ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу А.-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназехь гIалин дешархойн Iилманан-практикин «Кханене гIулч – 2017» XI-гIа конференци схьайиллира.
Цигахь дакъалецира Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан университетан прикладни математикин кафедрин заведующис, профессора Даурбеков Сайд-Эмис, Нохчийн Республикин хьакъйолчу хьехархочо Мурадова Асета, Соьлжа-ГIалин школашкарчу 114 дешархочо, церан Iилманан куьйгалхоша, жюрин декъашхоша.
Конференци схьайоьллуш, вистхилира Даурбеков Сайд-Эми: – Дешархой вайн кхане ю. Тахана дешарна тIехь уьш къахьоьгуш хилахь, массо а агIор кхиа гIерташ хилахь, церан кхане а ирсе хир ю. ХIокху конференцин Iалашо ю дешархошна юкъахь шайн хааршца уггаре а тоьлларш къастор. Хууш ма-хиллара, Iилманан-практикин конференци гIалин дешархошна юкъахь хIора а шарахь дIахьош ю. Цигахь дакъалаца лаам болу дешархой шо шаре даларца алсамбовлуш хилар воккхавевеш ду. Вайн махкахь маьрша хан ю. Культурин а, дешаран а гIишлош тойина, хIора шарахь керланаш а йо. Вуьшта аьлча, дешархошна дешарна а, шаьш хаьржинчу новкъахь кхиарна а оьшу хьелаш ду. Таханлера шун коьрта Iалашо дика дешар ю. Шу дешна хилахь, кхана дахарехь шайн меттиг каро атта хир ду шуна, – элира цо.
Мурадова Асета билгалдаьккхира Iилманан-практикин конференци маьIне хилар а, дешархойн дешаре йолу марзо алсамъяккхарехь цуо йоккха меттиг дIалоцуш хилар а.
Конференци схьайиллинчул тIаьхьа, дешархой 12 секце дIасабийкъира. Нохчийн мотт, литература, оьрсийн мотт, литература, истори, общество, введени, ингалсан мотт, математика, хими, информатика, физика, биологи, географи предметаш хааран хьуьнарш къевсира дешархоша. Шайн-шайн белхийн презентацеш а йира цара. Дешархоша белхаш бовзийтинчул тIаьхьа, жюрин декъашхоша церан жамIаш дира. Тоьллачарна 1-чуй, 2-чуй, 3-чуй даржийн Дипломаш а луш, берзийра конференцин болх.
З.ХАСИЕВА
№26, шинара, оханан (апрель) беттан 4-гIа де, 2017 шо