Павлов Дмитрийс пресс-конференци елира

М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь режиссера Павлов Дмитрийс пресс-конференци елира. Хууш ма-хиллара, оцу театрехь «Воккхах волу кIант» спектакль хIоттийна цо. Цуьнан режиссера а, спектаклехь коьрта ролаш ловзош болчу актераша а дакъалецира цигахь. Царна юкъахь: Нохчийн Республикин искусствийн хьакъволчу гIуллакххочо Аюбов Мусас, Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Темишев Султана, Исламов Висхана, Исламгириев Аптис, Зайтаев Рашида, Муртазалиев Байсангура, Ибрагимова Румисас, Цацаева Розас, Авзаева Хедас, Тарамова Миланас.

IMG_9660

Режиссере уггаре а хьалха хаьттира: «Хьо дуьххьара веаний Соьлжа-ГIала? Муха хийтира хьуна кхузахь?». Цу хаттаршна цо иштта жоп делира: – Соьлжа-ГIала шолгIа веана ву со. Делахь а, хIинца кхуза вогIучу хенахь а, суо дуьххьара вогIуш волуш санна хаза хийтира суна. Соьлжа-ГIалин хазалла а, цIеналла а, адамийн дикалла а, уггаре а хьалха, церан вовшашца йолу юкъаметтиг а бIаьргашна аьхна, хаза ду, – бохура цо.

Спектакль хIотторехь нислуш хиллачу халонех а, актерашца дIаяьхьначу репетицех а лаьцна, иштта, кхин а дуккха а дара режиссере журналисташа дина хаттарш.

– Спектакль хIотто атта ду олийла а дац. Вайна ма-хаъара, спектакль, кинон дакъош санна, юх-юха а дIаязъян йиш йолуш яц. Актерашца репетицеш ечу муьрехь халонаш а нислора, делахь а, хIора а актера, шена тIехь жоьпалла хилар хууш, хаддаза къахьоьгура. Тахана сан майрра ала йиш ю: театран актераш шайна тIедехкинчу декхаршца дика ларийна. Спектакль хьовсархоша езаш тIеоьцург хиларх тхо тешаш ду, хIунда аьлча, мел дукха хан яларх классика цкъа а мах бовш яц, – бохура Д.Павловс.

Спектаклехь ловзочу роло боккха тIеIаткъам бо актерана. Иза актераша шайн къамелашкахь хаийтира. «Къоначарна-м, шаьш цкъа а хила а ца хиллачу, геннахь йолчу замане кхачар хир ду иза. Ткъа суна сайн бералла дагаяийтина оцу спектаклехь дакъалацаро. Уггаре а хьалха, тIедуьйхинчу духарша, вовшашца буьйцучу матто (оцу пьесин мотт а ма бу хIетахьлера, иза сценарий тIехь хаалора), хIетахьлерчу мукъамаша сан ойланашкахь бералла карлайоккхура суна хIора а репетицехь. Сценарий тIе моссазза хьожу а, спектаклехь дан деза къамел Iамочу хенахь а, хIоразза а дагатосура «ХIокху ролаца со ларор вуй-те» олий. Репетици йоьдучу юкъанна масийттазза хеталора суна, хIинцца со араваьлча, арахь 60-чу шерийн сурт сайна гур долуш санна», – бохура актера Аюбов Мусас.

Спектаклехь сайх роль тешор а, айса цигахь дакъалоцург хилар а суна доккха дозалла ду. Репетицешкахь а самукъадолура сан. Бакъду, къахьега-м дийзира. Режиссерана Дмитрийна хаьара хIора а актеран шен хьуьнаре, корматалле хьаьжжина роль дIакховдо а, хIоранца мотт бийца а. Цул сов, кега-мерса хIума а цхьаьна тхуна леррина хьоьхуш, схьагойтуш дуккха а къахьийгира цо тхоьца, – бохура Исламгириев Аптис.

Пресс-конференци чекхъяьллачул тIаьхьа, оццу суьйранна «Воккхах волу кIант» спектаклан премьера хилира. Хьовсархоша хазахетарца тIеийцира иза.

З.ЛОРСАНОВА

№26, шинара, оханан (апрель) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: