Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалин медицинин колледжан студенташа дакъалецира «Человеческий фактор» проектехь. Цигахь царна хьийхира гIо оьшуш меттигаш нисъеллачохь дан дезарг.
Оцу проектан гурашкахь Ставрополан крайрчу Лермонтовн гIалахь кегийрхошна шина дийнахь хьийхира медицинин а, психологин а декъехула гIо даран кепаш. Россин МЧС-н психологически экстренни гIо даран туьшан куьйгалло дIадаьхьира и гIуллакх. Медицинин декъехула гIо дина а ца Iаш, нахана оьшшучохь психологин декъехула а гIо дан Iамийра студенташна. Еккъа теори яцара студенташна хьехнарг. Царна мел хьоьхуш дерг практикехь а гойтура. Масала, масех стага шаьш цхьана халачу хьолехь нисделла сурт хIоттадора, ткъа студенташ царна гIо дан хьовсура. Шайна гуш дерг баккъал а долуш санна, шайна мел хуург дага а лоцуш, шайн хьуьнарш гойтура студенташа.
– «Человеческий фактор» проекто вайн студенташна дикачу агIор тIеIаткъам бина хиларх тешна ву со. Бохам тIехIоьттинчохь, медицинин гIо оьшучохь цхьа кIеззиг долчо а адам даларх кIелхьардоккхуш меттигаш нисло. Цундела студенташна иштта пайдехьчу тренингехь дакъалацар чIогIа мехала гIуллакх ду. Оцу проектехь дакъалацаро вайн студенташна шаьш хаьржинчу медицинин хьаьрмахь дуккха а керланиг довзийтина, – бохура Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин психолог-инспектора Алихажиев Аслана.
З.ХАСИЕВА
№27, пIераска, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2017 шо