Ахь хIун до?
Къуддуз хилла базарахь етт бухкуш лаьтташ. Цхьаммо а «почем?» а ца олуш, малх гIушлакхе а баьлла, де делкъене а гIоьртина, базар йоха герга а яхана. Оццу хенахь цунна тIевеана Дадис.
– Къуддуз, етт бухкуш буй хьан?
– Бу.
– Дика ду, чIогIа дика ду, – аттана цкъа-шозза гуо а тесна: «цхьаъ, шиъ, кхоъ…», – бохуш шенашца етт буста волавелла Дадис.
Цо лелочух цецваьлла, Къуддуза хаьттина: – Ахь хIун леладо? ХIара стенна бустуш бу ахь?
– Деллахь, Къуддуз, хьуна ма-гарра дилханах цхьа а хьаса болуш бац хьан хIара етт. Бийча кхуьнан неIарх маса неIармача ер яра хьожуш вара со-м, – аьлла Дадиса.
Лами бухкуш ву
Шен лами лулахочун кертаца дIа а хIоттийна, меллаша цу тIехула цуьнан Iежийн беша ваьлла Дадис. Иза хаавелла, цунна тIевеана Iаббаз.
– Хьо хIун деш ву сан бешахь? – хаьттина цо.
– Ца го хьуна? Лами бухкуш ву-кх!
– Ахь хIун дуьйцу? Лами базарахь бухкуш ца хуьлу? ХIара базар ю-м ца моьтту хьуна?
– Сайн лами сайна луъучохь бохка йиш ю-кх сан, – аьлла, Iежан чам баккха керта ваьллачо.
Къона волуш а вацара…
Говра тIе ца хаалуш, нуьйрах тийсалуш хилла Дадис. ХIокхо лелочуьнга хьуьйсуш Iаш нах а хилла. Шозза-кхузза тасавелча а шен гIуллакх ца хилча.
– Дависа хьан, къоналла, – аьлла нахана хазийта, чIоггIа.
Юха, меллаша, тIетоьхна: – Къона волуш а бацара кхин гена баьлла болх, – аьлла.
ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ
№26, шинара, оханан (апрель) беттан 4-гIа де, 2017 шо