ДIадаханчу кIирнах Россин Федерацин культурин шеран гурашкахь Шелковской юьртахь «ДоттагIаллин доьзал» республикин этнокультурин центрашна юккъехь фестиваль-конкурс дIаяьхьира.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Жамалдаев Шаид а, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хожа-Баудди а. Хьалхарчо схьайиллира фестивалан конкурс.
Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хожа-Бауддис билгалдаьккхира конкурсехь дакъалоцуш Нохчийн Республикехь дехаш долчу дерриге а къаьмнийн культурийн центрийн векалш хилар.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида дийцира, республикехь дехаш долчу дерриге а къаьмнийн цхьатерра лерина еш терго хиларх лаьцна.
– Вайн республикехь бIешераш хьалха дуьйна бертахь цхьаьна дехаш дуккха а къаьмнаш ду. ХIокху тайпанчу мероприятеша вайн уьйраш чIагI а йо, республикин культура лакха а йоккху, – бохура Ш.Жамалдаевс.
Конкурсехь шайн къаьмнийн культура гайтира дакъалацархоша. Чаккхенехь толамхошна дипломаш а, деза совгIаташ а делира Х.-Б.Дааевс.
Толам баьккхира Шелковской районан ногIийн культурин центро а, гIезалойн культурин центро а.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
Авторан сурт