Коьрта декхар – дарбанаш даран дикалла лакхаяккхар

ДIадаханчу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь Къилбаседа Кавказехь уггаре а тоьллачех цхьаъ лоруш яра Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран система. Тхоьгахь болчу хаамашца, тIеман хиламаш дIабуьйлабалале хьалха Нохчийчоьнан могашалла Iалашъярехь болх беш 3 267 лор а, юккъера леррина дешаран корматалла йолу 9 297 белхахо а вара.

el_derkhanov_2

Республикехь хиллачу тIемаша вуно доккха зен дина оцу декъана. Регионера маьнганаш хIиттийна йолу дарбанаш лелоран меттигаш 60 процент йохийра, 70 процентана хIаллакбира дарбанаш лелоран-диагностикин гIирсаш. 2000-гIа шо тIекхочуш республика могашалла Iалашъяран учрежденеш: диспансераш, гIалийн больницаш, поликлиникаш йоцуш йисира. Йохийнера Соьлжа-ГIалара, Устрада-ГIалара, Гуьмсера, Грозненски, Веданан, ТIехьа-Мартан, Шуьйтан, Соьлжан, цхьамогIа кхечу кIоштийн дарбанаш лелоран учрежденеш. Цу хенахь балхахь висинарг 1 747 лор а, юккъерчу медперсоналан 5 070 белхахо а бен вацара.

Нохчийчохь маьрша дахар дIахIоттон долийначу хьалхарчу дийнахь дуьйна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хьалха хIоттийра вуно хала декхар – буххе кхаччалц йохийна дIаяьккхина могашалла Iалашъяран система меттахIоттор. И декхар кхиамца кхочуш а дира цул тIаьхьа даьхкинчу шерашкахь.

Таханлерчу денна тIекхочуш меттахIоттийна а, керла йина а йолчу могашалла Iалашъяран учрежденийн барам 196-га дIакхаьчна, царах 111 юха йина ю. Баккхий кхиамаш баьхна могашалла Iалашъярехь. Къаьсттина билгалдаккха деза адамаш кхалхар лахделла хилар, къаьсттина бераш.

«Бахархой бахаран хан алсамъяьлла. Бахархойн барам а бу алсамболуш. ЧIагIлуш бу медицинин организацийн материально-техникин бух», – бохура Нохчийчоьнан могашалла Iалашъяран министра Сулейманов Эльхана. Деккъа цхьана 2016-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь Перинатальни туш а, Гуьмсехь кIоштан коьрта больница а йина.

Республикехь къаьсттина тидам тIебохуьйту лоьрийн керла чкъор кхиорна. Еккъа цхьана Германехь доьшуш 38 студент ву. Уьш цига хьовсийна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан программица. ЧГУ-н Соьлжа-ГIаларчу медицинин институтехь таханлерчу дийнахь доьшуш ву 1 101 студент. Царах 934 студент «Дарбалелоран гIуллакх» говзалла караерзош ву. 81 студент педиатран говзаллина Iемаш ву, 84 студент «Стоматологи» говзаллина. Нохчийн медицинин колледжехь доьшуш 2 886 студент ву.

ТIеттIа лакхадолуш ду медицинин белхахойн къинхьегамна ял ялар – алапа далар. Кхочушдеш ду ярташкарчу медицинин учрежденешна лоьрашца кхачояран гIуллакх. «Земски доктор» программица кIошташка болх бан хьажийна 117 къона говзанча. «ХIокху шарахь ВУЗ-ш чекхъяьхнарш клиникийн ординатуре хьовсор бу, дешарехь лакхара баллаш ерш схьа а къастош. Могашалла Iалашъяран коьрта декхар хилла дуьсуш ду бахархойн хьашташ кхочушдар тодар а, царна оьшуш долу дарбанаш лелоран дикалла лакхаяккхар а», – бохура Э.Сулеймановс.

Цо дийцарехь, карарчу хенахь адамийн шайга доккха хьашт-дезар долуш ю педиатри, эпидемиологи, психиатри, фтизиатри, наркологи, рентгенологи, берийн анестезиологи, клиникин лабораторни диагностика корматаллаш.

С.ХУСЕЙНОВ

№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: