Германерчу лоьраша Соьлжа-ГIалахь операцеш йина

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондо къинхетаман доккха гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийчохь. Оцу гIуллакхан гурашкахь Германерчу лоьраша Соьлжа-ГIалахь 80 гергга дархочунна операцеш йина. Цу хьокъехь инстаграмерчу шен агIонехь яздинера Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

2 материал

А.-Хь.Кадыровн цIарахчу Регионан юкъараллин фондо а, пачхьалкхан йоцчу «Интерпласт-Германия» немцойн организацис а биначу бартаца нийса а догIуш, Германера тоьллачу лоьрийн-хирургийн, ассистентийн, анестезиологийн тоба еанера Соьлжа-ГIала. Церан куьйгаллехь вара лакхахь билгалъяьккхинчу организацин президент, профессор Андре Борше. Дозанал арахьа операцеш а, дарба а дан дезачу берашна лаккхарчу тIегIанехь медицинин гIо дира цара. Республикин берийн клинически больницехь 80 гергга дархочунна операцеш йира малхбузерчу лоьраша», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Цо дийцарехь, дозанал арахьара баьхкинчу говзанчаша меттигера лоьраш а, Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин институтан студенташ а юкъаозийнера цомгашнаш къасторан, царна диагностика а, дарбадаран а балхана.

«Германера лоьраш хьаьвсинчу цомгашчарах кхо дархо, царна юкъахь Алсостов Абубакар-Сиддикъ а, дикка могашалла талла а теллина, циггахь дарба дийр долуш, дозанал аравоккхур ву. Дозанал арахьарчу гIарабевллачу лоьраша кхечу мехкашка а боьлхуш, меттигерчу бахархошна медицинин гIо дар чIогIа беркате тIаьхье йолуш гIуллакх ду, иштта, Европерчу лоьрийн зеделларг довзаран дика школа а ю. 2007-чу шарахь дуьйна дукхазза а Нохчийн Республикехь хилла ву Борше. Профессора билгалдаьккхира ца йовззал вайн гIала хийцаелла а ца Iаш, оьшучу хьелашца а, гIирсаца а кхачоярца, Европерчу клиникел оьшуш йоцуш вайн больницаш а хилар», – яздинера Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Республикин Парламентан депутатана Кадыров Хьусайнна Андре Боршеца зIенаш тасарна а, могашалла Iалашъяран министрана Сулейманов Эльханна малхбузерчу лоьрийн тоба вай долчу яр дика вовшахтохарна а баркалла элира Кадыров Рамзана.

А.ВАХАЕВА

№26, шинара, оханан (апрель) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: