Ноналлин (доьзалан) ахча дIадаларехь – хийцамаш

Карарчу шеран бекарг (март) беттан 3-чу дийнахь №523 йолуш арабаьллачу «Россин Федерацин Правительствон законодательни цхьадолчу акташкахь хийцамаш баран хьокъехь» Россин Федерацин Правительствон сацамца дикка лахйина ноналлин (доьзалан) капиталан харжаш дIаяларан хан. Ноналлин (доьзалан) капиталан билгалйинчу харжех гIуллакхдаран хьокъехь долу заявлени кхочушдаран сацам Россин Пенсионни фондан меттигерчу органашна тIеэцна 10 де далале дIадала деза хIинца ахча, хьалха цхьа бутт баьлча луш хиллехь.

matkapital

Цул сов, керлачу сацамца чIагIдина ноналлин (доьзалан) капиталах пайдаэцарна оьшуш долу документаш. Вуьшта аьлча, хийцина хIусамийн хьелаш тодаран Iалашонца ноналлин (доьзалан) капиталах пайдаэцархьама Россин Пенсионни фонде дIадала дезаш долчу документийн цIерш. Хила езаш ерг ю дIасабахьалуш боцчу бахамна йолчу бакъонна пачхьалкхан Цхьааллин реестрехь елла йолу выписка. Долаллин бакъонан хьокъехь долчу тоьшаллин копи хIинца оьшуш яц. Делахь-хIета, цуьнца доьзна, хьалха санна долаллин бакъонан хьокъехь тоьшалла доьхур дац Пенсионни фондан отделехь.

Керланиг юкъадалор доьзна ду Федеральни законодательствехь хийцамаш бина хиларца. Цаьрца нийса а догIуш, дIасабахьалуш боцчу бахамна а, иза дIасабаларна а йолу бакъо пачхьалкхан регистраци яран хьокъехь долчу тоьшаллица ца чIагIъеш, ткъа дIасабахьалуш боцчу бахамна йолчу бакъонан пачхьалкхан Цхьааллин реестрерчу выпискица чIагIъеш ю. Долаллин бакъонна пачхьалкхан регистраци яран хьокъехь долу тоьшаллаш далар юкъара дIадаьккхина.

Иштта, вай буьйцуш болчу сацамца хийцамаш бина Россин Правительствон цхьамогIа нормативни-бакъонийн акташкахь. Цара билгалйоккху хIусамийн хьелаш тодарна, бере (берашка) дешийтарна, заьIап берашна оьшу товараш эцарна, церан хьашташ кхочушдарна йина харжаш меттахIиттон ноналлин (доьзалан) капиталах пайдаэцаран, иза оцу хьашташна хьовзоран къепе.

I.ХАСАНОВ

№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: