Хьалха-Мартан кIоштахь кхачанан комбинат йийр ю

Хьалха-Мартан кIоштахь «Урус-Мартановский» цIе йолчу кхачанан комбинат дIакъевлина акционерни юкъаралла яр 2025-гIа шаре кхаччалц йолчу ханна «Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиор» Россин Федерацин пачхьалкхан программин регионан подпрограммина юкъахь ду. Карарчу хенахь и проект кхочушъян йола а йина, иза кхочушъярехь федеральни бюджетера гIо а хир ду.

– Комбинатан хьалхара дакъа дан долор ду 2018-чу шеран оханан (апрель) баттахь. Къилбаседа Кавказан агропромышленни комплекс кхиорехь а, цунна модернизаци ярехь а маьIне гIулч ю и проект кхочушъян йолор. Цо таро лур ю регионехь кхачанан сурсатийн кхачо хилийта а, сурсатийн мехаш лахдан а, – элира Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхарчу заместитела, «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци» акционерни юкъараллин директорийн Кхеташонан председатела Байсултанов Одеса.

Проект тIехьажийна ю молуш долу хи а, мерза хиш а, баьпган сурсаташ а арахецарехула йолу Нохчийн Республикин кхачанан промышленность кхиорна. Оцу юкъахь ду кхачанан комбинат болх бан йолаялийтар а, баьпган сурсаташ даттарехула а, алкоголь йоцу хиш а, мерза хиш а арахецарехула а йолу цехаш яр а, чайн таппаш яран а, дIахьарчораш яран цех яр а. Иштта ян лерина консервийн а, сурсаташ шелдеш йолу а цехаш. Шелдеш йолу цех яро аьтто бийр бу гIорийна а, шелдина а долу кхачанан сурсаташ баккхийчу барамашкахь схьаэцарехь.

Предприятин нуьцкъалалла иштта хир ю: кхачанан сурсаташ шарахь – 2 351 300 тонна, баьпган сурсаташ – 0,79 эзар тонна, алкоголь йоцу хиш – 451 300 дал (1 дал – 10 литр), мерза хиш арахецар – 152 000 дал, чайн таппаш а, дIахьарчораш а яр 25,5 тонна хир ду.

Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдуллас дийцарехь, проектан коьртачу Iалашонех цхьаъ ю республикин бахархошна лаккхара дикалла йолчу сурсаташца кхачояр.

– И проект кхочушъяр бахьанехь кхуллур ю 115 белхан меттиг, царах 30 – эвсаралла йолу белхан меттиг хир ю. Проекто таро лур ю дерриге а тIегIанийн бюджеташка кхочуш долу хIора шеран налогийн такхарш лакхадаха. Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиоран пачхьалкхан программин округан бахархойн кхачанан сурсаташца кхачояран декъехь йолчу Iалашонашна а, декхаршна а жоп луш ю проект, цо Нохчийн Республикин агропромышленни комплекс кхио гIо дийр ду. Цунна софинансировани ярна билгалдаьккхина ахча а ду республикин бюджетехь, – бохура Магомадов Iабдуллас.

Проект кхочушъяран гурашкахь иштта цхьадолчу декъана юхаметтахIиттийнера «Урус-Мартановский» кхачанан комбинатан йохийна йолу производственни чоьнаш. Цуьнан буха тIехь кхоьллинера изза цIе йолу дIакъевлина акционерни юкъаралла. И проект йолийна долу «Урус-Мартановский» кхачанан комбинатан дIакъевлинчу акционерни юкъараллин куьйгалла, цуьнан хьалхара дакъа болх бан доладалийтинчул тIаьхьа, комбинатан производство кхин а шоръян дагахь ду.

– ТIедогIучу шарахь, комбинатан хьалхара дакъа болх бан доладеллачул тIаьхьа, тхо сурсаташ арахецар дIадоло дагахь ду – бепиг а, баьпган сурсаташ а, алкоголь йоцу хиш а, мерза хиш а, чайн таппаш яр а. Иштта болх бан йолалур ю шелдаран цех а. Царах хуьлучу пайдане хьаьжжина, кхидIа а болх шорбийр бу. Йийр ю кондитерски а, йоьхьан а сурсаташ арахецаран а, стоьмех а, хасстоьмех а гIуллакхдаран а цехаш.

ВорхI шарна лерина проект ю иза, – дийцира «Урус-Мартановский» кхачанан комбинатан дIакъевлинчу акционерни юкъараллин коьртачу директора Гаургаев Тамазис.

Цо дийцарехь, комбинатан хьалхара дакъа болх бан доладалийтаро Нохчийн Республикин 10-нна тIера 20 проценте кхаччалц болчу бахархошна лаккхара дикалла йолчу сурсаташца кхачойийр ю.

I.МУРТАЗОВ

№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: