Лондонерчу туьканахь дара иза

Европерчу пачхьалкхийн дукха гIаланаш гина суна. Кхечу махкахь хилар пайдехь гIуллакх ду. Нах муха беха, церан культура, истори, йийцарехь доцуш, хьайн бIаьргашна гар нисло.

мальчик  и книга

Ингалсан мохк Европехь цхьа шатайпа бу, хIора гIала, юрт шен сибат долуш. Ингалсхойн шайн бен кхин хила йиш йоцу билгалонаш а кIезиг яц. Уьш ю, цара дозалла деш йолу, ши гIат долу цIен автобус, телефонан цIен цIа, яздина кехаташ чу кхуьссу почтин шелиг. Туьканийн, паркийн, университетийн чот йина вер а вац.

Ингалсан махкахь масийттазза хила рицкъ хилла сан. Сайна гиначух, хезначух уггаре а сирлачух дийца лаьа.

Цхьана дийнахь Лондонехь махлелоран туьше яханера со. Масех гIат долуш, аьнгалех йина инзаре йоккха гIишло яра иза, хIокху вайн цIерачу, Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекин «Iаьнан» бешах, цуьнан залах тера а йолуш. Оцу туьшан лаккхарчу гIата тIе, эскалатора тIехь хьалайолуш йолчу суна хьалха жимачу кIентан куьг лаьцна, лаьттара йоккха стаг. КIайчу аматехь, хьаьрса месаш йолуш, лерина кечвелла вара тIехьаьжна 7–8 шо хир долу кIант. Эскалатора тIера охьадиссира тхо тхайна оьшучу гIата тIехь.

ЦIеххьана, йоккхачу стеган куьг дIа а хецна, цхьана агIор дIахьаьдира кIант. Йоккха стаг кIентан денана я ненана йолчух тера дара. Мотт-гIайба духкучу агIор дIайирзина йолу иза, юхахьажаелла, халла къаьсташ елакъежна, корта ластийна, шен гIуллакхе дIаяхара.

КIант иштта сиха дIавада хIун бахьана дара? Кхузаманахь жима ингалсхо Iехавала дан мукъане хIун хир дара? – аьлла дагадеана, дIахьаьжначу суна гира, книгийн терхенех букъ дIа а товжийна, книга кара а эцна, иза йоьшуш, лаьтта хиъна Iаш волу кIант.

Иза тайнигаш, берийн «герз» духкучу отделана тIе ца вахнера. Цо лехнарг книга яра. Хьажахь, цкъа а тIом ганзачу ингалсхочо книга хоржу, тIом боцург кхин дуьне ца гуш схьавогIучу нохчийн кIанта компьютеран ловзарш, герз бен ца хоржу. Вайна, нохчийн берашна, ма чIогIа оьшура Iилманна, книгина тахана и ингалсхо санна даггара тIедерзар.

Лондонерчу туьканахь хиллехь а, сан ойланаш цIахь, Нохчийчохь яра. Даймахкана генахь дика яло хьайн мехкан, халкъан селхенах, кханенах ойланаш.

Юьстахъяьлла, ехха Iийра со цу кIантах йоккхаеш. Сурт даккха бакъо ца хиллехь а, книга йоьшуш Iачу кIентан сурт ца доккхуш ца Iаелира со.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: