Европин турниран дато совгIатхо

ХIокху деношкахь Тулерчу «Грумант» парк-отелехь 18 шо кхачаза болчу спортахошна юкъахь дIадаьхьира спортан дзюдон кепехула долу Европин кубок къовсар. Мидалийн 16 комплект яккхарехьа къовсалуш вара 300 сов спортахо. Уьш Европин пачхьалкхашкара бара. Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара нохчийн дзюдоист Ахмаров Хьамзат.

77_2

Даздаран кепехь къийсадаларш схьадоьллуш цига веанера Тулан областан губернатор Дюмин Алексей а, Россин дзюдон федерацин вице-президент Хабиров Валентин а, областан дзюдон федерацин куьйгалхо Дзюба Виктор а. Цунах лаьцна хаам бо Россин дзюдон федерацин пресс-службо.

Къийсадаларийн хьалхарчу дийнахь 66 кийлане кхаччалц йолчу категорехь хьалхе къовсуш вара вайн махкахо Ахмаров Хьамзат. Хьалххе хиллачу тасадаларшкахь толамаш баьхна финале велира иза. Делахь а, Челябинскерчу Придире Дмитрийца шен хиллачу финалан цхьаьнакхетарехь эшарна, даточу мидалх тоам бан дийзира нохчийн дзюдоистан. Хь.Ахмаров дукхазза а Европин кубкийн толамхо хилла ву.

Европин дзюдон союзан векала, серба Волек Павела дийцарехь, и турнир оцу категорин дзюдоистийн Европехь а уггаре а чIогIачех яра.

– Со тешна ву тахана Тулехь билгалбевлларш 2024-чу шарахь дIахьур долчу Олимпиадин ловзарийн толамхой хирг хиларх. Россин вовшахтоьхна команда Европехь уггаре а нуьцкъала ю. Лаккхарчу тIегIанехь дIаяьхьира турнир. Оцу тайпана къийсадаларш дуьххьара хилла дара хIокху регионехь. Дерриге а дика а, массо а реза волуш а чекхделира, – элира Волек Павела.

Тулехь дIаяьхьначу Европин кубок яккхаран турнирехь командашна юкъахь толам баьккхира Россин вовшахтоьхначу командо, шолгIачу меттехь Гуьржийчоь яра, ткъа кхоалгIачу меттехь – Итали.

I.ТЕРЛОЕВ

№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: