ХIокху деношкахь Нохчийн къоман музейхь схьабиллира М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театран актеран, шаржашъяхкархочун Исламгириев Аптин белхийн «Смехотерапия» гайтам. Цигахь дакъалецира Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин аллейн мемориальни комплексан директоран хьалхарчу заместитела Ахматов Висанпашас, Нохчийн Республикин халкъан артиста Исраилов Хожа-Бауддис, Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Темишев Султана, Аптин гергарчара а, цуьнан белхан накъосташа а.
Исраилов Хожа-Бауддис билгалдаьккхира Апти похIма долуш а, къахьега лууш а хилар.
– Къона велахь а, Аптис ша хьуьнаре актер санна гайтина. Ткъа тIаьхьарчу хенахь шаржашъяхкархо санна вовзийтина цо. Муьлхха а хIума сиха Iемаш а, ша юьхьарлаьцначу новкъахь къахьоьгур долуш а ву Апти. Вайн махкахь шаржашъяхкар даьржина цахиларна, хазахеташ ду оцу агIор Апти къахьега волавелла. ХIара таханлерниг кхоалгIа гайтам бу цуьнан. Иза шаржашъяхка волавелла дукха хан цахиларе хьаьжча, иза кхиам бу, – бохура цо.
Аптих а, цуьнан белхех а лаьцна иштта элира Темишев Султана: – Театрехь ас Аптица цхьаьна болх бен 10 шо хан ю. Актеран болх атта боццушехь, шаржашъяхкарна тIехь къахьега а хан карайо цунна. Шаржашкахь забарца бакъдерг гойту цо. Ткъа иза массарна а пайдехь ду: кегийчарна а, баккхийчарна а. Къаьсттина мехала ду ша ехкинчу шаржаш тIехь цо йоза нохчийн маттахь яздеш хилар.
Хьовсархойн таро хилира Аптин белхех бIаьргтоха а, церан хьокъехь шайн кхолладелла хаттарш авторе дан а. Оцу гайтамехь хьовсархойн кхиэле йиллинарг 50 сов шарж яра. Гайтам вовшахтухуш а, иза схьабоьллуш а дакъа мел лаьцначарна баркалла элира шаржашъяхкархочо.
– Суна дозалла ду тахана сан белхашка шу хьовса даьхкина хилар. Къаьсттина хазахета сан хIора а гайтамехь керла адамаш сайна гича. Наха сайн белхаш къобалбеш хилар хиъча царна тIехь кхин а алссам къахьега волавелла со. ХIора а шаржа тIехь нохчийн забар ялоран Iалашо ю кегийрхошна забарца бакъдерг дIадовзийта лаар, – элира Аптис.
«Смехотерапия» гайтам 2017-чу шеран хIутосург (май) беттан 1-ра де кхаччалц лаьттар бу.
З.ЛОРСАНОВА
№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо