А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь Муцураев Олхазаран «Заманан чолхаллехула» а, «Мила ву мила» а цIерш йолу ши книга йовзийтира. Цигахь дакъалецира Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалша, Муцураев Олхазаран гергарчара а, цуьнан белхан накъосташа а.
Цхьаьнакхетар дIахьош вара республикехь дика вевзаш волу тележурналист Тухашев Хьамзат. Книгийн авторх дош а олуш дIадолийра цо цхьаьнакхетар.
Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан заместитела Мамакаев Эдуарда билгалдаьккхира Муцураев Олхазаран книгаш документальни, публицистикин жанрашкахь язйина хилар.
– Олхазара йоццачу хенахь зорбане яьккхина ши книга. Ша журналист хиларе терра, сиха язйина цо и книгаш. Бакъду, еша атта ю уьш. Вайн гIарабевллачу турпалхойх лаьцна цо «хIиттийна» суьрташ тахана пайдехь хилла а ца Iаш, тIекхуьучу чкъурана а пайдехь хир йолуш ю. Вайн тIаьхьенашна нохчийн турпалхойн цIерш а, цара лайнарг а хаа дезаш ду, тIаккха церан цIерш вайн исторехь яха юьсур ю, – бохура цо. – Олхазарах лаьцна дийца дукха ду сан. ХIора къоман а бу шен-шен турпалхой, иштта – вайн а. Яхь, доьналла, майралла йолу турпалхой вайн къоман а хиллий хаийтар вайн декхар ду. Ткъа Олхазара шен декхар кхочушдина. Суна къаьсттина тидам тIебахийта луур дара «Мила ву мила» цIе йолчу книгина. Вайн турпалхойн дахарш довзийтар, царах дерг тIекхуьучу чкъуре дIакховдор кегийрхой кхетош-кхиорехь Iаламат маьIне гIуллакх ду. Вайна ма-хаъара, йозанехь дерг дуьсу. Иштта, йозанехь дуьсур ду Олхазара вайн турпалхойх аьлла дош а. Вайн заманахь книгаш ца йоьшу олуш делахь а, книгаш йоьшуш берш а бу, – элира Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Кусаев Iадиза.
О.Муцураев дика публицист хилар билгалдаьккхира Дадаев Сайд-Хьасана.
– Ша арахецначу книгаш тIехь ша говза журналист санна гайтина Олхазара. Цунна исбаьхьаллин литературехь болх бан ца хаьа бохург дац иза. Делахь а, шена масийтта шарахь марзъеллачу кепехь, шен тIамарх доьлларг а, халкъе дIакховдо дезарг а ду цо шен книгаш тIехь яздинарг. Книгаш ешча гуш ду иза дика публицист хилар. Суна авторе цхьа хIума ала луур дара: кхин жанраш ма леха, хIунда аьлча, ахь юьхьарлаьцнарг хьайна дика евзаш йолу жанраш ю, оцу жанрашкахь болх бе кхул тIаьхьа а, – элира цо.
Шен юьртахочух а, цо биначу балхах а довха дешнаш элира журналиста, республикин «Даймохк» газетан культурин отделан редактора Эльдерханова Зайнапа: – Хууш ма-хиллара, хIокху заманахь вай хьере а, сиха а ду. Бакъду, цхьа зама-м йогIур ю, «Вайн дай муха Iийна-те? Цара хIун лелийна-те?», бохуш. Автора яздина хIора дош а, баккъал а шен дагна а, синна а Iаьткъинарг ду. Сиха язйина ю цо шен книгаш, амма вайна ма- хаъара, хIораннан а язъяран шен хатI санна, язъяран шен болар а ду. Иштта шен цхьана боларца язйина Олхазара и книгаш. Вай тешна ду, хан-зама яларца, цо шен ойланаш кхин а тIеюзург хиларх.
Цул тIаьхьа, книгийн автора оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачарна книгаш а луш, дерзийра и цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо