Культурин а, искусствийн а белхахойн говзалла лакхаяккхаран Дешаран-методикин туьшан куьйгалло бекарг (март) беттан 21–24-чуй деношкахь дешаран курсаш дIаяьхьира берийн исбаьхьаллин школашкарчу гайтаман искусствон хьехархошна лерина. А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь хилира курсаш. Курсийн тема яра «Инновационная методика проведения занятий по изобразительному искусству в детских художественных школах на современном этапе». Курсаш очни а, заочни а кепашкахь хилира.
Библиотекин хьалхарчу гIат тIехь ю Культурин министерствон Дешаран-методикин туьшан семинараш а, мастер-классаш а дIахьош йолу йоккха класс. Иза кхузаманан технологин гIирсашца кечйина ю, чохь компьютерш, интерактивни у долуш.
Берийн исбаьхьаллин школашкарчу хьехархошна лекцеш йоьшуш яра Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан гайтаман искусствийн кафедрин заведующи Т.Юсупхаджиева, Россин Федерацин суьрташдахкархойн союзан декъашхо гайтаман искусствийн кафедрин лакхара хьехархо Дадакаева Элита.
Суртдилларан говзаллин керла методика, техника йовзийтар яра курсийн Iалашо. Курсаш дIаюьйлаеллачу дийнахь Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Баудди веара дешар дIахьочу класса чу. Чулацаме а, дехха а къамел дира цо культурин а, искусствон а белхахошна хьалха.
«Берашца къахьоьгуш болу вайн хьехархой массо а агIор кхиъна, хаарш шуьйра долуш, берашна хьекъал, Iилма довзийтина ца Iаш, культура гойтуш, иза Iамош хила беза», – бохура Х.-Б.Дааевс. Говзалла лакхаяккхаран курсашкахь Iемачу хьехархойн аьтто хила шена лаар хаийтира министра.
Гайтаман искусствийн бевзачу говзанчаша дIахьочу курсашкахь доьшуш вайн республикин хIора а кIоштара 36 хьехархо ву.
Царна массарна а курсаш яьхна хилар чIагIдеш сертификаташ лур ду герггарчу хенахь.
З.ХИЗИРОВА
№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо