Нохчийн халкъан поэта Сулейманов Ахьмада мел аьлла дош весет санна ду. Нохчийн кегийрхошна шайн Даймохк, мотт, гIиллакх деза Iамош ю цуьнан хIора байт.
Нохчийн къоман литература токхе йина цуьнан кхолларалло. Халкъана А.Сулеймановн байташ уггаре а хьалха иллешца евзира. Дукха хьолахь, Россин Федерацин халкъан артиста Дагаев Валида мукъамаш дохуш дIаолуш дара цуьнан байташ тIехь даьхна иллеш.
Оцу иллех вайн халкъана уггаре а дезаделлачарех ду: «Некъан илли», «ДоттагIаша олу соьга», «Шуьнехь дош», «Календаран тIаьххьара лист», иштта дIа кхин а. Карарчу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь 95 шо кхочур дара халкъан поэтан. Оцу юбилейна лерина Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотарахь, поэтан цIарахчу музейхь беш болх бу. Музейн директора Сулейманова Совдата дийцарехь, музейхь кест-кеста поэтан кхоллараллин суьйренаш, викторинаш, кхечу кIошташкара нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн экскурсеш хуьлу. Шайн дешархошца цхьаьна богIу уьш кхуза. Юбилейна лерина даздарш вовшахтохаран комитет, цкъачунна, Хьалха-Мартан кIоштахь бен яц. Теша лаьа, оханан (апрель) бутт болабаларца Сулейманов Ахьмадан юбилейна кечам бар Нохчийн меттан денна кечам бар санна тидамехь хирг хиларх.
Нохчийн Республикехь Iилманийн академис оханан (апрель) бутт чекхболуш республикин Iилманан- практикин конференци дIахьур ю Сулейманов Ахьмадан кхоллараллехула.
Нохчийн Республикин Яздархойн союзо а, Культурин министерствос а, Дешаран а, Iилманан а министерствос а шайн дакъа юкъадуьллур ду аьлла хета, нохчийн литературин юьхь еш чекхваьллачу халкъан поэтан Сулейманов Ахьмадан юбилей билгалъяккхаран гIуллакхна. Кегийрхошна довза деза Сулейманов Ахьмадан хIора дош.
Вайн халкъан уггаре а тоьлла гIиллакхаш, аматаш деха цуьнан байташкахь.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№26, шинара, оханан (апрель) беттан 4-гIа де, 2017 шо