Ненан мотт, хьоьца ю ерриге а марзо

Азаллехь Дала синош кхуллуш, халкъаш къестош, нохчийн къомана совгIатана белла вайн ненан мотт.

Снимок1

Доьзалш оьздангаллин ойланехь кхетош-кхиорехь, тахана а вайн дахарехь уггаре а йоккха меттиг дIалоцу цо.

Лаа аьлла дац эвлаяа СухIайп-Моллас: «Iаьрбийн мотт Iамабелаш – ийманан мотт бу шуна иза; оьрсийн мотт хаалаш – шайх хила доллург хIун ду хуур ду шуна; ингалсан мотт Iамабелаш – бахаман мотт бу шуна иза; нохчийн мотт ларалаш – ненан мотт, гIиллакхан мотт бу шуна иза». Цундела вайн къона тIаьхье нийсачу новкъайоккхуш, церан ойланаш серлайохуш доккха дакъа лоцу цо.

Советийн заманахь нохчийн маттана терго кIезиг йора, цуьнца дуьстича, тахана боккха тидам бо цуьнан.

Вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана шен Указ юкъадаккхарца 2007-чу шарахь дуьйна а даздеш ду «Ненан меттан де». Кху шарахь итт шо кхочу иза билгалдоккхуш долу.

Доккха маьIна ду, цо шен терго ненан маттана тIеерзор, хIунда аьлча, шен маттаций, гIиллакх-оьздангаллиций бен нислур яц къоман тIаьхье нийсачу новкъа. И къона тIаьхье ма ю вайн мехкан кхане.

Ала луур дара, нохчийн мотт а, цуьнан культура а кегийрхошна марзъеш, цаьрга болу безам алсамбоккхуш доккха дакъалаьцна Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала. Ша коьртехь а волуш, цо схьайоьллу нохчийн меттан сайт, «Нохчийн мотт — urok95». И арахоьцуш доккха дакъалаьцна нохчийн меттан тоьллачу хьехархоша. Карарчу хенахь а хьехархошна гIо-накъосталла до оцу сайто. Вайн махкахь пайдаэцна а ца Iаш, Iаламат мехала совгIат ду иза дозанал арахьа бехачу вайн махкахошна а. Нохчийн халкъан гIиллакхаш, Iадаташ дезаш болчаьрца зIе хилла лаьттар ю иза. Тахана а оцу сайтехь беш болу болх юкъах ца боккхуш къахьоьгу нохчийн меттан хьехархоша, шайн куьйгаллехь Сусуев Расул а волуш.

Сан дехар дара вайн ненан меттан хьехархошка, оцу сайте дIаязвалар, цуьнца долу гергарло чIагIдеш, цунах пайдаэцар.

Сайн къамел дерзош ала луур дара: Дала аьтто бойла шен мотт а, халкъ а, культура а езаш, цаьрца долу гергарлонаш чIагIдеш болчеран, дебочеран!

ХАСАРОВ РАМЗАН,

Соьлжа-ГIалин №54 йолчу юккъерчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: