Вайн дешархойн бакъо ю дино хьоьххучу кепара духар лело

Республикин Парламенто, бекарг (март) беттан 30-чу дийнахь, тIеэцна «Нохчийн Республикехь дешаран хьокъехь долчу законехь хийцамаш бар» цIе йолчу законан проект. Оцу проектаца нийса а догIуш, керлачу хийцамашца нисйина дешархойн духаран куц-кеп а, хIинццалц духаран декъехь республикерчу школашкахь а, дешаран кхийолчу заведенешкахь а лаьттина болчу сацамашна хийцамаш бан безар а.

Юьйцуш йолу проект депутаташа Парламентан 18-чу кхеташонехь тIеийцира. Кхеташо дIахьош Парламентан Председатель Даудов Мохьмад вара.

Проектана леринчу шен докладехь Парламентан дешаран а, Iилманан а, культурин а декъехула йолчу комитетан председатела Хазбулатов Бекхана билгалдаьккхира республикерчу дешаран организацешкахь кхетош-кхиоран болх а, духаран декъехь болу сацамаш а, къаьмнийн ламасташ а, динийн бехкамаш а ларбеш хила безаш хилар.

– «Нохчийн Республикехь дешаран хьокъехь» долчу Законехь хийцамаш а бина, юкъайоккхуш йолу 23.1 статья «Россин Федерацехь дешаран хьокъехь» долчу Федеральни законаца нийса йогIуш ю. Оцу статьяхь, юридически бух а болуш, билгалдаьккхина республикерчу дешаран организацешкахь духаран декъехь болу сацамаш Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Конституцешкахь бахархошна еллачу бакъонашна тIеIаткъам беш хила мегарг цахилар. Вуьшта аьлча, оцу статьяс дешархошна, шайн дино а, къоман ламасташа а хьоьххучу кепара долу духар лело бакъо ло, нагахь санна оцу духаро кхечеран цIе а, сий а дойъуш дацахь а, цунах (духарх) дешархочун дахарна кхерам а бацахь, – билгалдаьккхира цо.

Шен къамелехь Парламентан Председатела Даудов Мохьмада билгалдаьккхира Россерчу школашкахь дешархоша хиджабаш лело ца еза боху хабарш дуьйладелча, уггаре а хьалха царна (хабарчашна) «Законах герз а дина, дуьхьалваьлларг» Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хилар. Цунна хетарехь, республикин Парламенто тIеэцначу хийцамаша дешархошна «Законехь бух а болуш, бакъо елла Дала а, Конституцис а шайна елла бакъонаш ларъян».

Законан проект тIеэцна аьлла, хаам баржийна масех сахьт а далале, федеральни а, оппозицин а цхьаболчу хаамийн гIирсаша дукха яккхий статьяш язъян йолийра. Уьш тайп-тайпанчу цIершца яра: «Нохчийчоь – пачхьалкхана юкъахь йолу пачхьалкх», «Нохчийн депутаташа шаьш Россин Конституцех дешаш цахилар дIахаийтина», «Нохчийчоьнан школашкахь экстремизм кхио бакъо луш долу закон тIеэцна», иштта дIа кхин а. Цул сов, хIора а статьяхь билгалдоккхуш дара и закон Россин Конституцица догIуш цахилар.

Царна массарна а жоп Россин Федеральни Гуламан Федерацин Советан Конституцин законодательствехула йолчу комитетан куьйгалхочо Клишас Андрейс делира. Цо билгалдаккхарехь, республикин Парламенто «Нохчийн Республикехь дешаран хьокъехь» долчу законехь бина хийцамаш Россин Федерацин Конституцица а, пачхьалкхан урхаллин светски кепаца а богIуш бу.

«Пачхьалкхан дешаран политика Росси федерацин дIахIоттам а болуш, пачхьалкхан урхаллин светски кеп йолуш хилар тидаме оьцуш хила еза. Цул сов, и политика (дешаран) хIора а субъектан «башхалла» тидаме оьцуш а хила еза», – элира цо.

Иштта, цунна хетарехь, Россехь федерацин кеп хиларо законодательство «декхарийлахь до» «хIора а субъектан а, къоман а, культурин а, динан а «башхаллаш» тидаме эца».

И.ИСЛАМОВ

№26, шинара, оханан (апрель) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: