Нохчийн мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн меттан хьокъехь» долчу Указана куьг яздина хIокху шеран оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь 10 шо кхочу. Цуьнца доьзна Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан филологин кафедрин куьйгалхочуьнца, филологин Iилманийн кандидатаца Солтаханов ИбрахIимца нохчийн маттах лаьцна къамел хилира тхан.

– ИбрахIим, хууш ма-хиллара, кеста тIекхочуш Нохчийн меттан де ду. ХIун кечамаш беш ду шу оцу денна?
– Нохчийн меттан денна лерина план кийча ю тхан. Нохчийн маттехула хаарш зеран «Бовза, беза хьайн ненан мотт» конкурс а, къоначу поэташца, нохчийн халкъан яздархошца цхьаьнакхетарш а, тоьлла сочинени язъяран конкурсаш а дIаяхьа дагахь ду тхо тхайн университетан студенташца. Оцу денна аьлла а доцуш, массо а дийнахь ненан мотт кхиорна тIехь къахьоьгуш а ду. Нохчийн а, юкъарчу а филологин институтехь хьехна а ца Iаш, кхечу факультеташкахь а нохчийн мотт, этика хьехар дIахьо Нохчийн пачхьалкхан университетехь. Муьлхха а говзалла Iамийна велахь а, шен къоман мотт а, шен къоман гIиллакхаш а кIорггера девзаш хила веза бакъволу нохчи. Масала, лоьрийн институтехь хIунда оьшу аьлла хета тарло нохчийн мотт. Дера оьшу, иза чекх а яьккхина, балха хIоьттинчу лоьрана шен дархошца, шен ненан маттахь, гIиллакхца, оьзда вистхила хаа дезаш хиларна. Нохчийн мотт пачхьалкхан шолгIа мотт лоруш а, шен хIусамехь, диканехь-вуонехь бийцина а ца Iаш, юкъараллехь а бийца безаш бу.
– Нохчийн мотт Iаморехь кIоргене кхийдаш студенташ буй шун институтехь?
– Кхузахь доьшуш волу массо а студент ву нохчийн мотт безаш, цуьнан кIоргене кхача лууш, къахьоьгуш. Делахь а, хьекъал, Iилма, похIма массарна а цхьатерра ца делла. Меттанийн Iилманийн конференцешкахь дакъалоцуш бу царах дукхахберш, бакалавр чекхъяьккхина, магистратура чекхйоккхуш шайн Iилма, хаарш кIаргдеш къахьоьгуш а бу.
Суна хетарехь, уггаре а хьалха ненан мотт школехь Iамо безаш бу. Абат ю вайн нохчийн меттан хьалхара книга. Керлачу заманан лехамашца нийса а догIуш, Федеральни пачхьалкхан дешаран стандарто школехь хьеха къобалйинчарна юкъахь шолгIачу меттехь яра Нохчийн Республикин ненан мотт хьехарна кечйина 1-чу классан Абат, 2–4-чу классийн нохчийн меттан книгаш. Абат нохчийн меттан бух бу, цу тIера дIаболало матте болу безам, – дуьйцу ИбрахIима.
Дагадаийта лаьа, Солтаханов ИбрахIим, мало йоцуш, къахьоьгуш ву шен дас, Солтаханов Эльбека, схьабеанчу некъа тIехь, юьхьанцарчу классашна нохчийн меттан учебникаш хIитторехь. Нохчийн меттан исторехь уггаре а дика язйина а, таханлерчу дийне кхаччалц школашкахь Iамош а ю 1972-чу шарахь меттан Iилманчас, методиста Солтаханов Эльбека язйина нохчийн меттан Абат а, 2–4-чуй классийн ешаран, язъяран книгаш а.
– Школашкарчу нохчийн меттан хьехархошца зIе латтайой аш? Нохчийн мотт кхиорехь хIун дакъалоцу цара?
– Нохчийн меттан хьехархошца хаддаза зIе латтош ю тхан кафедра. Цара мотт кхиорехь доккха дакъа а лоцу. Дукха хан йоццуш 2-чу классан нохчийн меттан учебникийн хьокъехь семинар дIаяьхьира оха юьхьанцарчу классийн хьехархошца. Оцу книгаш тIехь кхачаме дерг, доцург дуьйцуш, мотт хьехарехь хуьлуш йолу галморзахаллаш юьйцуш, хаттаршна жоьпаш луш, вовшашна зеделларг довзийта таро хилира тхан. Нохчийн мотт хьехаран хьелаш тодар ю тхан институтан Iалашо. Iилманна а, школашкахь хьоьхучунна а юкъахь йолу галморзахалла дIаяккха езаш ю, хIунда аьлча, Iилманехь тIаьхьарчу хенахь баьхначу кхиамех пайда а оьцуш, хьеха деза школехь.
– ДIадаханчу шеран чаккхенехь Гуьржийчохь дIаяьхьначу конференцех лаций дийцахьа.
– ЧIогIа мехала а, пайде а яра Кавказан меттанаш Iаморан дуьненаюкъара IV-гIа конгресс. Оцу тайпанчу йолчу конференцешкахь хьалха дуьйна а дакъалоцуш бу Нохчийн пачхьалкхан университетан Iилманчаш А.Тимаев, М.Овхадов, А.Халидов, I.Вагапов, М.Сулейбанова, С.Эдилов, С.-Х.Ирезиев, иштта дI. кх. а.
Дозаллица тIелецира оха Ингалсан пачхьалкхера веанчу профессора Ченсинер Роберта Иорданехь бехачу нохчех лаьцна аьлла дешнаш: «Кхечу къаьмнашна юкъахь эмиграцехь Iачу стеган кхаа дега баьлла мотт дIабайна дуккха а меттигаш ю. Кху дуьнен чохь масал эца а мегар долуш, чолхечу заманахь, халачу хьелашкахь дIа а ца тосуш, воьалгIачу дега кхаьчнарг Иорданехь бехаш болчу нохчийн ненан мотт бу». Церан могIарехь лара мегар долуш бу Гуьржийчохь бехаш болу кистой. Масийтта тIаьхье хийцаелла церан, амма нохчийн мотт, культура, Iадаташ лардина цара а. Цигахь бехаш болчу нохчашна школашкахь нохчийн мотт хьеха, Iамо бакъо а елла Гуьржийн Iедало. Дагестанехь а хьоьхуш бу нохчийн мотт. Республикехь Iамийна ца Iаш, луларчу республикехь бехачу нохчаша и Iамор а, Iаламат дика гIуллакх ду. ЮНЕСКО-с вайн мотт бовш болчу меттанашна юкъа бахийтинехь а, вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн маттана ечу тергоно, лакхахь дагардинчу гIуллакхаша таро хуьлуьйту нохчийн мотт бовш цахиларна тоьшалла дан, – чIагIдира цо.
– Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн меттан а, литературин а институтаца аш латточу зIено нохчийн мотт кхиорна хIун тIеIаткъам бо?
– Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедрин куьйгалхо, филологин Iилманийн доктор, профессор Навразова Хьава, оха тхайн кафедрехь санна, нохчийн меттан а, литературин а хьехархой кхиорехь Iаламат доккха дакъалоцуш ю, цундела тхан хаддаза уьйр ю вовшашца. Масала, тхан студенташа нохчийн маттахь язбинчу дипломни белхашна цара рецензеш язйо, церачарна оха а язйо. Даима а вовшах дагадовлуш, зIе латтош ду тхо, хIунда аьлча, тхан декхар нохчийн мотт а, литература а кхиор ду. ТIейогIучу хенахь (хан билгал йина яц) цхьаьна Иордане даха дагахь а ду тхо. Цигарчу нохчаша буьйцучу нохчийн маттах пайдаэца а, бартакхоллараллехь шайн дайша дуьйцуш цаьргахь диснарг довза а.
– Дела реза хуьлда, ИбрахIим, тхан хаттаршна чулацаме жоьпаш даларна.
М.ВЕГИЕВА
№26, шинара, оханан (апрель) беттан 4-гIа де, 2017 шо