Кемсашлелорхойн хазна

Гуьйре кхечи Нохчийчоьнан агропромышленни комплексан аренашка. Цо хьалха хIиттадо дан дезаш долу керла гIуллакхаш. Чуэца еза хьаьжкIаш, маьлхахIуш, шекаран буракаш, кемсаш. Иштта хьем ца беш дIадахьа деза гуьйренан ялташна латта кечдар. Цу тIе, царах цхьа а гIуллакх тIаьхьататта йиш йолуш а дац.

Схьалоцур вай  масална кемсаш. Уггаре а алсам белхан куьйгаш  оьшуш а, чуэцарехь хьем хилар тардалийта йиш йоцуш а культура ю  иза. Цуьнга хьаьжжина бу цо луш болу пайда а: ларамаза ма-дац экономика лакхаяккхарехь, бюджет тIеюзарехь доккха дакъа цунна кхочуш хилар.

Цундела яра маьлхан хорханашца шатайпана юкъаметтиг, уьш шен хеннахь чуэцарна берриге а ницкъаш тIебохуьйтуш хилар. ДагадогIу Советийн Iедалан шерашкахь уьш чуерзорна бакъонца ерриге а республика гIоттуш хилла хилар. Дийнна сентябрехь дешархоша, студенташа шайн дешар юкъахдуьтура кемсаш чуерзош бахамашна гIо дархьама. Яккхийчу майданашкахь кхиош а, хьекъар лакхара долуш а хиларна иштта гIо ца хилча,  белхан куьйгаш цатоар бахьанехь беттанашка дахлур дара уьш чуэцар. ЖамIаш а хуьлура оцу гIоьне хьаьжжина – хIора шарахь 50–60 эзар тонне кхаччалц маьлхан хорханаш гул а еш, царах гIуллакх дора бахамийн заводашкахь.

Иза вайн юьртан бахаман дIадаханарг ду. ХIетахьлерчу гайтамашка, халахеташ делахь а, цкъачунна сатуьйсийла бен дац кемсашлелорхойн, оцу декъехь республикин куьйгалло деш билггал гIуллакхаш делахь а: хаддаза алсамдолуш ду и дакъа кхиорна ахчанан харжаш яр, гIуллакх дан йолаелла кемсашлелоран дакъа кхиорна лерина йолу программа. Делахь а дIадаханчу шерашкахь хилла баккхий эшамаш меттахIитто алссам ахча а, хан а оьшур ю. ХIунда аьлча майданийн барам лахбелла ца Iаш, иштта боцуш бу хIетахьлера лаккхарчу корматаллин говзанчаш – кемсашлелорхойн керла чкъор кхио дезаш хиларо а хьалха хIиттабо шен лехамаш.

И дерриге а карладоккху сентябран хIокху хьалхарчу деношкахь республикехь кемсаш чуерзо йолийна хиларан хьокъехь болчу хаамаша. Цара кхин цкъа а тоьшалла до   и дакъа кхиорна тIебохуьйтуш болу тидам тIеттIа алсамболуш хиларна – тахана республикехь кемсаша дIалаьцначу 2200 гектарах II90 гектарал сов йолчу майданашкахь ерш къона таьллангаш ю. Кемсашлелорхой шайна хьалха билггал декхарш хIитто буьйлабелла хиларна – гулъен йолчу ерриге а хорханийн барам 1400 тонне дIакхачо сацам бина цара. Нагахь дIадаханчу шарца дуьстича, 25 процент гергга алсам хуьлу уьш.

Невран, Теркан, Шелковски, Гуьмсан районашкарчу кемсашлелорхоша шаьш гулдинчу беркатах цхьа дакъа дIахьажор ду туьканашка, республикин базаршка. Цул совнаха царах гIуллакх дийр ду кемсашлелоран «Наурский» бахаман заводехь а.

Юьхь дIайолийна. Дала тIаьхье беркате йойла!

Л.МАГАЕВ

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: