Селхана ши шо кхечи Нохчийчоьнан коьртачу шахьарна «БIаьхаллин сийлаллин гIала» сийлахь цIе елла.
Новгородан областерчу Старая Русса гIалахь, «Вахта памяти – 2015» ерригроссин акци дIахьочохь дакъалоцуш хиллачу Россин Федерацин Президента Путин Владимира хаам бира ша куьйгалла деш йолчу Россин «Толам» вовшахтохараллин комитето Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» сийлахь цIе яларан хьокъехь сацам бина хиларх лаьцна. И кхаъ сихонца Нохчийчу кхечира, хIора нохчичун дог доккхадедеш, цуьнгахь дозалла даран ойла кхуллуш.
Соьлжа-ГIалина хьакъ йолу и еза цIе тилларца доьзна кхоллаелла шен ойланаш йовзуьйтуш, ши шо хьалха, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Абдурахманов Дукхувахас кIорггера маьIна долуш къамел дира. Цуьнан мехалла лахъяьлла цахиларна, оха карладоккху иза. Цо элира: «Суна даггара баркалла ала лаьа Россин Президентана, «Толам» вовшахтохараллин комитетан председательна Путин Владимир Владимировична, оцу комитетан берриге а декъашхошна цара нийса, озабезам боцуш, сацам барна. Оцу мехалчу хиламца суна уггаре а хьалха декъалван лаьа Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе ялийтаран гIуллакх юкъадаьккхинарг а, иза чекхдаккхарна дог-ойла гIаттийнарг а, иза чекхдаккхарехь уггаре а доккха дакъалаьцнарг а Рамзан вара. Цо тIедилларца оцу балхана юкъаеара Нохчийн Республикин Парламент, Соьлжа-ГIалин мэри, депутатийн Совет, республикера ветеранийн цхьаьнакхетараллаш. Царна юкъахь яра Россин тIеман-историн юкъараллин Нохчийн регионан отделени.
Баккъал а, чорда хилира вайн Соьлжа-ГIалина и цIе ялийтаран некъ. Делахь а, оцу некъах чекхдовла аьтто хилира вайн. Дагадаийта лаьа Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дуьххьара билгалдаьккхира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь Нохчийчоьнан пачхьено а, цуьнан бахархоша а гайтина хьуьнарш, майралла хьакъ ма-дду иэсехь дисийтарехьа гIуллакхаш дан дезаш хилар, уьш цунна хьакъ хилар.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьокъала доллу тIедиллар диначул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе ялар доьхуш мехкан куьйгалле дехарш дира Къилбаседа Кавказан парламентийн ассоциацис. Тхан гIо а лецира, оха арадаьккхина гIуллакх къобал а дира Россин Федеральни Собранин Федерацин Советехь, Россин дукхах йолчу регионашкахь, цу юкъахь Дона-тIерачу-Ростовехь а, Санкт-Петербургехь а, кхечанхьа а.
Иштта, сан дехарца сан пресс-секретара Яхиханов Зелимхас и гIуллакх шозза хьахийра пачхьалкхан Куьйгалхочуьнга. Дуьххьара 2011-чу шарахь цу хьокъехь долу хаттар делира цо хIетахь Россин Президент хиллачу Медведев Дмитрийга. Цул тIаьхьа, 2013-чу шарахь, дуьненаюкъарчу «Группа двадцати» G20 саммитехь Россин Президенте Путин Владимире. Шоззе а цуьнга хаийтира цунах кхеташ хилар а, и гIуллакх чекхдаккхаре хьашто йолуш шаьш хилар а.
Тахана, эххар а, Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» сийлахь цIе яларан хьокъехь вай дукха сатийсина кхаъ кхаьчна вайга. Суна кхин цкъа а тидам тIебахийта лаьа мехкан куьйгалло, «Толам» комитето бинарг нийса, бакъонца бан хьакъ болу сацам хиларна. Вайна хууш ма ду Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Кавказехь Гитлеран эскарша бина тIом, коьртачу декъана, Соьлжа-ГIалахь а, Бакухь а йолчу мехкадаьттан тIаьхьалонашна тIекхача гIерташ бина хилар. Доккхачу декъана ЦIечу Эскарна мехкадаьттан сурсаташ латтошъерг и ши шахьар ма хилла. И шиъ караерзийча, схьалаьцча орамашкара хийцадала тарлуш дара тIеман арахь долу хьал. ТIеман шерашкахь кеманашна дуттучух 90 процент бензин Соьлжа-ГIалара дIадахьийтинарг дара. Лаккхара яра цуьнан дикалла. Дестор а доцуш, ала мегар ду, оцу тIамехь толам баккхарна Соьлжа-ГIалано юкъадиллинарг кIезиг дакъа дац. Стратегин маьIна дара цо хIетахь лелийнарг.
Цунна къеггина тоьшалла ду Сийлахь-боккха Даймехкан тIом уггаре а марсабаьллачу хенахь СССР-н Лакхарчу Советан Президентан Указаца 1942-чу шеран чиллин (февраль) беттан 6-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттанах гIуллакхдаран заводана Къинхьегаман ЦIечу Байракхан орден елла хилар. Цо гойту соьлжагIалахоша мехкан нуьцкъалалла чIагIъярна юкъа йоккха хазна йиллина хилар.
Вайна иштта хууш ду тайп-тайпанчу къаьмнех волчу бIе эзар сов стага гIала мостагIех ларъярна дуьхьало яран белхаш бина хилар. Оцу шерашкахь мехкадаьттан скважинашкахь, мехкадаьтта Iалашдеш йолчу меттигашкахь евлла цIерш йойъуш бIеннаш цIеяйархой кхелхина. Лаьттахула Соьлжа-ГIала кхачалург хиларх дог а диллина, кеманаш чухаьхкинера фашисташа, вайн гIалех сийна цIе таса, иза ягийна дIаяккха дагахь. Цара бомбанаш еттар бахьана долуш ши бIе сов меттехь яккхий цIерш евллера. СоьлжагIалахой, цхьаъ хилла гIевттира цIерш яйа а, гIала ларъян а. Бакъонца турпалаллин гIап хилла дIахIоьттинера вайн коьрта шахьар.
Тахана вайн ала йиш ю: турпала Соьлжа-ГIала немцойн агрессорш совцийна гIап хилла ца Iаш, XXI-чу бIешеран ун – дуьненаюкъара терроризм хIаллакьяран туш хилла дIа а хIоьттира. ТIаьхьарчу 20 шарахь – 1944–1995-чуй, 1999–2000-чуй шерашкахь Нохчийчоьнан пачхье шозза тIеман аре хилла дIахIоьттира Россин Федерацин цхьаалла ларъярехь.
Цундела, Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» сийлахь цIе ялар вайна деза де ду, вайна иза историн нийсо меттахIоттор санна а хета. Ас даггара декъалбо оцу хиламца соьлжагIалахой а, республикин берриге а бахархой а».
Баккъал а, Нохчийчоьнан берриге а бахархойн дог-ойла гIаттийна Соьлжа-ГIалина хьакъ йолу и сийлахь цIе тилларо. Уьш цо асаре бина мехкан а, халкъан а дуьхьа кхин а йоккхачу жигараллица къахьега, Нохчийчоь кхин а хазъян, цуьнан беркаташ дебон.
Д.АНАДЕВ
№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо