Меттан говзанча

Стоьла хьалха, назбар-гIантахь хиъна Iаш ву Къуддуз. Стоьла тIехь дIасакхийсина книгаш, газеташ, кехаташ ду. ТIетаьIIина цхьаъ яздеш ву иза, дуьненахь мел дерг дицдина. Пенах, нийсса цуьнан букъа тIехьа даккхийчу элпашца яздина ду: «Нохчийн меттан говзанча». Изза йоза ду неIарна тIе тоьхна а. Бухахула пIелг шаршош иза деша а дешна, коьртара холхаза куй бIаьштига тIе а таIийна: «ДIов-дIов-дIов», – оьккхуьйтуш, неIарх буй туху Iаббаза. Кхералой, ша волччохь ирхъэккха неIарна вукха агIор хиъна Iаш хилларг. Иза меттавеана валале:

– Ассаламу Iалайкум, варахьматуллахIи таIала вабарикату! Чуван мегар дуй! – олий, кабинетан дена хьалха дIахIуьйту Iаббаз, иза шегара салам схьаэца ларавале, дахдина куьг дIа а кховдош.

– ВаIалайкум са…

– Шу хIун деш ду? Все нормально? – хотту хьешо, важа бага гIаттийначохь а вуьтуш.

– Дика дохку. АлхьамдулиллахI! Шу…

– Иза дика ду. Вай, дуй хьуна, йозанан ударникаш мукъа ма дац. Даима в поиске ду, дуй хьуна…

– Хьо лаа варий? – хатта кхуьу Къуддуз, цо са чуузучу юкъана.

– Ву дера. Лаа а ву, тара а ву, понимаешь ли. ТIаккха, кхиниг доладале вайн вопрос дийца ас?

– Дийцал хIета, охьа а хаий, – цунна гIант гойту Къуддуза.

– Значит, дуй хьуна, современни нохчийн меттан говзанча оьшу шуна аьлла, объявлени йира сийсара, после семи, вайн телевиденихула. Поэтому, сайн оцу гIуллакхан йоккха талант йолу дела, со ларийра ву аьлла хеташ веана со, дуй хьуна.

– Дика веана. Ненан мотт цIена бийца хууш ву-кх хьо, вуй?

– Что ты. Ненаниг а хаьа, дениг а хаьа, амма оцу стунненаниг Iемаш вац-кха со, «хьа-хьа-хьа», – велало хьаша.

– ТIаккха, забарш а йитий, нохчийн маттахь къамел дехьа.

– Со яьлла буц санна кийча ву-кх. ДIаволавалар муха хета хьуна?

– Нохчийн маттахь «больной вопрос» муха эр дара ахь.

– Цомгаш хаттар эр дар-кха.

– Ткъа «первый август» муха эр дара?

– ЦхьалгIа август.

– Кхеташ ду. Кхеташ ду. Хьан гочдархочун похIма девзи суна. ХIинца хьайн дахарехь хиллачу хиламах лаций доцца цхьа хIума дийцахьа.

– Цхьа хаза хIума дийца ас. Короче. ЛадогIалахь. Тхан юьртахь вегIаш, нахаца общительни волуш, Собар-Iела вара. Цхьакха накъост вара цуьнца зависть йолуш. Оцу стаго мотт тухий, Iедал иза лаца догIуш хилла. ТIаккха мелла а сутканаш йохий, таллам бина баьлча, цIа воуьйтуш хилла. Амма дукха хан ялале вукхо юха а язык а бой, вайн гость дIахьош хилла, набахти чу засадить ван. Собар-Iела дIавуьгуш, первый дуьхьал а волий, оцу товарищо: «Собар-Iела, Дала могаш-маьрша цIа верзавойла хьо», – олуш, соболезновани еш хилла. Иза тюрмера цIа воуьйтучу хенахь а, массарал а хьалха дуьхьал а вогIий: «Собар-Iела, эзар балехь ваьлла хуьлийла», – хьо олий, иза обнимать деш хилла.

Иза кIордийначу Собар-Iелас, эххар а элара боху: «Накъост, я суна мотт беттар дитахьара ахь, я суна маралелхар дитахьара ахь»…

Подожди, кхин цхьакха а дуьйцур ду ас.

– Ма, ма… Ца оьшу. Кхийти со. Ахь буьйцург современни базаран мотт бу. Тхуна оьшург цIенна нохчийн мотт хууш, меттан бакъенаш евзаш верг ву.

– Ахь соьга хIун йийц?, – ша хиъначуьра хьалаиккхира Iаббаз. Если хочешь знать, ас бийцарг самый цIена нохчийн мотт бу. Ахь отстать дина. Цунах кхеташ ца хилча сан бехк бац. Хьо вон Iа чужой меттиг занимать еш. Хууш верг охьахааве. Со достойний ву хIокху балхана. Тоха деззаче ас тахана я завтра хабар дIатухур ду. ТIаккха посмотрим! – аьлла, чIогIа неI тухуш, араиккхира хьаша.

Къуддуз, бага а гIаттийна, тIаьхьа хьаьжжинчохь висира.

Хь.САИДОВ

№25, пIераска, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: