Россин Правительствон Председатель Медведев Дмитрий Москвана уллерчу Горкехь йолчу шен резиденцехь цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца. Цара дицаре дира регион кхидIа а кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Цхьаьнакхетаран хьокъехь барт хиллера бекарг (март) беттан 10-чу дийнахь Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиоран Правительствон комиссин кхеташо дIахьочу хенахь. ХIетахь Кадыров Рамзана мехкан Премьер-министре Медведев Дмитрийга дехнера регионна мехала долу цхьамогIа гIуллакхаш къаьсттина дийцаре дайтар.
Бекарг (март) беттан 30-чу дийнахь Россин Правительствон Председательца Д.Медведевца хиллачу цхьаьнакхетарехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо цунна хьалха дехкира министерствийн а, ведомствийн а тайп-тайпанчу комиссеша чIагIдина тептарш а, кехаташ а. Царна юкъахь дара «Грозный» аэропортан инфраструктура кхиоран а, республикин больницина а, Перинатальни туьшана а кхузаманан тоьллачу гIирсашца кхачояран а, токхамаш хуьлучу меттигашкара бахархой дIакхалхоран а, ЖКХ-на модернизаци яран а хьокъехь дерш. И проблемаш дIаяьхна цахиларо новкъарло йо Нохчийчоь кхидIа а кхиорна.
Россин Правительствон Председатела леррина ладуьйгIира шега дуьйцучуьнга, иштта леррина хьаьжира шена хьалха дехкинчу тептаршка. Царна тIехь болх бар тIедиллира цо.
Д.Медведевца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь яздира: «Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиоран Правительствон комиссин кхеташо дIахьочу хенахь Россин Федерацин Правительствон Председательца Медведев Дмитрийца барт хилира сан Нохчийчоьнна доккхачу маьIне долу гIуллакхаш дийцаре деш цхьаьнакхета. Еарин дийнахь Дмитрий Анатольевича Горкехь тIеийцира со. Министерствийн а, ведомствийн а тайп-тайпанчу комиссеша дина чIагIдарш долу тептарш а, кехаташ а эцна вахара со цунна тIе. Ша аьлча, царна юкъахь дара вайн аэропортан инфраструктура кхиоран хьокъехь долу гIуллакх. «Грозный» аэропорт шен таронаш кхачорна гергаяхана. Иза доьзна ду и ханна йолчу системица болх бан йолаялийтина хиларца. ХIинца хIора дийнахь Соьлжа-ГIала богIу бизнесменаш, кхечу пачхьалкхашкара векалш, делегацеш. Сихха алсамбовлуш бу пассажираш, шорлуш ю кеманаш дIасалеларан географи. Делахь а таронаш шайн чаккхе йоцуш яц. Оцу чаккхене кхаьчна иза.
Иштта оха дийцира республикин больницина, Перинатальни туьшана кхузаманан гIирсашца кхачоярехь гIо-накъосталла оьшург хиларх. Республикин шен ницкъ кхочур бац и дан, оьшуш болу гIирсаш цахилар бахьана долуш, берриге а ницкъаца болх бан аьтто боцуш ю яккхий больницаш. Цхьаьнакхетарехь къаьсттина тидам тIебахийтира токхамаш хиларца йоьзначу проблемашна. МаьIданех эца ма беззара пайда цаэцарна токхамаш 11 кIоштахь хуьлуш бу. Кхечу меттигашка дIакхалхо везаш ву 25 эзар сов стаг. И терахь алсамдолуш ду.
Оцу проблемо санна сагатдо ЖКХ-н системина ян езачу модернизацино а. ЖКХ-н гIирсаш ширбелла. Реконструкци ян дезаш ду хица кхачояр, ткъа иштта цIано яран гIирсаш а. Оцу хьоло новкъарло йо Устрада-ГIалахь, Гуьмсехь, цхьамогIа кIошташкахь яккхий гIишлош ярна. Кхин дуккха а гIуллакхаш дийцаре дира оха.
Билгалдаккха деза Дмитрий Анатольевича дийцаре дан юкъадаьхначу гIуллакхашка дукха лерина ладоьгIна хилар а, духе кхиа гIерташ цо дуккха а хаттарш дина хилар а, циггахь вице-премьерашна а, министрашна а тIедахкарш дина хилар а. ЧIогIа воккхавевеш ду Дмитрий Анатольевича даима а Нохчийчоьнна гIо деш хилар а, уггаре а мехала декхарш кхочушдарехь гIолоцуш а хилар а».
С.ХАСАНОВ
№26, шинара, оханан (апрель) беттан 4-гIа де, 2017 шо