Нохчийн Республикехь бехаш дуккха а къаьмнийн векалш бу. Уьш, бIешерийн йохаллехь, вайн къомаца цхьаьна хало-атто ловш, дика-вуон юкъара долуш, цхьабарт болуш схьабогIуш бу. Таханлерчу дийнахь республикин юкъараллин дахарехь а, къаьмнийн юкъаметтигаш чIагIъярехь а, культура, искусство кхиорехь а жигара дакъалоцу цара. Нохчийчохь дехаш долчу къаьмнех динца а, культурица а, Iер-дахарца а вайн къомана уггаре а герга болчарех бу ногIий. Уьш, карарчу хенахь, кхо эзар ах эзар сов бу вайн республикехь.
«НогIийн юрт» ала мегар долуш ю Нохчийн Республикин Шелковски кIоштара Сары-Су. Кхузахь Iаш болчу бахархойх 62,5 процент ногIий бу. Таханлерчу дийнахь верриге а 2 111 вахархо ву юьртахь: ногIий – 1 320, нохчий – 742, оьрсий – 13, гIумкхий – 13, гIезалой – 10, кхидолчу къаьмнех – 13.
1936-чу шарахь аренгара ногIий тайп-тайпанчу кегийчу каппашкара цхьана йоккхачу юьрта дIакхелхира. Цигахь йиллина Сары-Су. 90-гIа шераш доладаллалц Дагестанна юкъахь хилла юрт. Карарчу хенахь Нохчийчохь ногIий Iаш болу уггаре а йоккха меттиг хилла дIахIоьттина иза. 2010-чу шарахь дуьйна юьртахь болх беш ногIийн кегийрхойн юкъараллин «Ийман» организаци ю. Регионан юкъараллин «Патриот» организацин а, Нохчийн Республикин Парламентан а гIоьнца, ногIийн къоман культурина накъосталла даран Iалашонца кхоьллина ю иза. Иштта, ногIийн къоман Культурин туш, Культурин цIа, библиотека, кхо маьждиг, школа, берийн беш, агропромышленни ши предприяти, ФАП, почта ю юьртахь.
Сары-Сун администрацина куьйгаллехь Муртазалиева Разилет ю. 1964-чу шарахь циггахь йина а ю иза. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Орджоникидзевски корматаллин училищехь бухгалтеран говзалла караерзийна, юьртарчу госхозе балха яхара. Цигахь цхьана шарахь ораматашлелоран гIуллакхаш девзира йоIана. Цул тIаьхьа коьртачу бухгалтеран заместитель хIоттийра. 1994-чу шарера 2005-чу шаре кхаччалц коьртачу бухгалтеран болх бира.
Терахьашца болу болх безарна, ХIинжа-ГIаларчу гуманитарни-технологически академе деша яхара. ТIеман шераш долчу хенахь юьртара берриге а бахамаш дIасабехира, госхоз а дIаелира. Разилетан говзалла а, хьуьнар а гуш, администрацин куьйгалхо хоржучу хенахь, харжамашкахь дакъалацар дийхира кхуьнга гергарчара, бевзачара. Иштта, 2010-чу шарахь юьртан да хаьржира Р.Муртазалиева. БIо ца къажош, муьлхха а болх бо Разилета. Говза, хьуьнаре белхахо а, дика хIусамнана а ю иза, администрацин коллективо дийцарехь.
Муртазалиева Разилета чIагIдо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, республикин Iедалерчу кхиболчу наха а шайн юьртана оьшучу хIуманна тIехь доккха накъосталла деш хилар.
«Цкъа Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министраца Тумхаджиев Абубакарца цхьаьнакхетар хилча, 50 КамАЗ жагIа бехнера ас цуьнга. ШолгIачу дийнахь и жагIа тхан юьрта кхачийра. ХIусамийн-коммунальни бахаман министра А.Айдамировс (ша министр лаьттинчу муьрехь) юьрта хи далорехь гIо дира. «Къилбаседа Кавказан МРСК» ОАО-н коьртачу директоран заместитела С.Муртазалиевс трансформатор елира тхуна. КIоштан куьйгалло а дIааьллачу хIуманна тIехь накъосталла до. Масала, ногIашна юкъахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула схьайиллина турнир дIаяьхьира оха, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин а Туризмехула йолчу комитетан а, кIоштан администрацин а гIоьнца. Дагахь дисира юьртахошна а, хьешашна а «Навруз Байрам» дезде а. КIоштан администрацис ахча а делла, жижиг а ийцира оха, концерт а хIоттийра. Самукъане а, хаза а нисделира цIей. Иштта, Кадыров Рамзанан адамалла а, къинхетаме политика а бахьанехь, вовшашца ларам болуш, вовшех кхеташ, вовшашна накъосталла деш Iаш ду тхо», – дийцира Р.Муртазалиевас.
А.ВАХАЕВА
№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо