтигех лаьцна долу гIуллакхаш. Юьртан маьждиган имама Адаев Денилбека жигара дакъа а лоцуш, дукхазза а хилира отделехь терроризмаца, экстремизмаца къийсам латторан хьокъехь къамелаш.

Зорбане кечийнарг – Л.АБУБАКАРОВ

№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: