Iаламан хийцамашна – кечам

ХIокху деношкахь Гуьмсан кIоштарчу БоргIанехь, оццу кIоштан администрацин куьйгалло хиш дистича, цаьрга зен ца дайта дуьхьалонаш ярна кечамаш муха бина хьажаран Iалашонца, тренировка дIаяьхьира. Нохчийн Республикин Правительствехь йолчу кхерам хилар дIахьедаран а, меттигерчу Iаламехь хIоьттина къаьсттина чIогIа хьал дIадаккхаран а комиссин тIедилларца кхочуш деш дара иза. Цигахь дакъалоцуш Гуьмсан кIоштан цIеяйаран-кIелхьардахаран №10 йолчу декъан 31 белхахо а, 12 техника а яра.

uTPAz0kaWG-big-reduce350

БоргIана эвлана йистехь леррина йина ю Теркан хин барам тергонехь латторан система а, сихонца орцадаккха дезаш хьал хIоьттича, орца массарна хезаш хир долу аппарат а. Нахана я церан бохамна кхерам хир болуш хьал тIехIоттахь, хьалххе орцадаккха а, нах кIелхьарбаха а таро хуьлуьйтур ю цара.

Автотранспортан предприятис оцу гIуллакхна къастийначу автобусашкахь, хино зулам диначу меттера нах кIелхьарбохуш а, лазийнарг лоьрийн сиха орца кхачо машенахь больнице вуьгуш а, шаьш кийча хиларан ницкъаш гайтира лакхахь билгалдаьккхинчу декъан белхахоша.

М.ВЕГИЕВА

№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: