Премьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан рогIерчу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалгIахь цхьаьнакхийтира Екатеринбургерчу «Уралца».
Майдан дай: Н. Заболотный, В. Хозин, А. Данцев, М. Бергер, С. Оттесен, А. Щаницын (Х. Асведо, 45), А.Ерохин, Ч. Лунгу, А. Фидлер, В. Подберезкин (Э. Маначурян, 65), А. Ставпец (Д. Дорожкин, 77).
СоьлжагIалахой: Я.Годзюр, Р. Уциев, Ф. Кудряшов, А.Семенов, М. Коморовски, И. Лебеденко (И. Айссати, 90), М.Рыбус, О. Иванов (Р. Кану, 85), А. Аилтон, Ж. Маурисио, В. Адилсон (Ф. Пириз, 90).
Коьрта суьдахо Федотов Игорь (Москва).
Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» а, Екатеринбургерчу «Урало» а вовшашца ловзуш цхъа а хьошалгIахь толам ца баьккхина. Даима а майдан дайша толам боккхуш нислора хIинццалц. 2003-чу шарахь 1-чу дивизионехь ловзуш (хIинца ФНЛ Екатеринбургера ) еанарг йоцург цхьа а очко а енера соьлжагIалахоша а. Цу хенахь хилла цхьаьнакхетар жамI 0:0 долуш дирзира. Амма чекхъяьллачу мехкан чемпионатехь вайн республикин коьрта команда герга яра Екатеринбургехь «Урала» тIехь толам баккха. Оцу цхьаьнакхетарехь кхо очко яккха йисинчу пхеа минота чохь майдана юкъаваьллачу Маначурян Эдгара тIекIел ши буьрка туьйхира вайн командин кевнна. Иштта оцу матчехь а толам баккхарна герга хилла болу соьлжагIалахой цхьа а очко йоцуш бисира. Билгалдаккха лаьа, соьлжагIалахой «Уралца» премьер-лигехь кхузза левзина. Цкъа эшна, цкъа толам а баьккхина. Иштта цхьа цхьаьнакхетар толамхо билгал ца волуш а дирзина.
ПIераскан дийнахь хилла матч «Уралан» футболисташа шайн тIелатарца дIайолийра. А.Щаницын вара вайн кевнна кхерамаш туьйсуш. Амма цо тоьхна буьрка уллехула елира. Бакъду, цул тIаьхьа майдан дайшна шолгIа тIелатар дарна шорта хан ийшира. ХIунда аьлча, соьлжагIалахой царел гIолехь ловзура, ткъа буьрка майдан дайшка наггахь бен кхочуьйтуш а яцара. Дуьххьарлерчу итт минотехь гол тохарца билгалвала таро яра Кудряшов Федоран а, Маурисио Жозен а, Лебеденко Игоран а, амма Заболотный Николай тIех дика лаьттара кевнехь. Иштта вратаран ловзар бахьана долуш счет хьалхарчу таймехь схьа ца еллаелира соьлжагIалахошка. Серлонан табло тIехь догуш 0:0 а долуш садаIа яхара командаш.
ШолгIачу таймехь а дара изза сурт. Дуьххьара тIелатар «Уралан» футболисташа дира Асведо Херсона тоьхна буьрка юххехула елира Годзюр Ярослава лардечу кевнна. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу «Тереко», хьалхарчу таймехь санна, шайн тIелатарш дIадолийра, 68-чу минотехь счет схьа а йиллира. Гол тохарца билгалваьлларг вара Иванов Олег. Иштта командин вице-капитана тоьхначу буьркано толам а баккхийтира соьлжагIалахошка. Ткъа и толам церан цхьаьнакхетарийн исторехь хьошалгIахь дуьххьара баьккхина а бара.
«Даймохк» газетдешархошна довзуьйту 6-чу турехь кхечу командийн хилла жамIаш: ЦСКА (Москва) – Ростов (Дона-тIера-Ростов) – 6:0; «Рубин» (Казань) – «Уфа» (Уфа) – 1:1; «Локомотив» (Москва) – «Зенит» (Санкт-Петербург) – 0:1; «Арсенал» (Тула) – Кубань» (Краснодар) – 0:1; «Амкар» (Пермь) – «Спартак» (Москва) – 2:0; «Мордовия» (Саранск) – «Торпедо» (Москва) – 1:0.
А.АБДУЛАЕВ