Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацис дIакхайкхийна ма-хиллара, хIора шеран бекарг беттан тIаьххьарлерчу деношкахь (нийса аьлча, 21-чу дийнахь дуьйна) синдром Дауна олу цамгар йолчу берийн терго ярна лерина гIуллакхаш дIахьо дерриге а дуьнен тIехь.
Иштта, вайн республикехь а дуккха а гIоьналлин гIуллакхаш дIадаьхьна бекарг баттахь. Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Къоначу хьажархочун театрехь гIоьналлин гIуллакх вовшахтоьхнера Дуьненаюкъарчу «Цхьатерра таронаш» юкъараллин организацис гIоьналлин «Даймохк-СагIа» фондаца цхьаьна, иштта, царна гIо-накъосталла дира гIоьналлин «Рахьма», «Туба», «Аль-Мансур», «Машар» организацеша а.
И гIуллакх дIадолош Дауна цамгар йолчу беран нанас Маргошвили Симас «Сан яла йиш яц» цIе йолу байт йийшира. Цу тIехь цо дуьйцура шен цомгашчу доьзалхочун ша йоцуш йиш цахиларх лаьцна.
Цул тIаьхьа, заьIапчу бераша вовшахтоьхна концертан программа гайтира. Берийн самукъадаьллера оцу бераша гайтинчу концертах. Цул тIаьхьа «Анфиска и компания» агентствос эшаршца, самукъанечу ловзаршца дIадаьхьира и гIуллакх. Цхьа а бер ца дитира ловзаршкахь дакъа ца лоцуш.
Дуьненаюкъарчу «Цхьатерра таронаш» юкъараллин организацин куьйгалхочо Магомадова ПетIамата баркалла элира гулбеллачарна: «ХIокху чохь долчу берийн наноша хьоьгучу балех, царна тIехь долчу дезачу дукъах кхета вай. Дала йоле дуьллийла шун гIуллакхаш, ишттачу берийн аш Iуналла даран меха дуьнен чохь хIумма а хир дац, Къинхетамечу Дала даккхийдечарех дойла шу! ХIокху гIуллакхехь доккха дакъалаьцначу Нохчийн Республикин культурин министрана Дааев Хож-Бауддина, Къоначу хьажархочун театран директорна Сагаев Мусана, иштта, гIоьналлин организацешна доккха баркалла боху ас».
Вайн лаьтта тIехь хIора 700-гIа бер Дауна цамгар йолуш дуьнен чу долу. И доьзна дац дай-нанойн и тайпа цамгар хилла хиларца. Цхьанна а ца хаьа шайн берана и тайпа цамгар хьакхалур ю яц.
Бусалбанаша йина а ца Iаш, керстачу наха а йо ишттачу берийн леррина терго. Тайп-тайпана цIерш йолуш дуккха а гIоьналлин организацеш ю Россехь а, дозанал арахьа а оцу лазаро лаьцначу берашца болх беш. Цара берийн дегнаш хьаьстина ца Iаш, царна оьшучу молханашца а, церан могашалла Iалашъярехь а доккха дакъалоцу. Цул сов, дуьненна а бевзачу нехан шайн-шайн гIоьналлин фондаш хуьлу. Вайна масал эца хIума ду иза.
АллахIана дезаш а, деза а гIуллакх ду цомгашчу берийн терго яр.
Цигахь дакъалоцуш 80 сов цомгаш бер дара. Официальни дакъа дIадирзинчул тIаьхьа, бераш мерзачу даарех йоьттинчу стоьлашна тIекхайкхира. Цул тIаьхьа хIора берана совгIат дира.
Берийн самукъадаьллера леррина шайна дуьхьа вовшахтоьхначу дезачу дийнах. Цомгашчу берийн вовшашца уьйр тасаелира, хIора а вовшашка цхьацца хоьттуш, дуьйцуш, воьлуш хаалора. Региональни гIоьналлин «Даймохк-СагIа» организацин куьйгалхочо Закриев Хьамзата ма-аллара: «Цомгашчу берийн шарахь цхьа дезде бен цахилар нийса дац. Вайн ницкъ ма кхоччу сих-сиха дIакхехьа деза вай хIокху тайпана гIуллакхаш».
Хь.БАХТАЕВА
№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо