Тхан рузма

Оханан (апрель) беттан 1-ра де, 1870 шо. Гихтахь вина Эльдерханов Таьштамир, хьехархо, юкъараллин гIуллакххо. Дешна юьртарчу хьуьжарехь, Соьлжа-ГIалахь цхьаъ бен ца хиллачу ламанхойн школехь, Буру-ГIаларчу реальни училищехь. 1893-чу шарахь кхиамца чекхйоккху Тифлисера хьехархойн институт. Цул тIаьхьа пхеа шарахь болх бо Моздокехь ламанхойн школийн хьехархо-тIехьажархо волуш. 1898-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIаларчу ламанхойн школехь хьехархо лаьтта. 1906-чуй, 1907-чуй шерашкахь Россин Пачхьалкхан Думе хоржу. Цигахь цо жигара хьалауьйу ламанхошна шайн латтанаш юхадерзоран гIуллакхаш, паччахьан Iедало 2-гIа Дума дIасахецначул тIаьхьа, юха а хьехаран балха воьрзу. Нохчийн мотт толлуш болх бо. 1911-чу шарахь ша хIоттийна, арахийцира нохчийн абат.

Жигара дакъалоцу 1917–1918-чуй шерийн революционни хиламашкахь.

1918-чу шеран бекарг (март) баттахь дуьйна – Нохчийн халкъан къинхьегамхойн ГIойтIарчу Советан председатель, 1920-чу шарахь дуьйна – Нохчийн ревкоман, цул тIаьхьа Нохчийн автономни областан исполкоман председатель лаьтта. 1925-чу шарахь оцу даржах мукъавоккху, амма кестта Къилбаседа Кавказан крайисполкомехь йолчу къаьмнийн советан председатель хIоттаво. 1929-чу шарахь дуьйна юха а Соьлжа-ГIалахь тайп-тайпана куьйгаллин белхаш бира.

Кхалхар хилла 1934-чу шарахь.

Оханан (апрель) беттан 5-гIа де, 1926 шо. ТIехьа-Мартан кIоштан ШаIми-Юьртахь вина Берсанов Хожа-Ахьмад, яздархо, Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо. Дешна Эна-Хишкарчу (Серноводск) юьртабахаман техникумехь (чекхъяккхаза йисина), Соьлжа-ГIаларчу совпартшколехь. Кхалхийначохь (1944–1957-гIий шераш) болх бина зоотехник волуш. 1957-чу шарахь Даймахка цIавирзичхьана ша пенсе валлалц болх бо республикин Культурин министерствехь (кхетош-кхиоран методист, министерствон методически туьшан куьйгалхо).

Берашна лерина дуьххьарлера «АстагIа алкханч», «Хьаьж-Мурда лелийнарш» книгаш араевлла 1966-чу шарахь. ХIетахь дуьйна яздархочо арахецна 20 сов книга («ДоттагIий» – 1968, «Ден лорах» – 1971, «Дохковалар» – 1976, «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш» – 1990, «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а», – 1992, «Болатан суй» – 1994, иштта кхин дуккха а).

Яздархочо боккха болх бо кегийрхой ийманехь кхетош-кхиорехь: дешархошца цхьаьнакхетаршкахь хуьлу, телепередачашкахь дакъалоцу, ламасталлин дезачу деношна сценареш хIиттайо. Къинхьегаман некъ билгалбаьккхина «Знак почета» орден а, «За трудовую доблесть» мидал а, дуккха а Сийлаллин грамоташ а яларца.

№26, шинара, оханан (апрель) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: