ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас, Кегийрхойн а, студентийн а дуьненаюкъарчу XIX-чу фестивалана кечамбаран хьокъехь долу гIуллакхаш дийцаре деш, кхеташо дIаяьхьира. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн а, Физически культурин, спортан а, Культурин а министерствийн, ВУЗ-ийн а векалш бара цигахь дакъалоцуш.
Кегийрхойн а, студентийн а дуьненаюкъара XIX-гIа фестиваль 2017-чу шеран уггаре а боккха а, маьIне а хилам лерина. Цигахь дакъалоцуш хир ву 150 пачхьалкхера 20 000 стаг. Царна юкъахь Россин Федерацин 85 субъектера – 10 000, Нохчийн Республикера 90 студент а, жима стаг а хир ву фестивалехь дакъалоцуш.
– Дуьненаюкъарчу фестивалехь Нохчийн Республикин кегийрхоша а, студенташа а дакъалацар чIогIа маьIне ду вайна. Цигахь дакъалаца билгалбаха беза дика доьшуш болу студенташ а, юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш болу кегийрхой а. Гуьйре тIекхаччалц хаддаза белхаш бан беза вай цаьрца, Нохчийчоьнан а, халкъан а юьхь ю цара цигахь гойтун ерг, – билгалдаьккхира Ибрагимов Iийсас.
Кхеташонехь билгалваьккхира фестивалан Регионан кечамбаран комитетан куьйгалхо. Иза кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитель Шаршуев Джабраил ву.
Оцу фестивалехь дакъалаца шаьш кийча хилар а, шайн студенташ ишттачу цхьаьнакхетаршкахь дакъалаца хаарш, хьуьнарш долуш хилар а хаийтира Нохчийчоьнан ВУЗ-ийн векалша.
Дагадаийта лаьа: Кегийрхойн а, студентийн а дуьненаюкъара фестиваль 1947-чу шарахь дуьйна дIахьош хилар. ТIаьххьара 2013-чу шарахь Эквадорехь хилла иза. СССР-хь 1957-чу шарахь а, 1985-чу шарахь а дIаяьхьна фестиваль, ткъа хIокху шарахь эсаран (октябрь) беттан 14–22-чуй деношкахь Сочехь дIахьур ю.
М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№26, шинара, оханан (апрель) беттан 4-гIа де, 2017 шо