Ерригроссин конкурс

Стратегийн дIадолорийн агентствос дIахьо Ерригроссин «Россехь предпринимательство: истори, проблемаш, кхиамаш» цIе йолу журналистийн VI-гIа конкурс. Иза дIахьош ю Россин хаамийн «ТАСС» агентствон гIоьнца. Толамхошна совгIаташ дар дIахьур ду Москвахь 2017-чу шеран асаран (июнь) баттахь.

ХIокху шарахь конкурсан совгIатийн фонд 1 080 000 сом ю.

ХIора а номинацин лауреатана хIокху барамехь совгIаташ дийр ду:

хьалхара меттиг – 120 эзар сом;

шолгIа меттиг – 60 эзар сом;

кхоалгIа меттиг – 36 эзар сом.

Конкурсехь дакъалацийта дIаоьцу 2016-чу шеран асаран (июнь) беттан 2-чу дийнера 2017-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу дийне кхаччалц болчу муьрехь шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь хилла материалаш (публикацеш, хаамаш, радиотелесюжеташ, иллюстрацеш, суьрташ).

ХIора материалана а конкурсе ша къаьстина заявка язъян еза. Конкурсехь дакъалаца лууш волчо (йолчо) шена луъучу барамехь материалаш яхкийта мегар ду.

Заявка кхуза яла мегар ду: http://asi.ru/konkurs/smi/2017/form.php.

Конкурсан хьолах а, номинацех а дерг конкурсан официальни агIонехь хаа аьтто хир бу http://asi.ru/forsmi/ konkurs.

Тхо хьоьжуш ду аш заявкаш яхкийтаре.

№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: