Хаарийн денца дIадолало дешаран шо

20140901_102913

Соьлжа-ГIалахь А.-Хь. Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназехь билгалдаьккхира Хаарийн де. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Алиев Тимур, Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министран хьалхара заместитель Тааев Илес, Соьлжа-ГIалин Ленински районан РОВД-н куьйгалхо Сайд-Хасанов Ислам, кхиберш а. Хьалхара дош олуш йистхилира гимназин директор Бараева Елизавета: «Ас декъалдо шу дешаран керлачу шарца. Вайна ма-хаъара, коьртаниг – дешар ду. Аша дика дешахь, дахарехь шайн меттиг каро а атта хир ду шуна. Лаьа, дешар тIехь шун дуккха а кхиамаш хуьлийла», – элира цо.

Хьалхарчу классийн дешархошна къаьсттина деза де ду хIара. Шайн дахарехь тахана дуьххьара школе баьхкина уьш шайн дай-наношца, зезагийн курсаш кара а лаьцна. Иштта, лакхарчу классийн дешархошна а маьIне де ду. Церан хIинцале а ЕГЭ-х болу кхерам дIабоккхуш цунах лаьцна масех дош олуш вистхилира И.Тааев: «Цхьаболу дешархой ЕГЭ тIе а кхачале цунна гIайгIа еш хуьлу. Аш дика дешахь, ЕГЭ дика дIалург хиларх цхьа а шеко яц», – элира И.Тааевс.

Цул тIаьхьа, хIокху шеран хьалхара горгали бийкира. Горгали тоха бакъо елира 11-чу классан дешархочунна Абубакаров Мансурна, хьалхарчу классан дешархочунна Митаева Элитина.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: