Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина оханан (апрель) беттан 2–6-чуй деношкахь регионехь дуьххьара дIахьур ю К-1 декъехь кикбоксингехула Россин чемпионат а, хьалхеяккхарехьа къийсадаларш а. Нохчийн пачхьенехь спортан и доккха дезде тIекхочуш оцу къийсадаларех лаьцна дийцира Нохчийчоьнан кикбоксинган федерацин президента АХМАДОВ МОХЬМАД-ЭМИС. Лахахь зорба туху «Даймохк» газетан журналистаца хилла цуьнан къамел.
– Республикехь кикбоксингехула Россин чемпионат а, хьалхеяккхарехьа къийсадаларш а дIадахьаран ойла муха кхоллаелира Мохьмад-Эми? Стенца доьзна дара иза?
– Тахана регионан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан бахьанехь Нохчийн Республика Россин спортан дахар уггаре а дика кхиъначу туьшех цхьаъ ю. Вай долчохь кест-кеста дIахьо даккхий къийсадаларш. Республике богIу дуьненан спортехь гIарабевлла спортсменаш. Спортехь дакъалацарна махкахь уггаре а тоьлашха хьелаш кхуллу кхузахь: кхуллуш ю керла инфраструктура, тоеш ю йолуш ерг, кегийрхошца болх бан кхойкху цIеяхханчу говзанчашка. Боккха тидам тIебохуьйту Кадыров Рамзана кикбоксингана. ТIекхуьуш долчу чкъурана юкъахь спортан и кеп шуьйра яржоран Iалашонца регионан Куьйгалхочо тIедиллира Россин чемпионат а, хьалхеяккхаран къийсадаларш а Соьлжа-ГIалахь дIадахьар, вовшахтохараллин гIуллакхаш къастор республикин кикбоксинган федерацина тIе а диллира: Россин кикбоксинган федераце дехар дар, дан оьшуш долу гIуллакхаш дийцаре дар. Оха хьокъала доллу кехат дахьийтира Москва, дIадаьхьира цхьаьнакхетарш, цхьаьний йийцаре йира дIахьон долчу къийсадаларийн проект. Хазахоьтуьйтуш ду мехкан кикбоксинган федерацин куьйгалло вайн республикин Куьйгалхочун дIадолор къобалдина а, Нохчийчохь спортан гIуллакхаш тодарна Рамзана юкъадуьллуш долчу декъан лаккхара мах хадийна а хилар. Федерацехь билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн регионехь лаккхарчу тIегIанехь дIахьо спортан гIуллакхаш, шех масал эца хьакъ а ю иза. Цунна тоьшалла ду дIадаханчу шеран хьаьттан (август) баттахь нохчийн пачхьенехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина корматаллин кикбоксингехула дIаяьхьна хилла дуьненаюкъара турнир а, 2016-чу шеран жамIашкахула иза Россехь тоьллачарах лерина хилар а. ДоггIучуьра, Россин кикбоксинган федерацин президентана Рындин Юрий Николаевична а, цуьнан накъосташна а даггара баркалла ала лаьа спортан хиндолу доккха дезде нохчийн лаьтта тIехь дIадахьар вовшахтохарехь гIолацарна. Даггара боху ас, марша догIийла, доттагIий, Соьлжа-ГIала!
– И гIуллакх дIадахьарна новкъарло ян тарлуш цхьа а чолхаллаш хIиттирий вайн федерацина хьалха?
– Соьлжа-ГIалахь кикбоксингехула Россин чемпионат а, хьалхеяккхарехьа къийсадаларш а дIадахьа вайна бакъо елира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан спортан дуьненахь вовшахтохараллин похIма а, Iаламат боккха сий-ларам а бахьанехь. Ша деш долчу билггалчу гIуллакхашца гайтина цо дерриге а дуьненна Нохчийчохь спортан декъехь, ша аьлча, кикбоксингехь йолу таронаш. Рамзана гIолацарца кхоьллина регионехь кикбоксинган корматаллин «Ахмат» клуб. Цуьнан декъашхоша толамаш боху тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь. Кегийрхоша кхузаманан тоьллачу спортан залаш чохь дIахьо шайн тренировкаш, лакхайоккху корматалла. Оцу декъехь спортан лаккхара кхиамаш хиларо дуьненахь хьакъ боллу ларам хиларе кхачийна вайн республика. Оцу дерригено таро елира Россин кикбоксинган федерацина спортан и дезде нохчийн лаьтта тIехь дIадахьаран хьокъехь сацам тIеэца. Тхуна, регионан федерацина, диссинарг цхьамогIа технически гIуллакхаш кхочушдар дара. Россехь Iаламат дукха ю спортан и тайпа форум тIеэца, къийсадаларш лаккхарчу тIегIанехь дIадахьа хьуьнаре йолу регионаш. Цундела дагна там беш ду хIокху шарахь Россин чемпионат а, хьалхеяккхарехьа къийсадаларш а дуьххьара вай долчохь дIахьуриг хилар.
– Муха мах хадор бара ахь нохчийн спортсменаша къийсадаларшкахь дакъалацаран тIегIанан а, хинйолчу чемпионатехь дакъалацарна биначу кечаман а?
– Вайн спортсменаша кечамбаран тIегIанах лаьцна дуьйцу хIокху бакъдолчара. СКФО-н тIаьххьарчу чемпионатехь 16 дашо, 10 дато, 8 йоьзан мидал яьккхира цара. Дукха хан йоццуш кикбоксингехула Россин вовшахтоьхначу командин капитана Халиев Хьасана Испанехь, ринган да, хIинццалц цхьаьнгга а эшавелла воцу Гаруло Виктор эша а вина, Европин чемпионан доьхка даьккхира. ТIаьххьарчу Russian Gallenge-3 турнирехь вайн шина спортсмена Эмиев Iаьрбис а, Аскеров Джабара а толамаш бехира, цул сов, шолгIачо Russian Challenge кепехь дуьненан чемпионан дарж дIа а ца делира. «Ахмат» клубан декъашхоша кест-кеста дакъалоцу шен сий-ларам лакхара болуш йолчу Чинехь дIахьочу KUNLUN FIGHT турнирехь, титульни къийсадаларшкахь толамашка а кхочу. Дуьненан чемпионаша-вежарша ПасхаевгIара, дуккха а кхечара вайна тешам ло Соьлжа-ГIалахь Россин чемпионатан жамIашкахула шаьш лаккхарчу гайтамашка кхочург хиларна. Ас хIинцале а аьлла ма-хиллара, кегийрхошна оьшуш хIумма а дац. Царна оьшург дерриге а делла республикин Куьйгалхочо. Цул сов, дан дезаш шена хьалха лаьтташ дуккха а гIуллакхаш доллушехь, Рамзан кест-кеста хуьлу кикбоксинган «Ахмат» клубехь тренировкаш дIахьочу хенахь, тидамехь ду кегийрхойх хIораннан а могашаллин хьал, дог-ойла. Хьехамаш бо, даггара теша цара шайна хьалха хIиттийна декхарш кхочушдийриг хиларх. Тешна ву шайн коьрта хьехархо цара юьхьIаьржа хIотториг цахиларх.
– Россин чемпионат а, хьалхеяккхарехьа къийсадаларш а дIадахьа муха кечамбина республикехь?
– Тахана цхьанна а къайле яц Нохчийн Республика мехкан уггаре а сиха кхуьуш йолчу регионашна юкъайоьдуш хилар. Iаламат боккхачу айамехь ю экономика, социальни дакъа, культура, кхеташ ма-хиллара, спорт а. Регион езаелла туристашна, вай долчу богIу инвесторш. Нохчийчохь дIахьо дуьненаюкъарчу маьIнин Iилманан симпозиумаш, динан, гIуллакхаллин, юкъараллин-политикин конференцеш. Федеральни центрана кест-кеста го республика ведомствийн кхеташонаш дIаяхьаран бегIийла меттиг санна. ХIун гойту цо? Вай долчохь кхерамазаллин хьал ду, цIена ю, бегIийла хьелаш кхоьллина. Вайн спортан майданаш, хьешацIенойн комплексаш, дуккха а кхидерг Кадыровн командо дира хиндерг хьесапе а оьцуш. Доцца аьлча, вай кийча ду. ДIахаийта лаьа чемпионат а, хьалхеяккхарехьа къийсадаларш а «Колизей» спортхоллехь дIахьуриг хилар. Иза Къилбаседа Кавказехь ша цхьаъ бен йоцу дуккха а агIонийн объект ю, 4 200 стаг чу а хоьаш, цул сов, уггаре а керлачу инновацийн гIирсашца кечйина а ю иза.
«Колизейхь» дIаяьхьна спортан бIаьхаллин тайп-тайпанчу кепашкахула (боевые единоборства) дуьненаюкъара а, ерригроссин а турнираш, дуьненан эстрадин седарчаша дакъа а лоцуш, концерташ, исламан мода гайтар, кхидолу гIуллакхаш. ХIора а хилам шуьйра гойтура дерриге а дуьненахь миллионаш хьовсархой болуш йолчу телевиденехь. Тешна ву чемпионатан дакъалацархой, турнирехь алссамчу барамехь хинболу хьеший шайна кхоьллинчу хьелашна реза хирг хиларх.
– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана даима а толам баккхарна дог-ойла гIаттайо вайн спортсменийн. Мел боккха тидам тIебахийтина цо хIинца беш болчу кечамашна?
– Кадыров Рамзан хIора спортсменна уггаре а хьалха доттагI, ваша, командехь накъост а, коьрта тренер а ву. Цо шен масалца гойту хила лууш болчу гайтаме кхачархьама мел дукха къахьега деза. ХIора а цхьаьнакхетарехь Куьйгалхочо кегийрхойх хIораннан а дог-ойла гIаттайо толам баккхарна. Рамзанна вевза массо а, дерриге а хаьа царах дерг – муха беха, кхачанца долу гIуллакх муха ду, физикин а, тактикин а кечамна мел хан йойу. Боккха цхьа доьзал санна ду тхо, девиз а ю «цхьаъ массаьргахьа, массо а цхьаьнгахьа». Кегийрхоша боккхачу тидамца ладугIу регионан коьртачу стага аьллачуьнга, кечамбар дIахьо шайн берриге а ницкъаш тIеберзийна. Цара даггара баркалла боху Рамзанна цо шайн дуьхьа деш долчунна, дерриге а дан гIерта цуьнан сатийсам кхочушбарна тIехьажийна.
– ТIаьхьенаш муха хир ю аьлла хета хьуна Соьлжа-ГIалахь хинболчу хиламийн?
– Хиндерг хьалххе тидар дезаш вац со. Кикбоксингехь, спортан кхечу муьлххачу кепехь а санна, цамоьттург хила тарло. Къастамаллин даима а ца хуьлу говзалла, кечамбаран тIегIа. Кикбоксингехь толам боккху иза чIогIа баккха луучара. Мехкан чемпионат а, хьалхеяккхарехьа къийсадаларш а доккха зер ду вайн спортсменашна. ХIунда аьлча, Соьлжа-ГIала богIур бу мехкан, дуьненан тоьлла спортсменаш. Турниран жамIашкахула кхаж тосур бу дуьненан а, Европин а чемпионате йолчу путевкашна. Цундела цунна кечамбар ерриге а таронех пайдаоьцуш дIахьош ду аьлла хета суна, спортсменаша шайн дерриге а хьуьнарш гойтур ду, толам баккха болу лаам гойтур бу. Тешам боллуш ала йиш ю сан: оцу кепара боккха хилам тидамза буьсуш бац. Вайн кегийрхошна кхин а алсам езалур ю кикбоксинг, алсамбевр бу спортан залаш чу богIурш. Суна хетарехь, уггаре а дика жамI и хир ду.
– Иштта гIуллакхаш Нохчийн Республикехь кест-кеста дIадахьа деза аьлла ойла кхоллаеллий?
– Вайн волуш ву хIора а дийнахь спортан гIуллакхаш къастош, спортсменашца уьйраш латторна алссам хан дIалуш волу Кадыров Рамзан. Шайн рогIехь, цара хаддаза шаръеш лакхаяккха еза шайн говзалла. Ткъа иза коьртачу декъана йохьаллаш дIахьош бен дойла дац. Цундела тIейогIучу хенахь вайн дакъалаца дезар ду Россин санна, иштта, дуьненан а тIегIанийн дуккха а барамехь дIахьон долчу спортан даккхийчу къийсадаларшкахь.
Интервью зорбане кечйинарг – Л.МАГОМАЕВ
№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо