Санет нускал дара. Иза ялийна ши бутт хан бен яцара. ГIалахь йина а, кхиъна а, амма керла дахар, шен лаамца, юьртахь кхоьллина а яра. ГIуллакхах, уьйтIахь-кертахь дечух къехкаш яцара, делахь а… гIалахь кхиъна яр-кха.
Цхьана суьйранна марнана шен йиша йолчу, хьошалгIа, луларчу юьрта яха кечъеллера. Ша араялале, шен кхине цо етт оза олуш хааделлачу Санета, гIеххьа цунах дегабаам а бина, марнене дийхира етт шега озийтахьара аьлла.
Цецъялар хазахетарца хийцаделира марненан. Шен дагахь хилла шеконаш къовла а къевлина, Санета дукха хаза аларна, цуьнан лаамна тIетайра иза.
Суьйранна озар тIера а даьккхина, Iуьйранна дан дезарг несана хьеха а хьехна, марнана дIаяхара.
Iуьйранна, дукха хьалхе самаелира Санет. Дан дезачух лаьцна дукха ойланаш яра коьрте хьийзаш. Цунна дуьхьал хIоьттира ша яьккхина ведар дуьззина шура, тIаккха сепаратор тIехь баьккхина мерза тIо, чекхъяьккхинчу шурех яьккхина кIалд, тIаккха тIо-берам а бина, бовха хьокхам а хьакхийна марнана цIа кхачале шен кийча Iар. Мацах цкъа школехь доьшучу хенахь, цхьана книги тIехь етт озарх лаьцна дешнарг а леррина дагадаийтира цо: шин била беза, тIаккха массаж ян, хаза къамел деш, хьостуш, жимма уллехь хиъна Iан. Ша-шена дуьхьал хIоттийначу суьртах там хилла, елакъежна, юх-юха а ойланашка юьйлуш Iуьллучу Санетана хезира, бежанаш эвлах дохучу зударийн аьзнаш. Хьалаиккхина, дукха сиха, божала чу яха кечъелира иза.
Ведар пхьаьрсах тесна, стигала басахь йолу шипонан коч юьйхина, лекхачу кIажаш тIехь, оццу басахь ши тударг а туьйдина, хаза шарйина, нисйина месаш а, иштта кечйина юьхь а йолуш, елаелла, екхаелла божала чоьхьа елира Санет.
Дог ца догIуш, Iуьйшучуьра «сегIаз» а ца сацош, «ХIа-а, хьо яра хIара…» бохуш санна, бендацарца схьахьаьжира кхуьнга етт. Юха, иштта, дог ца догIуш дIа а бирзира. Санета цкъа хьалха цуьнан Iуьйре дика а йина, тIаккха къамел долийра: могаш-паргIат а, буьйса дIа муха елира а хоттуш. ГIеххьа цецбаьлла, кхо лелочух ца кхеташ, юха а схьахьаьжира етт. Лаг дахдина Санетах хьожа а яьккхира. ЦIеххьана, тIехуьйшучу мозаша новкъарло ярна, корта ластийра, цунах гIуллакх ца хилла, юхакхевдина, ког хьалха а боккхуш, чоже мотт хьаькхира. Кхераялар совдаьллачу Санета дIакхоьссина ведар, божалан соне дIадахара, галъяьлла ша а охьайожжаза йисира. Бакъду, стигала басахь йолу тударгаш-м ца мегачу евлира.
Холчу хIоьттина Санет ведар схьа а эцна, юха а, кхоьруш, аттана тIехилира. Жима гIант охьадиллина, шипонан коч тIе а гулъина, охьахиира. Дог детталора. Куьйгаш эгадора. «Книга ешар – етт озар, тайп-тайпана хIуманаш ма-хилла», дагатесира цунна. Накъосталла лохуш дIасахьаьжира иза, амма нох дохуш, буьрса схьахоьжу старгIа йоцург, гуонаха кхин цхьа а вацара.
Эгочу куьйгашца шен болх дIаболийра Санета. Бакъду, атто сих-сиха ластош долу цIога юьхь тIе детталуш новкъа дара, цо бех а, лаза а йора. Ведар юьстах а диллина, дIаса а хьаьжна, уллехь лаьттачу утармех цIога дIадихкира цо, схьа ца дасталийта масех шад а беш.
Ша диначунна резахилла, ведар шен метте охьахIоттийна, юха а тIехилира иза. Оцу хенахь цхьа тамашийна дIасахьийза болабелира етт. Когаш бетташ, корта лестош, цхьана меттехь ца соцуш.
Санета къамел долийра. Цо дийцира ша дуьххьара етт узуш хиларх а, шен марнана йиша йолчу яхана хиларх а, иза сарале цIа йогIург хиларх а лаьцна. Ма-хуьллу, хьасталуш, хаза дийца гIертара иза, амма цуьнга ладогIа ца туьгуш, гуттар карзахбелира етт, Санет кхера а еш. ЦIеххьана, цIога дихкина утарма шен ницкъ ма-ббу дIасатоьхна, озийна схьа а яьккхина, Санетах бIаьрг кхетча кхин а чIогIа къаьхкина, хьерабаьлча санна, ши бIаьрг хье тIе а баьккхина, неIаре хьаьжира. Ха тоьхна, кхоьссина Санет дIа а йохуьйтуш, божал чуьра араиккхира иза, шен цIоганах тесна утарма а текхош. Ша Iуьллучуьра хьала а иккхина, карара ведар дIа ца хоьцуш, тIаьхьаедира Санет а.
– Зойка! – мохь беттара цо. – Зойка, хьайн дог дика хиларг, собардехьа!..
ТIаьхьайогIучу кхунах бIаьрг кхетта, кхин а чIогIа къаьхкина, диллинчу кевне хьаьдира иза. КетIа иккхина ца Iаш, кхин юха ца хьожуш, урамновкъахула бажа гуллучу дIахьаьдира Зойка, утарма а текхош.
Сийсара буьйсанна, сахиллалц шен етт дуьхьалтийсина марнана а яра даго вуониг хьоьхуш, Iуьйренца хьалхара юьртах йолучу машенца цIа йогIуш. Юьртах чуйоьллачу цунна бевзира ши бIаьрг къарзийна, цIоганах тесна утарма а йолуш, юьртах иккхина боьду шен етт а, йоьлхуш, маьхьарца, цхьана карахь ведар а, вукху карахь стигала басахь ши тударг а йолуш, когаш Iуьйра цунна тIаьхьа хьаьдда йоьду шен нус а. Машена тIера охьаиккхина, ницкъ ма-кхоччу, царна тIаьхьаедира марнана. Иштта, тIаьхьий, хьалхий, дуьхьал мел кхеттарг цец а воккхуш, бажа юккъе лилхира уьш.
Де делкъанга лестинера доьзал цIабоьрзуш. Аьттан юхь а лаьцна, тийна йогIура марнана, ша дуьххьара етт узуш хиларх а, ша цуьнга диначу къамелех а, цо шега ла ца догIарх а лаьцна дуьйцуш, йоьлхуш, тударгаш а, ведар а дIа ца хоьцуш йогIура Санет. Ткъа етт… Етт а тийна, лаьтта охьахьоьжуш богIура, шен нана цIакхачарх боккхабеш, Санетан агIор бегашийна а дIахьажа ца баьхьаш.
М.МАГОМАЕВА
№26, шинара, оханан (апрель) беттан 4-гIа де, 2017 шо